Бусалба стеган гIап Къуръан тIехь а, Суннатехь а долу зикр (Нохчийн маттахь)

 

 

 

Бусалба стеган гIап

Къуръан тIехь а, Суннатехь а долу зикр

(Нохчийн маттахь)

 

 

حصن المسلم من أذكار الكتاب و السنة

 

         

Жайна кечдинарг ву:

Шейх СаIид ибн Iалий ибн ВахIф Ал-къахьтIаний

 

 

Жайна гочдинарг ву:

Адама Султана Олхазар

 

 

 

 

 

 

 

 

 

1432 – 2011 шш.

 

 

 

 

 

Чулацам

 

Дела хьахоран дозалла. 8

1.Набарха самаваьлчи деш  долу зикр. 10

2. Духар тIедухуш деш долу доIа. 13

3.Керла духар тIедухуш деш долу доIа. 13

4. Керла духар доьхначунна деш долу доIа. 14

5. Шен духар охьадуьллуш олуш дерг. 14

6. Нишка воьдуш деш долу доIа. 14

7. Нишкара ара ваьлча деш долу доIа. 15

8. Ламаз эца волавалале олуш дерг. 15

9. Ламаз эцна ваьлча деш долу зикр. 15

10. ХIусамера ара волуш деш долу доIа. 16

11. ХIусам чу волуш деш долу зикр. 17

12. Маьждиге воьдуш деш долу доIа. 17

13. Маьждиг чуволуш деш долу доIа. 18

14. Маьждиг чура ара волуш деш долу доIа. 18

15. Азан деш (молла кхойкхуш) хезча деш долу зикр. 19

16. Ламаз дIадихкинчул тIаьхьа деш долу доIанаш. 20

17. РукуIехь деш долу доIа. 24

18. РукуIера хьалатаьIча деш долу доIа. 25

19. Сужудехь деш долу доIа. 26

20. Шина сужуд юккъехь охьахиъ ча деш долу доIа. 28

21. Къуръан доьшуш сужуд деш сужудехь деш долу доIа. 29

22.. ТашаххIуд (Аттахьиййат). 29

23. ТашаххIудал тIаьхьа дуьллуш долу салават. 30

24. ШолгIа ташаххIуд дешначул тIаьхьа, салам далале деш долу доIа. 31

25. Ламазехь салам деллачул тIаьхьа доьшуш долу зикр (тасбихь). 36

26. Цхьа гIулллакх дале, ша оцу гIуллакхах дикчунна тIенисвар доьхуш деш долчу ламазехь дан деза доIа. 40

27. Iуьйранна а, суьйранна а доьшуш долу зикр. 41

28. ДIавуьжуш деш долу зикр. 50

29.Буьйсанна вижинчара сама а ваьлла, ха хорцуш доьшуш долу зикр. 56

30. Буьйсанна кхеравелла самаваьлча а, набарха кхералуш волчо а деш долу доIа. 56

31. Дика гIан гинчо, йа вон гIан гинчо дан дезарг. 57

32. Витр ламазехь деш долу къунут-доIа. 57

33. Витр ламазехь салам деллачул тIаьхьа деш долу доIа. 59

34. Сагатдаран а, гIайгIане хиларан а доIа. 59

35. Шегахь гIайгIа-бала болчо деш долу доIа. 60

36. МостагIчунна, а зуламе волчу паччахьана а доьхьал кхетча деш долу доIа. 61

37. Паччахьан зуламах кхоьруш волчо деш долу доIа. 62

38. МостагIчунна доьхьал деш долу доIа. 63

39. Шен цхьана адамех кхерам хилча деш долу доIа. 63

40. Шен Ийманехь шеконаш кхоллалучо дан деза доIа. 63

41. Шена тIехь декхар долчо деш долу доIа. 64

42. Ламаз тIехь а, Къуръан доьшуш волуш а вон ойланаш дагаяьхкинчо деш долу доIа. 65

43. Шена цхьа гIуллакх дазделлачо а, йа иза дар халахеташ волчо а деш долу доIа. 65

44. Къа латийначо дан дезарг а,  ала дезарг а. 65

45. ШайтIа а, цуьнан вон ойланаш а гена йохуш долу доIа. 66

46. Ша реза воцу хIума хилча, йа шена луург ца хилча деш долу доIа. 66

47. Керла бер динчу дена деш долу доIа а, цо доьхьал олуш дерг а. 66

48. Бераш лардар доьхуш деш долу доIа. 67

49. Цомгаш верг волча ваханчо цунна деш долу доIа. 67

50. Цомгаш верг волча вахаран дозалла. 68

51. Ша дийна ца виса мега аьлла хеташ волчу цомгаш стага деш долу доIа. 68

52. Леш волчо тIаьххьара ала деза дош. 69

53. Цхьа бала, я бохам тIебеанчо дан деза доIа. 69

54. Веллачу стеган ши бIаьрг дIакъовлуш деш долу доIа. 70

55. Докъа ламаз деш дан деза доIа. 70

56. Берана тIехь докъу ламаз деш дан деза доIа. 73

57. Тезетахь деш долу доIа. 74

58. Велларг каш чу вуьллуш деш долу доIа. 74

59. Велларг дIавоьллинчул тIаьхьа деш долу доIа. 75

60. Кешнашка зерате вахча деш долу доIа. 75

61. Мох баьлча деш долу доIа. 75

62. Стигал къевкъича деш долу доIа. 76

63. ДогIа дехаран доIанаш. 76

64. ДогIа догIуш гича деш долу доIа. 77

65. ДогIа деанчул тIаьхьа деш долу зикр. 77

66. Стигал мархех цIан яр доьхуш деш долу доIа. 77

67. Бутт гича деш долу доIа. 78

68. Суьйранна марха достуш деш долу доIа. 78

69. Яа хIума яале деш долу доIа. 79

70. Яа хIума йиъна ваьлча деш долу доIа. 79

71. Хьешо, шена яа хIума елла волчу хIусамдена деш долу доIа. 80

72.Шена хи деллачунна деш долу доIа, я шега хи дехначо деш долу доIа. 80

73. Шега марха дастийтинчарна деш долу доIа. 81

74. Шена хьалха яа хIума йиллича, марха долчо дан дезарг. 81

75. Марха долчо, шега цхьамма вониг аьлча ала дезаш дерг. 81

76. Доьххьара стом кхоллалучу хенахь шена стом гинчо деш долу доIа. 81

77. Хьоршам тоьхча дан деза доIа. 82

78. Нагахь санна керста стага хьоршам а тоьхна, Далла хастам бахь, цуьнга ала дезаш дерг. 82

79. Зуда ялийначунна деш долу доIа. 83

80. Зуда ялийначо, йа говр, йа эмкал эцначо деш долу доIа. 83

81. Шен  хIусамненаца  гIулкх хилале хьалха дан деза доIа. 84

82. ОьгIаз вахча дан деза доIа. 84

83. Цхьа бала болуш верг шена гинчо деш долу доIа. 84

84. Цхьанхьа ша хиина Iаш велахь дан деза доIа. 84

85. Мажлисехь дийлинчу хIуманашна долу каффарат. 85

86. Шега «Дала гечдойла хьуна» аьллачунна деш долу доIа. 85

87. Хьайна цхьа дика динчунна дан деза доIа. 85

88. Дала шайца Даджалах лар веш долу хIумнаш. 86

89. Шега цхьамма «Суна Дела доьхьа дукха веза хьо» аьллачунна деш долу доIа. 86

90. Шена даьхни кховдийначунна, а шена ахча кховдийначунна деш долу доIа. 86

91. Ша декхар духадерзош, шега декхар деллачунна деш долу доIа. 87

92. АллахIаца накъост варх кхоьруш волчо дан деза доIа. 87

93. Шега «Дала беркат дойла хьох» аьллачунна деш долу доIа. 87

94. ХIара вон билгало ю, йа хIара дика ю бохуш долу хIума шена гича, я дага деъча, иза цадезаш деш долу доIа. 88

95. Ша цхьана хIуманна (машенна, кеманна) тIехууш деш долу доIа. 88

96. Новкъа волуш деш долу доIа. 89

97. Юьрта чу воьдуш, я шахьар чу воьдуш деш долу доIа. 90

98. Базар юкъа воьдуш деш долу доIа. 91

99. Ша тIехь дIавоьдуш долчу дийнато хьоршам тоьхча олуш дерг. 91

100. Новкъа волучо буха вуьссучунна деш долу доIа. 91

101. ЦIахь вуьссуш волчо новкъа волучунна деш долу доIа. 92

102. Новкъа воьдуш волуш тасбихь дар а, такбир дар а. 92

103. Новкъа воьдуш волчо Iуьйкъанна деш долу доIа. 93

104. Цхьана хIусаме воьссинчо дан деза доIа, ша новкъа ваьлла волуш делахь а, я вуьшта делахь а. 93

105. Цхьанхьа ваханчара цIавеанчо деш долу доIа. 93

106. Шена хазахеташ долу хIума, я шена халахеташ долу хIума шега кхаьчначо ала дезарг. 94

107. Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дилларан дозалла. 94

108. Салам далар даржо дезар. 95

109. Керста стага шега салам делча, цунна юха дала дезан жоп. 96

110. НIаьна (боргIал) кхойкхуш хезча, я вир Iехаш хезча деш долу доIа. 97

111. Буьйсанна жIаьлеш уьгIча, я летча дан деза доIа. 97

112. Айхьа цхьанна вониг аьллехь, цунна дан деза доIа. 97

113. Бусалба стаг хастош хилча ала дезарг. 97

114. Шена цхьамма диканиг олуш хезначо ала дезаш дерг. 98

115. Хьаж деш а, Iумрат деш а дан дезаш долу «Талбийат» (Лаббайк). 98

116. ТIаваф деш волуш, Iаьржа тIулг болчу агIон тIе кхаьчча такбир дан дезар. 99

117. Йамaний цIе йолчу агIонна а, Iаьржа тIулг болчу агIонна а юккъахь деша дезаш дерг. 99

118. Сафа а, Марва а цIе йолчу шина лома тIехь деш долу доIа. 99

119. Iарафатехь деш долу доIа. ( 9 Зул-ХьиджжахI). 100

120. Муздалифатехь МашIарул-Хьарам олучу меттехь деш долу зикр. 101

121. ТIулгаш кхуьйсучу хенахь, хIора тIулг кхуссуш дан деза такбир. 101

122. Цецваьлча, а хазахетча деш долу доIа. 102

123. Шена хазахеташ долу хIума шега кхаьчначо дан дезарг. 102

124. Шен дегIехь цхьа лазар хааделлачо деш долу доIа. 102

125. Ша цхьанна бIаьрг хилийтарх кхоьруш волчо дан деза доIа. 103

126. ЧIогIа кхерам болчу хенахь олуш дерг. 103

127. ГIурба дуьйш, я вуьшта дийнатана урс хьокхуш а деш долу доIа. 103

128. Вочу жинийн мекарло юха тохар доьхуш дан деза доIа. 104

129. Гечдар дехар а, тоба дар а. 104

130.Тасбихь дар а, Далла хастам бар а, «ЛаилахIа иллаллахI» алар а, такбир дар а. 106

131. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – муха деш хилла тасбихь?  110

132. Шортта диканаш а, дика гIиллакхаш а дуьйцуш долу хьадис. 110

 

 

Бисмиллахиррохьманиррохьим

 

Жайна яздинчун дешхьалхе

 

(Зикр а, доIа а, рукъйатца дарба лелор а, Къуръан тIера а, Суннатера а схьаэцна долу) – аьлла цIе йолчу

жайни тIера дацдина. Цу жайни юккъара зикрах лаьцна долу дакъа дацдина схьадаьккхира ас, лело атта хилийта.

Ас зикран дешнаш бен ца даладо кхузахь, и зикр стенгахь деана ду дуьйцуш долу цхьаъ, я шиъ бен жайна а

ца хьаха до. Ткъа нагахь санна хьуна и зикр дуьйцуш долу хьадис дийцина асхьаб вовза лаахь, я иза стенгахь ду хаа лаахь, хьо хьажа хIокху жайнин бухе (лекхахь хьахийна долчу жайни тIе). Ас АллахIе доьху, Цуьнан хазчу цIерашца, Цуьнан лекхачу сифаташца, Цо хIара жайна Шен доьхьа дар, хIокхуьнах суна сан дахарехь а, со веллачул тIаьхьа а пайда бар. Иштта хIара жайна дешначунна а, я зорбатоьхначунна, я хIара арахоьцуш дакъалаьцначунна а хIокхуьнах пайда бар доьху ас АллахIе. Баккъалла а АллахI – Сийлахь-ЦIена ву Иза – цу тIехь ницкъ кхочуш верг а, цунна гIо ден верг а ву.  Делера салават а, салам а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна, цуьнан охIлунна а, асхьабашна а, цIенчу даггара къемат де кхаччалц царна  тIаьхьабаьзначарна а.   СаIид ибн Iалий ибн ВахIф АлкъахьтIанийй.

 

Сафар бутт, 1409 шо.

 

 

 

 

Дела хьахоран дозалла.

 

„Ткъа аш хьаха ве Со, Ас шу хьахор ду (тIаккха), Суна шукр а де, Соьца керстаналла а ма де.“  [Сурат

«Албакъарат» 152 аят].

 

„ХIай АллахIах тешна дерш! АллахI хьаха ве, дуккха хьахорца“ [Сурат «Алъахьзаб» 41 аят].

 

„(Баккъалла а) АллахI дукха хьехош болу божарий а, зударий а – царна АллахIа гечдар а, боккха мел (ялсамане)  а кечдина“ [Сурат «Алъахьзаб» 35 аят].

 

„Ахь хьаха ве хьайн Дела хьайн дагахь, (Цунна) муьтIахь а волуш, (Цунах) кхера а кхоьруш; дош чIогIа ай ца деш (юккъерачу озаца), Iуьйранна а, суьйранна а; гIопул болчарах а ма хила (Дела хьахийча а, ца хьахийча а бен доцуш болчарах)“ [Сурат «АлъаIраф» 205 аят].

 

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Шен Дела хьахош верг а, ца хьахош верг а тера ву дийна а, велла а волчу шина стагах». Бухарис а, Муслима а дийцина ду хIара хьадис, ткъа Муслима дийцинарг иштта дешнаш долуш ду: «Шена чохь Дела хьахош долу цIа а, шена чохь Дела ца хьахош долу цIа а тера ду – елла а, дийна а йолчу шина хIумнах».

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – : «Ас йовзийта шуна, шун Iамалшна юкъара уггар диканиг, шун Далла гергахь уггар цIенниг, даржехь уггар

лекханиг, деши а, дети а луш доккхучу сагIанал гIолениг, шайн мостагI ган а гина, цуьнан яьIни тIе аш хIума тохарал а, цо шун яьIни тIе хIума тохарал1

 а диканиг»? Асхьабаша – Дела реза хуьлда царна – аьлла: «ХIаъ, дийцахьа тхуна иза». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Сийлахь Лекха АллахI хьахор ду шуна иза». [Тирмизи, Ибн МаджахI].

 

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Лекхачу АллахIа бах:Со ницкъ кхочуш ву Сан лайна Соьга шех далур ду аьлла хеташ долу хIума дан2

. Нагахь санна цо Со шен дагахь хьаха вахь Ас иза а хьахор ву, ткъа цо Со юкъараллехь хьаха вахь Ас иза цул дикачу юкъараллехь хьахор ву, ткъа иза Суна цхьа ша герга вагIахь, Со цунна цхьа дол герга вогIур ву, ткъа иза Суна цхьа дол герга вагIахь Со цунна кхин а герга хир ву, ткъа иза волвелла Суна герга вагIахь Со цунна сихонца герга гIур ву”». [Бухарий, Муслим].

 

Юсра кIанта IабдуллахIа дийцина, цхьана стага элира аьлла: «ХIай Делан Элча! Исламан Iибадаташ дукха

ду, ас даим лелор долу хIума дийцахьа суна». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла тIаккха: «АллахI хьехош, хьайн багара мотт даим тIеда хилийта» [Тирмизий, Ибн МаджахI].

 

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Делан Жайни (Къуръан) тIера цхьа хьарф (элп) дешначунна цуьнца цхьа дика (мел) хир ду, и цхьаъ итт санна а хир ду. Ас ца бах ЧАлиф Лам МимO цхьа элп ду, муххале а, Алиф элп ду, Лам а элп ду, Мим а элп ду» [Тирмизий, Сахьихьул ДжамиIиссагIийр].

 

Iамира кIанта Iукъбата аьлла: «Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аравелира тхо Суффат3

чохь а долуш, тIаккха цо элира: “Шух муьлхачунна лаьа, хIора Iуьйранна БутIхьане, я Iакъикъе

  воьдуш, шена ши эмкал ялош юха ван, цхьа а къа а ца латош?” ТIаккха оха элира: “ХIай Делан Элча! Тхуна массарна а лаьа иза”. Цо элира тIаккха: “Делахь шу Iуьйранна маьждиге а дахана, аш шайна Iилма Iамор, я Сийлахь а, Лекха а волчу Делан Жайни тIера ши аят дешар гIоли а, дика а ду шуна йиъ эмкалел, иштта кхин а оццул аяташ дешар гIоли ду шуна кхин а оццул эмкалел а”». [Муслим].

 

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Шух цхьаъ цхьанхьа охьахиъча, цо цигахь Дела ца хьахавахь, Далла гергахь эшам хили цунна. Нагахь санна шух цхьаъ дIавижча, цо дIавуьжуш Дела ца хьахавахь, Далла гергахь эшам хили цунна» [Абу Давуд]. 

 

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Цхьа а нах охьаховшур бац, шаьш хоьвшинчахь Дела а ца хьахош, шайн Пайхамарна салават а ца дуьллуш, АллахIана гергахь царна эшам хилла бен, Шена лаахь Iазап дийр ду Цо царна, Шена лаахь гечдийр ду Цо царна» [Тирмизий].

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Цхьа а нах цхьана мажлисера (хоьвшина Iийначу меттера) Дела а ца хьахош хьалагIовттур бац, еллачу вир тIера гIовттуш санна бен,(къемат дийнахь) уьш дохкобоьвлла а бен» [Абу Давуд, Ахьмад, Сахьихьул ДжамиIиссагIийр].

 

1.Набарха самаваьлчи деш  долу зикр.

 

الحَمْـدُ لِلّهِ الّذي أَحْـيانا بَعْـدَ ما أَماتَـنا وَإليه النُّـشور

 

(1)

 

«Алхьамду лиллaхIиллазu ахьйaнa баIда мa амaтанa ва илайхIиннушyр».  «Хастам бу АллахIана, вай деллачул тIаьхьа  дендина волчу, Цуьнга доьрзур долуш а ду вай».

 

 

لا إلهَ إلاّ اللّهُ وَحْـدَهُ لا شَـريكَ له، لهُ المُلـكُ ولهُ الحَمـد، وهوَ على كلّ شيءٍ قدير، سُـبْحانَ اللهِ، والحمْـدُ لله ، ولا إلهَ إلاّ اللهُ واللهُ أكبَر، وَلا حَولَ وَلا قوّة إلاّ باللّهِ العليّ العظيم , رَبِّ اغْفرْ لي

 

(2)

 

» ЛaилaхIа иллаллaхIу вахьдахIу лa шарuка лахIу, лахIул мулку, ва лахIул хьамду, ва хIува Iалa кулли шайъин къадuр. СубхьаналлoхIи, валхьамду лиллaхIи, ва лaилaхIа иллаллaхIу, валлoхIу акбар, ва лa хьавла ва лa къуввата иллa биллaхIил Iалиййил Iазuм, роббигIфир лu«.

«АллахI воцург кхин Дела вац, Цхьаъ ву Иза, Цуьнан накъост а вац. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу.  Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву. ЦIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин Дела а вац, Воккха а ву АллахI массо хIумнал. Лекхачу, Воккхачу АллахIаца бен ницкъ а бац, гIора а дац. Сан Дела суна гечде Ахь

 

الحمدُ للهِ الذي عافاني في جَسَدي وَرَدّ عَليّ روحي وَأَذِنَ لي بِذِكْرِه

 (3)

 

» Алхьамду лиллaхIиллазu Iaфaнu фu жасадu, ва радда Iалаййа рyхьu ва азина лu бизикрихI«. «Хастам бу АллахIана, сан дегIан могшалла суна юха елла волчу, сан са а суна духа делла волчу, Ша хьахо суна пурба а делла волчу»

 

(4)

«Инна фu халкъиссамaвaти вал арди вахтилaфиллайли ваннахIaри лаaйaтин лиулил албaб. Аллазuна йазкурyналлoхIа къийaмавва къуIyдан ва Iалa жунyбихIим, ва йатафаккарyна фu халкъиссамaвaти вал арди, роббанa мa халакъта хIaзa бaтIилан субхьaнака факъинa Iазaбаннaри.

Роббанa иннака ман тудхилиннaра факъад ахзайтахIу ва мa лиззoлимuна мин ансoр. Роббанa иннанa самиIнa мунaдийан йунaдu лилъuмaни ан aминy бироббикум фаaманнa, фагIфир ланa зунyбанa ва каффир Iаннa саййиaтинa ва таваффанa маIал абрoр. Роббанa ва aтинa мa ваIадтанa Iалa русулика ва лa тухзинa йавмал къийaмати иннака лa тухлифул мuIaд. Фастажaба лахIум роббухIум аннu лa удuIу Iамала Iaмилимминкум мин закарин ав унсa, баIдукум мимбаIд, фаллазuна хIaжарy ва ухрижy мин дийaрихIим ва yзy фu сабuлu ва къoталy ва къутилy лаукаффиронна IанхIум саййиaтихIим ва лаудхиланнахIум жаннaтин тажрu мин тахьтихIал анхIaру, савaбан мин IиндиллaхIи, валлoхIу IиндахIу хьуснуссавaб. Лa йагIурроннака такъоллубуллазuна кафарy фил билaди. МатaIун къолuлун сумма маъвaхIум жахIаннаму ва биъсал михIaд. Лaкиниллазuнаттакъов роббахIум лахIум жаннaтун тажрu мин тахьтихIал анхIaру хoлидuна фuхIа, нузуламмин IиндиллaхIи ва мa IиндаллoхIи хойруллил абрoр. Ва инна мин ахIлил китaби ламаййуъмину биллaхIи ва мa унзила илайкум ва мa унзила илайхIим, хoшиIuна лиллaхIи лa йаштарyна биaйaтиллaхIи саманан къолuлан, улaика лахIум ажрухIум Iинда роббихIим, инналлoхIа сарuIул хьисaб. Йa аййухIаллазuна aманусбирy ва сoбирy ва рoбитIy, ваттакъуллoхIа лаIаллакум таттакъyн».

 

„Баккъалла а, стигланаш а, латта а кхолларехь а, буьйса а, де а хийцадаларехь а, билгалонаш ю хьекъал долчарна. АллахI хьехош болчарна, ирахь болуш а, охьахевшина болуш а, шайн агIонаш тIехь (бийшина) болуш а; ойла еш болчарна, стигланаш а, латта а кхолларна тIехь, (шаьш олуш:) “ХIай тхан Дела, эрна ца кхоьллина-кх Ахь хIара (Iалам), ЦIена вукх Хьо (тхан Дела), цIеран Iазапах лар де Ахь тхо. Тхан Дела! Ахь цIерга вигнарг – бакъдолуш, цуьнан сий дайъина-кх Ахь; ткъа зуламхошна гIоьнчий а хир бац (къемат дийнахь). Тхан Дела! Тхуна кхайкхархо хезира Иймане кхойкхуш: “Теша шайн Делах” – бохуш, тIаккха тхо тийшира (Хьох), тхан Дела, гечдехьа тхуна тхан къиношна, къайла яхахь тхан вон Iамалш, дикачу нахана юккъахь далар а нис дехьа тхан. Тхан Дела! Хьайн элчанашна Айхьа ваIда динарг а ло Ахь тхуна, къемат дийнахь тхан сий а мадайъа Ахь, баккъалла а, (Хьайн) ваIд йоха ца йо-кх Ахь”. ТIаккха царна жоп делира церан Дала: “Баккъалла а, Ас йойъур яц аш йина Iамал, стага йинехь а, зудчо йинехь а, шу массо цхьатера ду (мел хиларехь), амма хIижрат динарш, шайн хIусамашкара арабаьхна берш, Сан некъахь халонаш лайнарш а, шаьш тIом бинарш а, (тIом беш) дIакхелхинарш а – бакъдолуш, Ас дIацIанйийр ю церах церан вон Iамалш, Ас уьш буьгур а бу шайна кIелхула татолаш лелачу бошмашка (ялсамани чу), АллахIера совгIат (ду иза царна), АллахIехь ма ду уггар хаза, дика совгIат (мел)”. Хьо хьега ма хьегалахь (хIай Мухьаммад), керста нах кху шахьаршкахь каде хиларх (церан даьхни, дахар сов хиларх). КIеззиг долу даьхни ду иза, тIаккха церан боьрзу меттиг жоьжахате ю, ма вон цIа а, мотт а бу-кх иза. Амма шайн Делах кхийринарш – царна бошмаш ю, шайна кIелхула татолаш лелаш долуш, даиманна царна чохь хир бу уьш, АллахIа (Шен дика лайш) тIелацар (иштта ду); ткъа дикачу нахана гIоли а, дика а ду АллахIехь дерг. Бакъдолуш, Жайнин охIлунах

1

бу АллахIах тешаш берш, шуна тIедоссийначу (Къуръанах) а, шайна тIедоссийначух а тешаш берш, эсала муьтIахь болуш АллахIана, (шайгахь долу) АллахIан аяташ дуьненан кIеззигчу мехах ца духку цара; царна церан мел бу церан Делехь; баккъалла а, АллахI сиха хьесап деш ву. ХIай Ийман диллинарш! Собаре хила, (шайн мостагIел чIогIа) собар долуш (цаьрца собар къуьйсуш) а хила, гIарол а де, АллахIах кхера а кхера, тIаккха декъал хила мега шу“ [Сурат «АлIимран» 190-200 аяташ].

2. Духар тIедухуш деш долу доIа.

 

الحمدُ للهِ الّذي كَساني هذا (الثّوب) وَرَزَقَنيه مِنْ غَـيـْرِ حَولٍ مِنّي وَلا قـوّة

(5)    «Алхьамду лиллaхIиллазu касaнu хIaзассавба ва разакъанuхIи мин гIайри хьавлин миннu ва лa къувватин».

«АллахIана хастам бу, суна тIе хIара духар доьхна волчу, соьгара цхьа гIора а, ницкъ а боцуш суна хIара духар делла волчу».

3.Керла духар тIедухуш деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ لَـكَ الحَـمْـدُ أنْـتَ كَسَـوْتَنيهِ، أَسْأَلُـكَ مِـنْ خَـيرِهِ وَخَـيْرِ مَا صُنِعَ لَـه، وَأَعوذُ بِكَ مِـنْ شَـرِّهِ وَشَـرِّ مـا صُنِعَ لَـهُ

(6)

 

» АллoхIумма лакалхьамду, анта касавтанuхIи, асъалука мин хайрихIu ва хайри мa суниIа лахIу, ва аIyзу бика мин шаррихIu ва шарри мa суниIа лахIу»

«Йа АллахI! Хьуна хастам бу, Ахь дуьйхи суна тIе хIара духар. Ас хIокхун дика доьху Хьоьга, хIара духар дина долчу бахьанин дика а доьху Хьоьга. Со Хьоьца ларло хIокхун вонах, хIара дина долчу бахьанин вонах а».

4. Керла духар доьхначунна деш долу доIа.

تُبْـلي وَيُـخْلِفُ اللهُ تَعَالى

(7)                                                                                                                                             .

» Тублu ва йухлифуллoхIу таIaлa«. «Тиш даллалц лела дойла ахь хIара духар, Лекхачу Дала хIара Тиш делча кхиниг а лойла хьуна»

 

 

 اِلبَـس جَديـداً وَعِـشْ حَمـيداً وَمُـتْ شهيداً

 (8)

 

«Илбас жадuдан ва Iиш хьамuдан ва мут шахIuдан» «Керланиг йоха а йоха, хастам беш ваха а ваха, шахIид волуш (гIаьзотехь) вала а ле»

5. Шен духар охьадуьллуш олуш дерг.

 

بِسْمِ الله

(9)                                                                                                                     «БисмиллaхI« «АллахIан цIарца!»

6. Нишка воьдуш деш долу доIа.

 

بِسْمِ الله ) اللّهُـمَّ إِنِّـي أَعـوذُ بِـكَ مِـنَ الْخُـبْثِ وَالْخَبائِث)

(10)

 

«БисмиллaхI, аллoхIумма иннu аIyзу бика миналхубуси валхабaиси» «АллахIан цIарца. Йа АллахI! Со лар ло Хьоьца массо вочу хIумнах а, боьршачу а, стечу а шайтIанех а»

7. Нишкара ара ваьлча деш долу доIа.

 

غُفْـرانَك

(11)

«ГI уфрoнака» «Гечдехьа суна сан Дела».

8. Ламаз эца волавалале олуш дерг.

 

بِسْمِ الله

(12)

«БисмиллaхI« «АллахIан цIарца».

9. Ламаз эцна ваьлча деш долу зикр.

 

أَشْهَدُ أَنْ لا إِلَـهَ إِلاّ اللهُ وَحْدَهُ لا شَريـكَ لَـهُ وَأَشْهَدُ أَنَّ مُحَمّـداً عَبْـدُهُ وَرَسـولُـه

 

(13)

 

«АшхIаду ан лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIy ва расyлухI«

«Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, накъост вац Цуьнан, Ша цхьаъ ву Иза, иштта ас тешалла до Мухьаммад цуьнан лай а, элча а ву аьлла».

 

 اللّهُـمَّ اجْعَلنـي مِنَ التَّـوّابينَ وَاجْعَـلْني مِنَ المتَطَهّـرين الله أكبر

(14)

 

«АллoхIуммаджIалнu минаттаввaбuна ваджIалнu миналмутатIаххIирuна» «Йа АллахI! Со тоба деш болчарах ве Ахь, цIано еш болчарах а ве Ахь».

سُبْحـانَكَ اللّهُـمَّ وَبِحَمدِك أَشْهَـدُ أَنْ لا إِلهَ إِلاّ أَنْتَ أَسْتَغْفِرُكَ وَأَتوبُ إِلَـيْك

(15)

 

«СубхьaнакаллoхIумма ва бихьамдика, ашхIаду ан лa илaхIа иллa анта, астагIфирука ва атyбу илайка»

«ЦIена ву-кх Хьо йа АллахI, хастам а бу-кх Хьуна. Ас тешалла до Хьо воцург кхин Дела вац аьлла, Хьоьгара гечдар а доьху ас, Хьоьга тоба а до ас».

10. ХIусамера ара волуш деш долу доIа.

 

بِسْمِ اللهِ ، تَوَكَّلْـتُ عَلى اللهِ وَلا حَوْلَ وَلا قُـوَّةَ إِلاّ بِالله

 

(16)

» БисмиллaхIи, таваккалту IалаллoхIи, ва лa хаьвла ва лa къуввата иллa биллaхI» «АллахIан цIарца (ара волу со). АллахIана  тIе болх билли ас. Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера бен. »

 

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَعـوذُ بِكَ أَنْ أَضِـلَّ أَوْ أُضَـل ، أَوْ أَزِلَّ أَوْ أُزَل ، أَوْ أَظْلِـمَ أَوْ أُظْلَـم ، أَوْ أَجْهَلَ أَوْ يُـجْهَلَ عَلَـيّ

 

(17)

 

«АллoхIумма иннu аIyзу бика ан адилла ав удалла, ав азилла, ав узалла, ав азлима, ав узлама, ав ажхIала, ав йужхIала Iалаййа» 

«Йа АллахI! Со Хьоьца ларло тиларх а, со кхечо тилорх а, галваларх а, кхечо со галваккхарх а, ас цхьанна зулам дарх а, суна зулам хиларх а, сонта леларх а, я кхечара соьца сонталла лела ярх а».

11. ХIусам чу волуш деш долу зикр.

 

بِسْـمِ اللهِ وَلَجْنـا، وَبِسْـمِ اللهِ خَـرَجْنـا، وَعَلـى رَبِّنـا تَوَكّلْـنا

(18)

«БисмиллaхIи валажнa, ва бисмиллaхIи харажнa ва Iалa роббинa таваккалнa» «АллахIан цIарца чу а даха вай, АллахIан цIарца ара а доьвли вай, болх вайн Далла АллахIана тIе а биллина

вай».

12. Маьждиге воьдуш деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ اجْعَـلْ فِي قَلْبـي نُوراً ، وَفي لِسَـانِي نُوراً، وَفِي سَمْعِي نُوراً, وَفِي بَصَرِيِ نُوراً, وَمِنْ فََوْقِي نُوراً , وَ مِنْ تَحْتِي نُوراً, وَ عَنْ يَمِينيِ نُوراَ, وعَنْ شِمَالِي نُوراً, وَمْن أَماَمِي نُوراً, وَمِنْ خَلْفيِ نُوراَ, واجْعَلْ فِي نَفْسِي نُوراً, وأَعْظِمْ لِي نُوراً, وَعظِّمْ لِي نُوراً, وَاجْعَلْ لِي نُوراً, واجْعَلنِي نُوراً, أللَّهُمَّ أَعْطِنِي نُوراً, واجْعَلْ فِي عَصَبِي نُوراً, وَفِي لَحْمِي نُوراً, وَفِي دَمِي نُوراً وَفِي شَعْرِي نُوراً, وفِي بَشَرِي نُوراً (أَللَّهُمَّ اجِعَلْ لِي نُوراً فِي قّبْرِي وَ نُوراَ فِي عِظاَمِي) (وَزِدْنِي نُوراً, وَزِدْنِي نُوراَ , وَزِدْنِي نُوراً) وَهَبْ لِي نُوراً عَلَى نُوراً

(19)

» АллoхIуммажIал фu къалбu нyран, ва фu лисaнu нyран, ва фu самIu нyран, ва фu басарu нyран, ва мин фавкъu нyран, ва мин тахьтu нyран, ва Iан йамuнu нyран, ва Iан шимaлu нyран, ва мин амaмu нyран, ва мин халфu нyран, важIал фu нафсu нyран, ва аIзим ли нyран, ва Iаззим лu нyран, важIал лu нyран, важIалнu нyран, АллoхIумма аIтIинu нyран, важIал фu Iасабu нyран, ва фu лахьмu нyран, ва фu дамu нyран, ва фu шаIрu нyран ва фu башарu нyран. АллoхIуммажIал лu нyран фu

къабрu, ва нyран фu Iизoмu, ва зиднu нyран, ва зиднu нyран, ва зиднu нyран, ва хIаб лu нyран Iалa нyрин»

«Йа АллахI! Сан даг чохь нур де Ахь, сан маттаца нур де Ахь, сан хазарца нур де Ахь, сан бIаьрсица нур де Ахь, суна тIехула нур де Ахь, суна лаххула а нур де Ахь, сан аьтту агIор а нур де Ахь, сан аьрру агIор а нур де Ахь, суна хьалха а нур де Ахь, суна тIехьа а нур де Ахь, сан са чохь нур де Ахь, суна нур доккха де Ахь, суна нур кхин а совдаккха Ахь, суна сайна нур де Ахь, сох сайх а нур де Ахь. Йа АллахI! Суна нур ло Ахь, сан пхенаш чохь нур де Ахь, сан жижигца нур де Ахь, сан цIийца нур де Ахь, сан месашца нур де Ахь, сан дегIаца нур де Ахь. Йа АллахI! Суна сан каш чохь нур де Ахь, сан даьIахкашца нур де Ахь. Нур сов даккха Ахь суна, нур сов даккха Ахь суна, нур сов даккха Ахь суна. Нуьрана тIе кхин а нур ло Ахь суна».

13. Маьждиг чуволуш деш долу доIа.

 

أَعوذُ باللهِ العَظيـم وَبِوَجْهِـهِ الكَرِيـم وَسُلْطـانِه القَديـم مِنَ الشّيْـطانِ الرَّجـيم،[ بِسْـمِ الله، وَالصَّلاةُ وَالسَّلامُ عَلى رَسولِ الله]، اللّهُـمَّ افْتَـحْ لي أَبْوابَ رَحْمَتـِك

(20)

«АIyзу биллaхIилIазuми, ва биваджхIихIил карuми, ва султIoнихIилкъадuми минашшайтIoнирражuми. БисмиллaхIи вассолaту вассалaму Iалa расyлиллaхIи. АллoхIуммафтахь лu абвaба рахьматик».

«Воккхачу АллахIаца ларло со, Цуьнан Сийлахьчу юьхьца а ларло со, Цуьнан даим долчу паччахьаллийца а ларло со, къинхетамах генадаьккхина долчу шайтIанах. АллахIан цIарца (чуволу со), къинхетам а, маршалла а хуьлда Делан Элчанна. Йа АллахI! Хьайн къинхетаман  неIарш дIаелла Ахь суна».

1

 

14. Маьждиг чура ара волуш деш долу доIа.

 

بِسمِ الله وَالصّلاةُ وَالسّلامُ عَلى رَسولِ الله، اللّهُـمَّ إِنّـي أَسْأَلُكَ مِـنْ فَضْـلِك، اللّهُـمَّ اعصِمْنـي مِنَ الشَّيْـطانِ الرَّجـيم

 

(21)

«БисмиллaхI, вассолaту вассалaму Iалa расyлиллaхI, аллoхIумма иннu асъалука мин фадлик, аллoхIуммаIсимнu минашшайтIoнирражuм».

«АллахIан цIарца! Къинхетам а, маршалла а хуьлда Делан Элчанна. Йа АллахI ас Хьан къинхетам боьху Хьоьга. Йа АллахI, Айхьа генадаьккхинчу шайтIанах ларве Ахь со».

15. Азан деш (молла кхойкхуш) хезча деш долу зикр.

 

 

(22) Азан деш хезча, и деш волчо ма-аллара цунна тIаьхьара ала деза, «Хьаййа Iалассолaт, хьаййа Iалалфалaхь» аьлча: «Лa хьавла ва лa къуввата иллa биллaхI» ала деза хIоразза. Цуьнан маьIна: «Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера бен» бохург ду.

 

وَأَنا أَشْـهَدُ أَنْ لا إِلـهَ إِلاّ اللهُ وَحْـدَهُ لا شَـريكَ لَـه ، وَأَنَّ محَمّـداً عَبْـدُهُ وَرَسـولُه ، رَضيـتُ بِاللهِ رَبَّاً ، وَبِمُحَمَّـدٍ رَسـولاً وَبِالإِسْلامِ دينَـاً

(23) Азан деш волчо : «АшхIаду ан лaилaхIа иллаллaхI» олуш хезча, иза цуьнца ала а аьлла, хIара кхин а тIе аьлча дика хир ду:

 

«Ва ана ашхIаду ан лa илaхIа иллллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIy ва расyлухI. Родийту биллaхIи роббан, ва бимухьаммадин росyлан ва билъислaми дuнан»

«Ас а до тешалла, цхьа АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, Шеца накъост воцуш волу, Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а ву аьлла. Со реза хили АллахI сайн Дела хиларна, Мухьаммад сайн элча хиларна а, Ислам сайн дин хиларна а».  (24) Азан деш волчунна ша тIаьхьара аьлла ма-ваьлла, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –  салават дуьллур ду,  ТIаккха хIара доIа дийр ду:

 

اللّهُـمَّ رَبَّ هَذِهِ الدّعْـوَةِ التّـامَّة وَالصّلاةِ القَـائِمَة آتِ محَـمَّداً الوَسيـلةَ وَالْفَضـيلَة وَابْعَـثْه مَقـامـاً مَحـموداً الَّذي وَعَـدْتَه [إِنَّـكَ لا تُـخْلِفُ الميـعاد

 

 

(25)

«АллoхIумма робба хIaзихIиддаIватиттaммати, вассолaтилкъoимати, aти Мухьаммаданилвасuлата валфадuлата, вабIасхIу макъoман махьмyдан, аллазu ваIадтахI, иннака лa тухлифул мuIaд»

«Йа АллахI! ХIокху кхачаме долчу кхайкхаран Дела, дечу ламазан Дела, Мухьаммадна “василат”

а, “фадилат” а ло Ахь, Айхьа цунна ваIду йина, лур ю аьлла йолчу хастамечу меттехь гIаттаве Ахь иза. Баккъалла а, Ахь Айхьа йина ваIд йоха ца йо-кх».

 

(26) Азанна а, къаматна а юккъехь шена дезарг дехар дика ду, хIунда аьлча, цу хенахь дина доIа Дала духа тухуш дац.

16. Ламаз дIадихкинчул тIаьхьа деш долу доIанаш.

 

اللّهُـمَّ باعِـدْ بَيـني وَبَيْنَ خَطـايايَ كَما باعَدْتَ بَيْنَ المَشْرِقِ وَالمَغْرِبْ ، اللّهُـمَّ نَقِّنـي مِنْ خَطايايَ كَمـا يُـنَقَّى الثَّـوْبُ الأَبْيَضُ مِنَ الدَّنَسْ ، اللّهُـمَّ اغْسِلْنـي مِنْ خَطايـايَ بِالثَّلـجِ وَالمـاءِ وَالْبَرَدْ

(27)

«АллoхIумма бaIид байнu ва байна хатIaйaйа камa бaIадта байнал машрикъи валмагIриби, аллoхIумма наккъинu мин хатIaйaйа камa йунаккъоссавбул абйаду минадданаси, аллoхIуммагIсилнu мин хатIoйaйа биссалджи, валмaи валбарад»

«Йа АллахI! Сан къинош суна генадаха Ахь, Айхьа малхбале малхбузена генаяккхаре терра. Йа АллахI! Со сан къинойх дIацIан ве Ахь, моданех кIайн коч дIацIанлуш санна. Йа АллахI! Сан къинош суна тIера дIадила Ахь, лайца а, хица а, шаца а».

 

سُبْـحانَكَ اللّهُـمَّ وَبِحَمْـدِكَ وَتَبارَكَ اسْمُـكَ وَتَعـالى جَـدُّكَ وَلا إِلهَ غَيْرُك

(28)

» СубхьaнакаллoхIумма ва бихьамдик, ва табaрокасмук, ва таIaлa джаддук, ва лa илaхIа гIайрук». «ЦIена ву-кх Хьо йа АллахI, хастам а бу Хьуна, Сийлахь ю Хьан цIе, лекха ю Хьан возалла, Хьо воцург кхин

Дела а вац».

وَجَّهـتُ وَجْهِـيَ لِلَّذي فَطَرَ السَّمـواتِ وَالأَرْضَ حَنـيفَاً وَمـا أَنا مِنَ المشْرِكين ، إِنَّ صَلاتـي ، وَنُسُكي ، وَمَحْـيايَ ، وَمَماتـي للهِ رَبِّ العالَمين ، لا شَريـكَ لَهُ وَبِذلكَ أُمِرْتُ وَأَنا مِنَ المسْلِـمين . اللّهُـمَّ أَنْتَ المَلِكُ لا إِلهَ إِلاّ أَنْت ،أَنْتَ رَبِّـي وَأَنـا عَبْـدُك ، ظَلَمْـتُ نَفْسـي وَاعْـتَرَفْتُ بِذَنْبـي فَاغْفِرْ لي ذُنوبي جَميعاً إِنَّـه لا يَغْـفِرُ الذُّنـوبَ إلاّ أَنْت .وَاهْدِنـي لأَحْسَنِ الأَخْلاقِ لا يَهْـدي لأَحْسَـنِها إِلاّ أَنْـت ، وَاصْـرِف عَـنّْي سَيِّئَهـا ، لا يَصْرِفُ عَـنّْي سَيِّئَهـا إِلاّ أَنْـت ، لَبَّـيْكَ وَسَعْـدَيْك ، وَالخَـيْرُ كُلُّـهُ بِيَـدَيْـك ، وَالشَّرُّ لَيْـسَ إِلَـيْك ، أَنا بِكَ وَإِلَيْـك ، تَبـارَكْتَ وَتَعـالَيتَ أَسْتَغْـفِرُكَ وَأَتوبُ إِلَـيك

 (29)

«ВаджжахIту важхIийа лиллазu фатIарассамaвaти валъарда хьанuфан ва мa ана миналмушрикuн. Инна солaтu, ва нусукu, ва махьйaйа ва мамaтu лиллaхIи роббилIaламuна, лa шарuка лахIу, ва бизaлика умирту ва ана миналмуслимuн. АллoхIумма анталмалику, лa илaхIа иллa анта. анта роббu, ва ана Iабдука. Заламту нафсu ваIтарафту бизанбu, фагIфир лu зунyбu джамuIан, иннахIy лa йагIфируззунyба иллa анта, вахIдинu лиахьсанил ахлaкъи, лa йахIдu лиахьсанихIa иллa анта, васриф Iаннu саййиахIa, лa йасрифу Iаннu саййиахIa иллa анта. Лаббайка ва саIдайка, валхайру куллухIy бийадайка, вашшарру лайса илайка, ана бика ва илайка, табaракта ва таIaлайта, астагIфирука ва атyбу илайк»

«Ас ерзий сайн юхь, стигланаш а, латта а кхоьллинчуьнга, со “хьаниф”волуш, со Делаца накъост веш болчарах а вац. Баккъалла а, сан ламаз а, ас урс хьакхар а (гIурба дуьйш), сан дахар а, сан валар а АллахIан доьхьа ду, Iаламийн Эла волчу, накъост вац Цуьнца, иштта хилар суна тIедиллина а ду, со бусалба нахах а ву. Йа АллахI! Хьо Паччахь ву, Хьо воцург кхин Дела а вац, Хьо сан эла ву, со Хьан лай ву, ас сайн сина зулам дина, айса къалаторца ас мукIарло до, гечдехьа суна сан дерриге къиношна, баккъалла а, Хьо воцург кхин цхьа а вац-кх къиношна гечдеш. Со нисвехьа уггар хазчу гIиллакхашна тIе, уггар хазчу гIиллакхашна тIе Ахь бен ца нисво-кх. Церах вон дерш соьгара дIадахахьа, и вон гIиллакхаш Хьоьга бен соьгара дIацадахало-кх. Со муьтIахь ладугIуш ву Хьоьга, Хьуна гIуллакх дарца самукъане а ву со. Дерриг дика Хьан керахь ду, вон хIума Хьоьгара дац, со Хьан лаамца дийна ву, Хьоьга воьрзур волуш а ву. Сийлахь хили Хьо, Лекха хили Хьо. Хьоьгара гечдар доьху ас, Хьоьга тоба а до ас».

 

اللّهُـمَّ رَبَّ جِـبْرائيل ، وَميكـائيل ، وَإِسْـرافيل، فاطِـرَ السَّمواتِ وَالأَرْض ، عالـِمَ الغَيْـبِ وَالشَّهـادَةِ أَنْـتَ تَحْـكمُ بَيْـنَ عِبـادِكَ فيـما كانوا فيهِ يَخْتَلِفـون. اهدِنـي لِمـا اخْتُـلِفَ فيـهِ مِنَ الْحَـقِّ بِإِذْنِك ، إِنَّـكَ تَهْـدي مَنْ تَشـاءُ إِلى صِراطٍ مُسْتَقـيم

(30)

«АллoхIумма робба Джибрauла ва Мuкauла ва Исрoфuла, фaтIироссамaвaти валъарди, IaлималгIойби вашшахIaдати, анта тахькуму байна Iибaдика фuмa кaнy фuхIи йахталифyна. ИхIдинu лимахтулифа фuхIи миналхьаккъи биизника, иннака тахIдu ман ташaу илa сирoтIин мустакъuм».

«Йа АллахI! ХIай Жабраилан а, Минкаилан а, Исрафилан а Дела! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллинарг! Къайлах дерг а, гуш дерг а хууш верг, Хьо ву Хьайн лайшна юккъахь хьукм дийр верг, уьш дIасакъаьстинчу хIуманна тIехь. Нисвехьа со хилпалонашна юккъера нийсачунна тIе, баккъалла а, Хьайна лууш верг нийсачу некъа тIе нисво-кх Ахь».

 

اللهُ أَكْبَـرُ كَبـيرا ، اللهُ أَكْبَـرُ كَبـيرا ، اللهُ أَكْبَـرُ كَبـيرا ، وَالْحَـمْدُ للهِ كَثـيرا ، وَالْحَـمْدُ للهِ كَثـيرا ، وَالْحَـمْدُ للهِ كَثـيرا ، وَسُبْـحانَ اللهِ بكْـرَةً وَأَصيـلا . ( ثَلاثاً ) أَعـوذُ بِاللهِ مِنَ الشَّـيْطانِ مِنْ نَفْخِـهِ وَنَفْـثِهِ وَهَمْـزِه

(31)

«АллaхIу акбару кабuран, АллaхIу акбару кабuран, АллaхIу акбару кабuран, валхьамду лиллaхIи касuран, валхьамду лиллaхIи касuран, валхьамду лиллaхIи касuран, ва субхьaналлoхIи букратан ва асuлан»

«АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву. АллахIана дукха хастам бу, АллахIана дукха хастам бу, АллахIана дукха хастам бу. АллахI Iуьйранна а, суьйранна а Сийлахь ЦIена ву» (хIара лекхахь дерг кхозза доьшур ду, тIаккха хIара лахара доIа доьшур ду).

 

«АIyзу биллaхIи минашшайтIoни: мин нафхихIu, ва нафсихIu, ва хIамзихI« «АллахIаца ларло со шайтIанах: цуьнан кураллех, цуьнан байтех, цуьнан тиларх (Iовдалаллех)».

 

اللّهُـمَّ لَكَ الْحَمْدُ أَنْتَ نـورُ السَّمـواتِ وَالأَرْضِ وَمَنْ فيـهِن ، وَلَكَ الْحَمْدُ أَنْتَ قَـيِّمُ السَّـمواتِ وَالأَرْضِ وَمَنْ فيـهِن ، [وَلَكَ الْحَمْدُ أَنْتَ رَبُّ السَّـمواتِ وَالأَرْضِ وَمَنْ فيـهِن] [وَلَكَ الْحَمْدُ لَكَ مُلْـكُ السَّـمواتِ وَالأَرْضِ وَمَنْ فيـهِن] [وَلَكَ الْحَمْدُ أَنْتَ مَلِـكُ السَّـمواتِ وَالأَرْضِ ] [وَلَكَ الْحَمْدُ] [أَنْتَ الْحَـقّ وَوَعْـدُكَ الْحَـق ، وَقَوْلُـكَ الْحَـق ، وَلِقـاؤُكَ الْحَـق ، وَالْجَـنَّةُحَـق ، وَالنّـارُ حَـق ، وَالنَّبِـيّونَ حَـق ، وَمـحَمَّدٌ حَـق ، وَالسّـاعَةُحَـق] [اللّهُـمَّ لَكَ أَسْلَمت ، وَعَلَـيْكَ تَوَكَّلْـت ، وَبِكَ آمَنْـت ، وَإِلَـيْكَ أَنَبْـت ، وَبِـكَ خاصَمْت ، وَإِلَـيْكَ حاكَمْـت . فاغْفِـرْ لي مـا قَدَّمْتُ ، وَما أَخَّـرْت ، وَما أَسْـرَرْت ، وَما أَعْلَـنْت ] [أَنْتَ المُقَـدِّمُ وَأَنْتَ المُـؤَخِّر ، لا إِاـهَ إِلاّ أَنْـت] [أَنْـتَ إِلـهي لا إِاـهَ إِلاّ أَنْـت

(32)

«АллoхIумма лакалхьамду, анта нyруссамaвaти валъарди ва ман фuхIинна, ва лакалхьамду, анта къоййимуссамaвaти валъарди ва ман фuхIинна, ва лакалхьамду, анта роббуссамaвaти валъарди ва ман фuхIинна, ва лакалхьамду, лака мулкуссамaвaти валъарди ва ман фuхIинна, ва лакалхьамду, анта маликуссамaвaти вал арди ва лакалхьамду, анталхьаккъу, ва ваIдукалхьаккъу, ва къавлукалхьаккъу, ва ликъoукал хьаккъу, валжаннату хьаккъун, ваннaру хьаккъун, ваннабиййyна хьаккъун, ва Мухьаммадун, соллаллoхIу IалайхIи ва саллама, хьаккъун, вассaIату хьаккъун, аллoхIумма лака асламту, ваIалайка таваккалту, ва бика aманту, ва илайка анабту, ва бика хoсамту ва илайка хьaкамту, фагIфир лu мa къаддамту, ва мa аххарту, ва мa асрарту ва мa аIланту, анталмукъоддиму ва анталмуаххиру, лa илaхIа иллa анта, анта илaхIu, лa илaхIа иллa анта»

«Йа АллахI! Хастам бу Хьуна, стигланийн а, лаьттан а, царна чохь болчеран а нур ду Хьо, хастам бу Хьуна, стигланаш а, латта а, царна чохь берш а латтош верг Хьо ву, хастам бу Хьуна, стигланийн а, лаьттан а, царна чохь болчеран а Дела Хьо ву, хастам бу Хьуна, стигланийн а, лаьттан а, царна чохь болчеран а паччахьалла Хьан ду, хастам бу Хьуна, стигланийн а, лаьттан а, царна чохь болчеран а Паччахь Хьо ву. Хастам бу Хьуна, Хьо бакъ ву, Хьан ваIд а бакъ ду, Хьан дош а бакъ ду, тхуна Хьо гур хилар а бакъ ду, ялсамане а бакъ ю, жоьжахате а бакъ ю, пайхамарш а бакъ бу, Мухьаммад а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бакъ ву, “сахьт” (къемат де) а бакъ ду. Йа АллахI! Хьуна муьтIахь хили со, болх Хьуна тIе а билли ас, Хьох теша а тийши со, Хьоьга (хьаставелла) верза а вирзи со, Хьан доьхьа къийсам а хили сан, Хьан кхеле верза а вирзи со. Гечдехьа суна соьгара хьалха даьлларг а, соьгара тIаьхьа дер дерг а, ас къайлах динарг а, ас гучахь динарг а. Хьалха даккха деза хIума хьалха доккхуш верг ву Хьо, тIаьхьа татта дезарг тIаьхьа тоттуш верг ву Хьо, Хьо воцург кхин Дела вац, Хьо ву сан Дела, Хьо воцург кхин Дела вац».

17. РукуIехь деш долу доIа.

 

(سُبْـحانَ رَبِّـيَ الْعَظـيم . (ثلاثاً

(33)

«Субхьaна роббийалIазuм» «ЦIена ву сан воккха Дела»  кхозза эр ду.

سُبْـحانَكَ اللّهُـمَّ رَبَّـنا وَبِحَـمْدِك ، اللّهُـمَّ اغْفِـرْ لي

(34)

» СубхьaнакаллoхIумма роббанa, ва бихьамдика, аллoхIуммагIфир лu« «ЦIена ву Хьо йа АллахI, тхан Дела, хастам а бу Хьуна, йа АллахI гечде Ахь суна».

 

 سُبـّوحٌ قُـدّْوس ، رَبُّ الملائِكَـةِ وَالـرُّوح

(35)

«Суббyхьун, Къуддyсун, роббулмалaикати варрyхь» «Кхачаме а, ЦIена а (ву АллахI), малийкийн а, Жабраилан а Дела».

 

 

اللّهُـمَّ لَكَ رَكَـعْتُ وَبِكَ آمَـنْت ، ولَكَ أَسْلَـمْت ، خَشَـعَ لَكَ سَمْـعي ، وَبَصَـري ، وَمُخِّـي ، وَعَظْمـي ، وَعَصَـبي ، وَما استَقَـلَّ بِهِ قَدَمي

(36)

«АллoхIумма лака ракаIту, ва бика aманту, ва лака асламту, хошаIа лака самIu, ва басарu, ва муххu, ва Iазмu, ва Iасабu, ва мастакъалла бихIu къадамu«

«Йа АллахI! Хьуна рукуI ди ас, Хьох теша а тийши со, Хьуна муьтIахь а хили со. Сан хазар а, сан бIаьрса а, сан хье а, сан тIум а, сан даьIахкаш а, сан пхенаш а, сан когаша лелош долу сан дегI а, эсала муьтIахь хили Хьуна».

 

سُبْـحانَ ذي الْجَبَـروت ،والمَلَـكوت ، وَالكِبْـرِياء ، وَالْعَظَـمَه

(37)

«Субхьaна зилжабарyти, валмалакyти, валкибрийaи валIазомати» «Кхачаме цIена ву массо хIуманна тIехь ницкъ болуш верг, паччахьаллин да верг, кураллин а, дозаллин а да

верг, возаллин а да верг».

18. РукуIера хьалатаьIча деш долу доIа.

 

سَمِـعَ اللهُ لِمَـنْ حَمِـدَه

(38)

«СамиIаллoхIу лиман хьамидахI« «Хезаш ву АллахI, Шена хастам беш верг»

 

رَبَّنـا وَلَكَ الحَمْـدُ حَمْـداً كَثـيراً طَيِّـباً مُـبارَكاً فيه

(39)

«Роббанa ва лакалхьамду, хьамдан касuран, таййибан, мубaрокан фuхIи» «Тхан Дела, Хьуна хастам бу, шеца беркат долу, цIена, дукха хастам (бу Хьуна)».

 

رَبَّنـا وَلَكَ الحَمْـدُ مِلْءَ السَّمـواتِ وَمِلْءَ الأَرْض ، وَما بَيْـنَهُمـا ، وَمِلْءَ ما شِئْـتَ مِنْ شَيءٍ بَعْـدْ . أَهـلَ الثَّـناءِ وَالمَجـدْ ، أَحَـقُّ ما قالَ العَبْـد ، وَكُلُّـنا لَكَ عَـبدْ . اللّهُـمَّ لا مانِعَ لِما أَعْطَـيْت ، وَلا مُعْطِـيَ لِما مَنَـعْت ، وَلا يَنْفَـعُ ذا الجَـدِّ مِنْـكَ الجَـد

(40)

«Роббанa ва лакалхьамду, милъассамaвaти, ва милъалъарди, ва мa байнахIумa, ва милъа мa шиъта мин шайъин баIду. АхIлассанaи валмажди, ахьаккъу ма къoлалIабду, ва куллунa лака Iабдун. АллoхIумма лa мaниIа лимa аIтIойта, ва лa муIтIийа лимa манаIта, ва лa йанфаIу залжадди минкалжадду»

«Стигланаш юьззина, латта а дуьззина, цаьршинна юккъахь дерг а дуьззина (хастам бу Хьуна), кхин а дукха, Хьуна малуъу хастам бу Хьуна. ХIай хастаман а, возаллин а охIлу верг! (ХIара ас олуш дерг) хьайн лайно олуш долу уггар бакъ дерг ду – тхо массо Хьан лайш а ду  : Йа АллахI! Ахь делларг сацо а, духатоха а цхьа вац, Ахь сацийнарг дала а цхьа вац, дуьненан ирс долчунна цуьнан ирсо цунна пайда бийр бац, ткъа ирс Хьоьгара ду».

 

19. Сужудехь деш долу доIа.

 

(سُبْـحانَ رَبِّـيَ الأَعْلـى . (ثلاثاً

(41)

«Субхьaна роббийал аIл «ЦIена ву сан Лекха Дела»  кхозза эр ду.

 

 سُبْـحانَكَ اللّهُـمَّ رَبَّـنا وَبِحَـمْدِكَ ، اللّهُـمَّ اغْفِرْ لي

(42)

«СубхьaнакаллoхIумма роббанa ва бихьамдика, аллoхIуммагIфир л «ЦIена ву Хьо йа АллахI, тхан Дела, хастам а бу Хьуна. Йа АллахI суна гечде Ахь».

 

سُبـّوحٌ قُـدّوس، رَبُّ الملائِكَـةِ وَالـرُّوح

(43)

«Суббyхьун, Къуддyсун, роббулмалaикати варрyхьи« «Кхачаме а, ЦIена а (ву АллахI), малийкин а, Жабраилан а Дела».

 

 

اللّهُـمَّ لَكَ سَـجَدْتُ وَبِـكَ آمَنْـت ، وَلَكَ أَسْلَـمْت ، سَجَـدَ وَجْهـي للَّـذي خَلَقَـهُ وَصَـوَّرَهُ وَشَقَّ سَمْـعَـهُ وَبَصَـرَه ، تَبـارَكَ اللهُ أَحْسـنُ الخـالِقيـن

 

 

(44)

«АллoхIумма лака сажадту, ва бика aманту, ва лака асламту, сажада важхIu лиллазu халакъахIу, ва совварахIу, ва шаккъа самIахIy ва басарахI, табаракаллoхIу ахьсанулхoликъuна«

«Йа АллахI! Хьуна сужуд ди ас, Хьох теша а тийши со, Хьуна муьтIахь а хили со, сан юьхьо сужуд ди ша кхоьллинчунна, шена куц деллачунна, шен бIаьрса а, хазар а кхоьллинчунна. Беркате ву АллахI, уггар хаза Кхоллархо».

 

سُبْـحانَ ذي الْجَبَـروت ، والمَلَكـوت ، والكِبْـرِياء ، وَالعَظَمَـه

(45)

«Субхьaна зилжабарyти, валмалакyти, валкибрийaи валIазомати« «Кхачаме ЦIена ву массо хIуманна тIехь ницкъ болуш верг, паччахьаллин да верг, кураллин а, дозаллин а да

верг, возаллин а да верг».

 

اللّهُـمَّ اغْفِـرْ لي ذَنْـبي كُلَّـه ، دِقَّـهُ وَجِلَّـه ، وَأَوَّلَـهُ وَآخِـرَه وَعَلانِيَّتَـهُ وَسِـرَّه

(46)

«АллoхIуммагIфир лu занбu куллахIу, диккъохIy ва джиллахIу, ва аввалахIу ва aхирахIу, ва IалaнийатахIy ва сиррохI«

«Йа АллахI! Сан массо къиношна гечде Ахь, кегийчарна а, даккхийчарна а, хьалхалерачунна а, тIаьхьарчунна а, гучахь долчунна а, къайлах долчунна а».

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَعـوذُ بِرِضـاكَ مِنْ سَخَطِـك ، وَبِمعـافاتِـكَ مِنْ عُقوبَـتِك ، وَأَعـوذُ بِكَ مِنْـك ، لا أُحْصـي ثَنـاءً عَلَـيْك ، أَنْـتَ كَمـا أَثْنَـيْتَ عَلـى نَفْسـِك

(47)

«АллoхIумма иннu аIyзу биридoка мин сахотIика, ва бимуIaфaтика мин Iукъyбатик, ва аIyзу бика минка, ла ухьсu санaан Iалайка, анта камa аснайта Iалa нафсика»

«Йа АллахI! Хьо реза хиларца ларло со Хьан оьгIазаллех, Хьан къинхетамца ларло со Хьан Iазапах, Хьоьца ларло со Хьох. Хьуна хастам бина вер вац со, Хьо Ахь Айхьа Хьайна хастам ма-барра ву».

20. Шина сужуд юккъехь охьахиъ ча деш долу доIа.

 

رَبِّ اغْفِـرْ لي ، رَبِّ اغْفِـرْ لي

(48)

» РоббигIфир лu, роббигIфир лu« «Сан Дела! Гечде Ахь суна. Сан Дела! Гечде Ахь суна».

 

اللّهُـمَّ اغْفِـرْ لي ، وَارْحَمْـني ، وَاهْدِنـي ، وَاجْبُرْنـي ، وَعافِنـي وَارْزُقْنـي وَارْفَعْـني

(49)

» АллoхIуммагIфир лu, вархьамнu, вахIдинu, ваджбурнu, ва Iaфинu, варзукънu варфаIнu« «Йа АллахI! Гечде Ахь суна, къинхетам бе Ахь сох, нисве Ахь со, синтем а бе Ахь суна, хьал то де Ахь сан, рицкъ ло Ахь суна, даржехь лакха ваккха Ахь со».

21. Къуръан доьшуш сужуд деш сужудехь деш долу доIа.

 

سَجَـدَ وَجْهـي للَّـذي خَلَقَـهُ وَصَـوَّرَهُ وَشَقَّ سَمْـعَـهُ وَبَصَـرَهُ بِحَـوْلِـهِ وَقُـوَّتِهِ تَبـارَكَ اللهُ أَحْسَـنُ الخـالِقيـن

(50)

«Сажада важхIu лиллазu халакъахIу ва шаккъа самIахIу ва басарахIу бихьавлихIu ва къувватихI,

фатабaрокаллoхIу ахьсанулхoликъuн» «Сан юьхьо сужуд ди ша Кхоьллинчунна, шен хазар а, бIаьрса а Шен ницкъаца а, гIорунца а кхоьллинчунна, „Беркате ву АллахI, уггар хаза Кхоллархо“»

 

اللّهُـمَّ اكْتُـبْ لي بِهـا عِنْـدَكَ أَجْـراً ، وَضَـعْ عَنِّـي بِهـا وِزْراً ، وَاجْعَـلها لي عِنْـدَكَ ذُخْـراً ، وَتَقَبَّـلها

(51)

«АллoхIуммактуб лu бихIa Iиндака ажран, ва доI Iаннu бихIa визран, важIалхIa лu Iиндака зухран, ва

такъоббалхIa миннu кама такъоббалтахIa  мин Iабдика Дaвyда»

«Йа АллахI! ХIара (сужуд) Хьайна гергахь суна меле язде Ахь, цуьнца суна тIера мохь дIабаккха Ахь, Хьайна гергахь суна лар де Ахь иза, Айхьа Хьайн лай волчу Давуд (пайхамарера) къобал даре тера, соьгара а къобал де Ахь иза».

22.. ТашаххIуд (Аттахьиййат).

 

التَّحِيّـاتُ للهِ وَالصَّلَـواتُ والطَّيِّـبات ، السَّلامُ عَلَيـكَ أَيُّهـا النَّبِـيُّ وَرَحْمَـةُ اللهِ وَبَرَكـاتُه ، السَّلامُ عَلَيْـنا وَعَلـى عِبـادِ للهِ الصَّـالِحـين . أَشْـهَدُ أَنْ لا إِلـهَ إِلاّ الله ، وَأَشْـهَدُ أَنَّ مُحَمّـداً عَبْـدُهُ وَرَسـولُه

(52)

«Аттахьиййaту лиллaхIи, вассолавaту ваттIаййибaту, ассалaму Iалайка, аййухIаннабиййу, ва рахьматуллoхIи ва барокaтухIу, ассалaму Iалайна ва Iалa IибaдиллaхIиссoлихьuн. АшхIаду аллa  илaхIа иллаллoхIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIy ва росyлухI«

«Маршаллаш АллахIан ду, ламазаш а (Цуьнан доьхьа деш) ду, хастаме дешнаш а (Цунна ду), салам хуьлда хьуна хIай Пайхамар, АллахIан къинхетам а, Цуьнан массо беркате диканаш а (хуьлда хьуна). Салам хуьлда тхуна а, АллахIан дикчу лайшна а. Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а ву аьлла».

23. ТашаххIудал тIаьхьа дуьллуш долу салават.

 

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد، كَمـا صَلَّيـتَ عَلـىإبْراهـيمَ وَعَلـى آلِ إبْراهـيم، إِنَّكَ حَمـيدٌ مَجـيد ، اللّهُـمَّ بارِكْ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّـد، كَمـا بارِكْتَ عَلـىإبْراهـيمَ وَعَلـى آلِ إبْراهيم، إِنَّكَ حَمـيدٌ مَجـيد

(53)

«АллoхIумма солли Iалa Мухьаммадин ва Iалa aли Мухьаммадин, камa соллайта Iалa ИбрoхIuма ва Iалa aли ИбрoхIuма, иннака хьамuдун мажuд. АллoхIумма бaрик Iалa Мухьаммадин ва Iалa aли Мухьаммадин камa баракта Iалa ИбрoхIuма ва Iалa aли ИбрoхIuма, иннака хьамuдун мажuд».

«Йа АллахI! Мухьаммадах Хьайн къинхетам бе Ахь, хазчу хасторца хаставе Ахь иза, цуьнан охIлунах Хьайн къинхетам а бе Ахь, Айхьа ИбрахIим хесторе терра, цунах а, цуьнан охIлунах а Айхьа къинхетам баре терра, баккъалла а, Хьо хастам бан хьакъ долуш а, Веза а ву. Йа АллахI! Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а Хьайн беркат а, ниIмат а ло Ахь, Айхьа ИбрахIимна а, цуьнан охIлунна а даларе терра, баккъалла а, Хьо хастам бан хьакъ долуш а, Веза а ву».

 

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـدٍ وَعَلـىأَزْواجِـهِ وَذُرِّيَّـتِه، كَمـا صَلَّيْـتَ عَلـى آلِ إبْراهـيم . وَبارِكْ عَلـى مُحمَّـدٍ وَعَلـىأَزْواجِـهِ وَذُرِّيَّـتِه، كَمـا بارِكْتَ عَلـى آلِ إبْراهـيم . إِنَّكَ حَمـيدٌ مَجـيد

(54)

«АллoхIумма солли Iалa Мухьаммадин ва Iалa азвaжихIu ва зурриййатихIu камa соллайта Iалa aли ИбрoхIuма, ва бaрик Iалa Мухьаммадин ва Iалa азвaжихIu ва зурриййатихIu камa бaрокта Iалa aли ИбрoхIuма, иннака хьамuдун мажuд».

«Йа АллахI! Мухьаммадах Хьайн къинхетам бе Ахь, хазчу хасторца хаста а ве Ахь иза, цуьнан зударшна а, цуьнан тIаьхьенна а Хьайн беркат а, ниIмат а ло Ахь, Айхьа ИбрахIиман охIлунна ма даллара, баккъалла а, Хьо хастам бан хьакъ долуш а, Веза а ву».

 

24. ШолгIа ташаххIуд дешначул тIаьхьа, салам далале деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَعـوذُ بِكَ مِـنْ عَذابِ القَـبْر، وَمِـنْ عَذابِ جَهَـنَّم، وَمِـنْ فِتْـنَةِ المَحْـيا وَالمَمـات، وَمِـنْ شَـرِّ فِتْـنَةِ المَسيحِ الدَّجّال

(55)

«АллoхIумма иннu аIyзу бика мин Iазaбилкъабри, ва мин Iазaби джахIаннама, ва мин фитнатилмахьйa валмамaти, ва мин шарри фитнатил масuхьиддаджaл».

«Йа АллахI! Со Хьоьца ларло кошан Iазапах, жоьжахатин Iазапах, вахаран а, валаран а питанах, Даджалан питанах а, вонах а».

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَعـوذُ بِكَ مِـنْ عَذابِ القَـبْر ، وَأَعـوذُ بِكَ مِـنْ فِتْـنَةِ المَسيحِ الدَّجّـال ، وَأَعـوذُ بِكَ مِـنْ فِتْـنَةِ المَحْـيا وَالمَمـات . اللّهُـمَّ إِنِّـي أَعـوذُ بِكَ مِنَ المَأْثَـمِ وَالمَغْـرَم

 

 

(56)

«АллoхIумма иннu аIyзу бика мин Iазaбилкъабри, ва аIyзу бика мин фитнатил масuхьиддаджaли, ва аIyзу бика мин фитнатилмахьйa валмамaт. АллoхIумма иннu аIyзу бика миналмаъсами валмагIрам»

«Йа АллахI! Со Хьоьца ларло кошан Iазапах, со Хьоьца ларло Даджалан питанах, со Хьоьца ларло вахаран а, валаран а питанах. Йа АллахI! Хьоьца ларло со къа латорах а, декхарх а».

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي ظَلَـمْتُ نَفْسـي ظُلْمـاً كَثـيراً وَلا يَغْـفِرُ الذُّنـوبَ إِلاّ أَنْت ، فَاغْـفِر لي مَغْـفِرَةً مِنْ عِنْـدِك وَارْحَمْـني، إِنَّكَ أَنْتَ الغَـفورُ الرَّحـيم

(57)

«АллoхIумма иннu заламту нафсu зулман касuран, ва ла йагIфируззунyба иллa анта, фагIфир лu магIфиратан мин Iиндика вархьамнu, иннака антал гIофyруррохьuм»

«Йа АллахI! Ас сайна дукха зулам дина, ткъа къиношна Ахь бен геч ца до, гечдехьа суна, Хьайн гечдарца, къинхетам а бехьа сох, баккъалла а, Хьо гечдеш а, Къинхетаме а ву-кх».

 

اللّهُـمَّ اغْـفِرْ لي ما قَدَّمْـتُ وَما أَخَّرْت ، وَما أَسْـرَرْتُ وَما أَعْلَـنْت ، وَما أَسْـرَفْت ، وَما أَنْتَ أَعْـلَمُ بِهِ مِنِّي . أَنْتَ المُقَـدِّمُ، وَأَنْتَ المُـؤَخِّـرُ لا إِلهَ إِلاّ أَنْـت

(58)

«АллoхIуммагIфир лu мa къаддамту ва мa аххарту, ва мa асрарту ва мa аIланту, ва мa асрафту, ва мa анта аIламу бихIu миннu, анталмукъаддиму ва анталмуаххиру, лa илaхIа иллa анта»

«Йа АллахI! Соьгара хьалха даьллачунна а гечде Ахь, соьгара тIаьхьа дер долчунна а гечде Ахь, ас къайлах динчунна а, ас гучахь динчунна а, Хьайна суначул дика хуучунна а гечде Ахь. Хьалха даккха дезарг хьалха доккхуш верг ву Хьо, тIаьхьа татта дезарг тIаьхьа тоттуш верг ву  Хьо, Хьо воцург кхин Дела вац».

 

 

 

 

 

 

اللّهُـمَّ أَعِـنِّي عَلـى ذِكْـرِكَ وَشُكْـرِك ، وَحُسْـنِ عِبـادَتِـك

(59)

«АллoхIумма аIиннu Iалa зикрика, ва шукрика ва хьусни Iибaдатик» «Йа АллахI! Суна гIо де Ахь Хьо хьехорна тIехь, Хьайна шукр дарехь, Хьайна хаза Iибадат дарехь».

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَعوذُ بِكَ مِنَ البُخْـل، وَأَعوذُ بِكَ مِنَ الجُـبْن، وَأَعوذُ بِكَ مِنْ أَنْ أُرَدَّ إِلى أَرْذَلِ الـعُمُر، وَأََعوذُ بِكَ مِنْ فِتْنَـةِ الدُّنْـيا وَعَـذابِ القَـبْر

(60)

«АллoхIумма иннu аIyзу бика минал бухли, ва аIyзу бика миналжубни, ва аIyзу бика мин ан урадда илa арзалилIумри, ва аIyзу бика мин фитнатиддунйa ва Iазaбилкъабр».

«Йа АллахI! Со ларло Хьоьца бIаьрмецигаллех, осалаллех а ларло со Хьоьца, къанвелча, уггар вочу, халчу хене валарх а ларло со Хьоьца, дуьненан питанех а, кошан Iазапах а ларло со Хьоьца».

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَسْأَلُـكَ الجَـنَّةَ وأَعوذُ بِـكَ مِـنَ الـنّار

(61)

«АллoхIумма иннu асъалукалжанната ва аIyзу бика минаннaр» «Йа АллахI! Ас ялсамане йоьху Хьоьга, Хьоьца жоьжахатех лар а ло со».

 

اللّهُـمَّ بِعِلْـمِكَ الغَـيْبِ وَقُـدْرَتِـكَ عَلـى الْخَلقِ أَحْـيِني ما عَلِـمْتَ الحـياةَ خَـيْراً لـي، وَتَوَفَّـني إِذا عَلِـمْتَ الوَفـاةَ خَـيْراً لـي، اللّهُـمَّ إِنِّـي أَسْـأَلُـكَ خَشْيَتَـكَ في الغَـيْبِ وَالشَّهـادَةِ، وَأَسْـأَلُـكَ كَلِمَـةَ الحَـقِّ في الرِّضـا وَالغَضَـب، وَأَسْـأَلُـكَ القَصْدَ في الغِنـى وَالفَقْـر، وَأَسْـأَلُـكَ نَعـيماً لا يَنْفَـد، وَأَسْـأَلُـكَ قُـرَّةَ عَيْـنٍ لا تَنْـقَطِعْ وَأَسْـأَلُـكَ الرِّضـا بَعْـدَ القَضـاء، وَأَسْـأَلُـكَ بًـرْدَ الْعَـيْشِ بَعْـدَ الْمَـوْت، وَأَسْـأَلُـكَ لَـذَّةَ النَّظَـرِ إِلـى وَجْـهِكَ وَالشَّـوْقَ إِلـى لِقـائِـك، في غَـيرِ ضَـرّاءَ مُضِـرَّة، وَلا فِتْـنَةٍ مُضـلَّة، اللّهُـمَّ زَيِّـنّا بِزينَـةِ الإيـمان، وَاجْـعَلنا هُـداةً مُهْـتَدين

(62)

«АллoхIумма биIилмикалгIайба, ва къудратика Iалaлхалкъи, ахьйинu мa Iалимтал хьайaта хайран лu, ва таваффанu изa Iалимтал вафaта хайран лu. АллoхIумма иннu асъалука хашйатака филгIайби вашшахIaдати, ва асъалука калиматалхьаккъи фирридo валгIодоби, ва асъалукал къасда филгIинa валфакъри, ва асъалука наIuман лa йанфаду, ва асъалука къуррата Iайнин лa танкъатIиIу, ва асъалука бардалIайши баIдалмавти, ва асъалука лаззатанназари илa ваджхIика, вашшавкъа илa ликъoика фu гIайри даррoа мудирротин, ва лa фитнатин мудиллатин. АллoхIумма заййиннa бизuнатил uмaни, важIалнa хIудaтан мухIтадuн».

«Йа АллахI! Хьайна къайлах дерг хууш хиларца, Хьан кхолларан ницкъ хиларца, со дуьненахь вахар дика ду аьлла Хьайна хиъча – сан вахар дах де Ахь, со валар дика хилар Хьайна хиъча – со валар сих де Ахь. Йа АллахI! Со Хьайх къайлах а, гучахь а кхерийтар доьху ас Хьоьга, со резахиларехь а, оьгIазвахарехь а со бакъ луьш хилийтар а доьху ас Хьоьга, мискаллехь а, хьалдолуш хиларехь а юккъера хьал а доьху ас Хьоьга, чекх дер доцу ниIмат а доьху ас Хьоьга, чекх дер доцу самукъадалар а доьху ас Хьоьга, Хьан кхел лелла яллачул тIаьхьа Хьо реза хилар а доьху ас Хьоьга, Хьоьга хьажаран марзо а, бIаьрг бузар а доьху ас Хьоьга, Хьоьца цхьаьнакхетаре догдахар а доьху ас Хьоьга, суна зен а хир доцуш, я галвоккхуш долу питана а хир доцуш. Йа АллахI! Ийманан хазаллийца хаз дехьа тхо, нийсачу некъа тIе кхойкхуш а долуш, нийсачу некъа тIехь нисделла а дехьа тхо»

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَسْأَلُـكَ يا اللهُ بِأَنَّـكَ الواحِـدُ الأَحَـد ،الصَّـمَدُ الَّـذي لَـمْ يَلِـدْ وَلَمْ يولَدْ، وَلَمْ يَكـنْ لَهُ كُـفُواً أَحَـد ، أَنْ تَغْـفِرْ لي ذُنـوبي إِنَّـكَ أَنْـتَ الغَفـورُ الرَّحِّـيم

(63)

«АллoхIумма иннu асъалука, йa АллoхIу, бианнакал вaхьидул ахьадуссамад, аллазu лам йалид ва лам йyлад, ва лам йакун лахIy куфуван ахьад, ан тагIфира лu зунyбu, иннака анталгIофyруррохьuм».

«Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга хIай АллахI, Хьо цхьаъ хиларца, Хьо Хьой цхьаъ верг хиларца, Хьо даим волуш хиларца, Хьо халкъана оьшуш а волуш, Хьуна халкъера хIумма а оьшуш ца хиларца, бер хилла а воцчу, дех-ненах схьаваьлла а воцчу, Шеца цхьа а накъост хилла а воцчу, (ас доьху Хьоьга) суна сан къиношна гечдар, баккъалла а, Хьо Гечдеш верг а, Къинхетаме верг а ву-кх».

 

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَسْأَلُـكَ بِأَنَّ لَكَ الْحَـمْدُ لا إِلـهَ إِلاّ أَنْـتَ وَحْـدَكَ لا شَـريكَ لَـكَ المَنّـانُ يا بَديـعَ السَّمواتِ وَالأَرْضِ يا ذا الجَلالِ وَالإِكْـرام، يا حَـيُّ يا قَـيّومُ إِنِّـي أَسْأَلُـكَ الجَـنَّةَ وَأَعـوذُ بِـكَ مِنَ الـنّار

(64)

«АллoхIумма иннu асъалука бианна лакалхьамду лa илaхIа иллa анта вахьдака лa шарuка лака, алманнaну, йa бадuIассамaвaти валъарди, йa залджалaли валъикрoми, йa хьаййу, йa къаййyму, иннu асъалукал джанната ва аIyзу бика минаннaри».

«Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга берриг хастам Хьуна хиларца, Хьо воцург кхин Дела вац, Хьой цхьаъ ву Хьо, Хьоьца накъост а вац, Хьайгара массо дика хуьлуш верг ву Хьо, хIай стигланаш а, латта а кхоьллинарг, хIай Сийлахь верг, Комаьрша верг, хIай даим дийна верг, хIай даим волуш верг, ас ялсамане йоьху Хьоьга, Хьоьца жоьжахатех лар а ло со».

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَسْأَلُـكَ بِأَنَّـي أَشْـهَدُ أَنَّـكَ أنْـتَ اللهُ لا إِلـهَ إِلاّ أَنْـت ، الأَحَـدُ الصَّـمَدُ الَّـذي لَـمْ يَلِـدْ وَلَمْ يولَـدْ ، وَلَمْ يَكـنْ لَهُ كُـفُواً أَحَـد

(65)

«АллoхIумма иннu асъалука бианнu ашхIаду аннака анталлoхIу лa илaхIа иллa антал ахьадуссамаду, аллазu лам йалид, ва лам йyлад ва лам йакун лахIy куфуван ахьад».

«Йа АллахI! Баккъалла а, ас доьху Хьоьга айса тешалла дарца: Хьо АллахI-Дела ву аьлла, Хьо воцург кхин Дела вац аьлла, Хьо Хьой цхьаъ верг ву аьлла, Хьо даим волуш верг ву аьлла, Хьо халкъана оьшуш а волуш, Хьуна халкъера хIумма а оьшуш доцуш верг ву аьлла, бер хилла а воцчу, дех-ненах схьаваьлла а воцчу, Шеца цхьа а накъост хилла а воцчу (Хьоьга доьху ас, доIийна жоп ло Ахь)».

25. Ламазехь салам деллачул тIаьхьа доьшуш долу зикр (тасбихь).

 

أَسْـتَغْفِرُ الله . (ثَلاثاً) اللّهُـمَّ أَنْـتَ السَّلامُ ، وَمِـنْكَ السَّلام ، تَبارَكْتَ يا ذا الجَـلالِ وَالإِكْـرام

(66)

«АстагIфируллoхI« «АллахIе гечдар доьху ас» (кхозза эр ду).

 

 

 

«АллoхIумма антассалaму ва минкассалaму, табaракта йa залжалaли валъикрoм» «Йа АллахI! Хьо массо кхачамбацарех маьрша верг ву, маршо Хьоьгара а ю, беркате ву Хьо, хIай

Сийлахьаллин а, Комаьршаллин а да верг».

 

إلهَ إلاّ اللّهُ وحدَهُ لا شريكَ لهُ، لهُ المُـلْكُ ولهُ الحَمْد، وهوَ على كلّ شَيءٍ قَدير، اللّهُـمَّ لا مانِعَ لِما أَعْطَـيْت، وَلا مُعْطِـيَ لِما مَنَـعْت، وَلا يَنْفَـعُ ذا الجَـدِّ مِنْـكَ الجَـد

(67)

«Лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалa кулли шайъин къадuр. АллoхIумма лa мaниIа лимa аIтIойта, ва лa муIтIийа лимa манаIта, ва лa йанфаIу залжадди минкал жадд».

«АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Йа АллахI! Ахь делларг сацо а, духатоха а цхьа вац, Ахь сацийнарг дала а цхьа вац, дуьненан ирс долчунна цуьнан ирсо цунна пайда бийр бац, ткъа ирс Хьоьгара ду».

 

لا إلهَ إلاّ اللّه, وحدَهُ لا شريكَ لهُ، لهُ الملكُ ولهُ الحَمد، وهوَ على كلّ شيءٍ قدير، لا حَـوْلَ وَلا قـوَّةَ إِلاّ بِاللهِ، لا إلهَ إلاّ اللّـه، وَلا نَعْـبُـدُ إِلاّ إيّـاه, لَهُ النِّعْـمَةُ وَلَهُ الفَضْل وَلَهُ الثَّـناءُ الحَـسَن، لا إلهَ إلاّ اللّهُ مخْلِصـينَ لَـهُ الدِّينَ وَلَوْ كَـرِهَ الكـافِرون

(68)

«Лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахIу, лахIулмулку, ва лахIулхьамду, ва хIува Iалa кулли шайъин къадuр. Лa хьавла ва лa къуввата иллa биллaхI, лa илaхIа иллаллoхIу ва лa наIбуду иллa иййaхI. ЛахIунниIмату, ва лахIулфадлу, ва лахIуссанaул хьасан. Лa илaхIа иллаллoхIу мухлисuна лахIуддuна ва лав карихIалкaфирyн».

«АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера доцург. АллахI воцург кхин Дела вац, Цунна цхьанна бен вай Iибадат деш а дац, ниIмат а Цуьнан ду, дозалла а Цуьнан ду, хаза хестор а Цуьнан хьакъ ду, АллахI воцург кхин Дела вац (олу вай), цIенчу даггара, Цуьнан доьхьа, керста нахана иза цадезахь а».

 

سُـبْحانَ اللهِ، والحَمْـدُ لله ، واللهُ أكْـبَر . (ثلاثاً وثلاثين) لا إلهَ إلاّ اللّهُ وَحْـدَهُ لا شريكَ لهُ، لهُ الملكُ ولهُ الحَمْد، وهُوَ على كُلّ شَيءٍ قَـدير

(69)

«СубхьaналлoхIи, валхьамду лиллaхIи, валлoхIу акбар«. «ЦIена ву АллахI (33-зза эр ду), Хастам бу АллахIана (33-зза эр ду), Массо хIумнал воккха ву АллахI (33-зза

эр ду)».

 

«Лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIу лa шарuка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалa кулли шайъин къадuр«.

«АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву».

 

 

(70)

«БисмиллaхIиррохьмaниррохьuм. Къул хIуваллoхIу ахьад. АллoхIуссомад. Лам йалид ва лам йyлад. Ва лам йакуллахIу куфуван ахьад«.

«Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу  АллахIан цIарца!» ×Ахь ала: Иза АллахI ву, Цхьаъ волу. Даим дийна волу, массо халкъана оьшуш волу, Шена халкъера хIумма а оьшуш воцу АллахI ву. Цхьа а вац Цунах схьа ваьлла, я дех-ненах схьаваьлла а вац Иза. Накъост хилла а вац Цуьнан цхьа аO. (Сурат «Ал-ихлас»).

                              

«БисмиллaхIиррохьмaниррохьuм. Къул аIyзу бироббил фалакъ. Мин шарри мa холакъ. Ва мин

шарри гIoсикъин изa вакъоб. Ва мин шарриннаффaсaти фил Iукъод. Ва мин шарри хьaсидин изa хьасад».

«Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!» ×Ахь ала: со ларло сатасаран Делаца. Цо кхоьллинчу массо хIуманан вонах. Бодане буьйса тIееъча, цуьнан вонах а. Шеддашна тIе хIупп бохучу зударийн вонах а. ХьагI йолчуьнан вонах а, цо хьагI лелочу хенахьO. (Сурат «Алфалакъ»)

«БисмиллaхIиррохьмaниррохьuм. Къул аIyзу бироббиннaс. Маликиннaс. ИлaхIиннaс. Мин шаррил

васвaсил хоннaс. Аллазu йувасвису фu судyриннaс. Минал жиннати ваннaс». «Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!» ×Ахь ала: со ларло Адамийн Элаца. Адамийн

Паччахьца. Адамийн Делаца. Дела хьахийча гучара долучун (вонах), дагчу вон ойланаш туьйсучун вонах. Адамийн дегнаш чу вон ойланаш кхуьссуш долчу. Адамашха а, жинашха а долчухO. (Сурат «Аннас»)

 

اللهُ لاَ إِلَهَ إِلاَّ هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ لاَ تَأْخُذُهُ سِنَةٌ وَلاَ نَوْمٌ لَّهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الأَرْضِ مَن ذَا الَّذِي يَشْفَعُ عِنْدَهُ إِلاَّ بِإِذْنِهِ يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلاَ يُحِيطُونَ بِشَىْءٍ مِّنْ عِلْمِهِ إِلاَّ بِمَا شَاء وَسِعَ كُرْسِيُّهُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ وَلاَ يَؤُودُهُ حِفْظُهُمَا وَهُوَ الْعَلِيُّ الْعَظِيمُ

(71)

«АллoхIу лa илaхIа иллa хIувалхьаййул къоййyм, лa таъхузухIy синатуввалa навм, лахIy мa фиссамaвaти ва мa фил ард, манзаллазu йашфаIу IиндахIy иллa биизнихI, йаIламу мa байна айдuхIим ва мa холфахIум, ва лa йухьuтIyна бишайъиммин IилмихIu иллa бимa шaа, васиIа курсиййухIуссамaвaти вал ард, ва лa йаyдухIy хьифзухIумa, ва хIувал Iалиййул Iазuм».

Айатул-курси доьшур ду:

„АллахI – Иза воцург кхин Дела вац, Дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна, Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг, мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр дерг, Цуьнан пурбанца бен? царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна – Цунна лиъначунна бен, стигланаш а, латта а чулаьцна ду Цуьнан «курсийй», и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна, Лекха верг а, Воккха верг а ву Иза“. Iора ламазал тIаьхьа).

 

 

(72)Iуьйра а, маьркIижа а ламаз дича итт-иттозза эр ду хIара:

«Лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIу лa шарuка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду, йухьйu ва йумuту ва хIува Iалa кулли шайъин къадuр».

«АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, (Шена луъург) ден во Цо, вала а волуьйту. Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву».

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَسْأَلُـكَ عِلْمـاً نافِعـاً وَرِزْقـاً طَيِّـباً ، وَعَمَـلاً مُتَقَـبَّلاً

(73)

«АллoхIумма иннu асъалука Iилман нaфиIан, ва ризкъан тIаййибан, ва Iамалан мутакъаббалан». «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга пайдане долу Iилма а, цIена рицкъ а, къобул хир йолу Iамал а».

26. Цхьа гIулллакх дале, ша оцу гIуллакхах дикчунна тIенисвар доьхуш деш долчу ламазехь дан деза доIа.

(ХIара доIа шена Iаьрбийн мотт ца хуучо вайн маттахь дича гIоли хир ду).

(74)

IабдуллахIан кIанта Жабира – Дела реза хуьлда цунна – дийцина: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тхуна Къуръан тIера сурат санна Iамадора, хIора гIуллакхехь Деле и гIуллакх дика дар дехар. Цо алара тхоьга: «Шайна цхьа хIума дан дага деанчо, ши ракаIат (ламаз) дойла, перз ламаз а доцуш (суннат ламаз), тIаккха цо олийла:    

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَسْتَخيـرُكَ بِعِاْـمِك، وَأسْتَقْـدِرُكَ بِقُـدْرَتِـك، وَأَسْـألُـكَ مِنْ فَضْـلِكَ العَظـيم، فَإِنَّـكَ تَقْـدِرُ وَلا أَقْـدِر، وَتَـعْلَـمُ وَلا أَعْلَـم، وَأَنْـتَ عَلاّمُ الغُـيوب، اللّهُـمَّ إِنْ كُنْـتَ تَعْـلَمُ أَنَّ هـذا الأمْـرَ- وَيُسَـمِّي حاجَتَـه — خَـيْرٌ لي في دينـي وَمَعـاشي وَعاقِـبَةِ أَمْـري، فَاقْـدُرْهُ لي وَيَسِّـرْهُ لي ثـمَّ بارِكْ لي فيـه، وَإِنْ كُنْـتَ تَعْـلَمُ أَنَّ هـذا الأمْـرَ شَـرٌ لي في دينـي وَمَعـاشي وَعاقِـبَةِ أَمْـري، فَاصْرِفْـهُ وَاصْرِفْني عَنْـهُ وَاقْـدُرْ لي الخَـيْرَ حَيْـثُ كانَ ثُـمَّ أَرْضِـني بِـه

 

«АллoхIумма иннu астахuрука биIилмика, ва астакъдирука бикъудратика, ва асъалука мин фадликалIазuм, фаиннака такъдиру ва лa акъдиру, ва таIламу ва лa аIламу, ва анта IаллaмулгIуйyб. АллoхIумма ин кунта таIламу анна хIазалъамра хайрун лu фu дuнu, ва маIaшu ва Iaкъибати амрu, факъдурхIу лu, ва йассирхIу лu, сумма бaрик лu фuхIи. Ва ин кунта таIламу анна хIaзалъамра шаррун лu фu дuнu, ва маIaшu ва Iaкъибати амрu, фасрифхIу Iаннu, васрифнu IанхIу, вакъдур лийалхайра хьайсу кaна, сумма ардинu бихI«

“Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахь Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь ницкъ балар а. Ас Хьан боккха къинхетам боьху Хьоьга, бакъдолуш Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, суна ца хьаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву. Йа АллахI! Хьан Iилмангахь делахь:  хIара сан гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур ю) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а (йа иштта эр ду: герга йолчу хенахь а, я генарчу хенахь) дика хилар, суна ницкъ ло Ахь оцу гIуллакх тIехь, суна иза атта а де Ахь, юха суна цунах беркат а де Ахь. Ткъа нагахь санна Хьан Iилмангахь делахь, хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а вон хирг хилар, суна гена даккха ахь иза, со цунна тIера дIа а верза ве Ахь, цул диканиг дан ницкъ а ло Ахь суна, иза миччахь делахь а, юха со цунна реза а ве Ахь”»   Цкъа а дохко вер вац вай Кхоьллинчуьнга диканца гIо а дехна, АллахIах тешаш болчарах дагаваьлларг а, шен гIуллакх кхачам боллуш теллинарг а.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан чохь:

„Царах дага а вала хьо (хьайн) гIуллакхехь, ткъа хьайн цунна тIехь сацам хиллехь – тIаккха ахь АллахIана тIе билла  болх“ (Сурат «Ал-Iимран» 159 аят).

27. Iуьйранна а, суьйранна а доьшуш долу зикр.

 

«Алхьамду лиллaхIи вахьдахI, вассолaту вассалaму Iалa ман лa набиййа баIдахI« «Хастам бу цхьана АллахIана, къинхетам а, маршалла а хуьлда шел тIаьхьа кхин пайхамар воцучунна».

 

(75)

«АIyзу биллaхIи минашшайтIoниррожuм». «Со ларло АллахIаца, Цо Шен къинхетамах генадаьккхинчу шайтIанах».

 

«АллoхIу лa илaхIа иллa хIувалхьаййул къоййyм, лa таъхузухIy синатуввалa навм, лахIy мa

фиссамaвaти ва мa фил ард, манзаллазu йашфаIу IиндахIy иллa биизнихI, йаIламу мa байна айдuхIим ва мa холфахIум, ва лa йухьuтIyна бишайъиммин IилмихIu иллa бимa шaа, васиIа курсий- йухIуссамaвaти вал ард, ва лa йаyдухIy хьифзухIумa, ва хIувал Iалиййул Iазuм»

АллахI – Иза воцург кхин Дела вац, Дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна, Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг, мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр дерг Цуьнан пурбанца бен? царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна – Цунна лиъначунна бен; стигланаш а, латта а чулоцуш ду Цуьнан «курсийй», и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна, Лекха верг а,  Воккха верг а  ву Иза“.  

 

(76)

Сурат «Ал-ихлас» (КъулхIу) доьшур ду кхозза.

Сурат «Ал-фалакъ» (Къул аIузу) доьшур ду  кхозза.

Сурат «Ан-нас» (Къул аIузу бироббиннас) доьшур ду кхозза.

 

أَمْسَيْـنا وَأَمْسـى المـلكُ لله وَالحَمدُ لله ، لا إلهَ إلاّ اللّهُ وَحدَهُ لا شَريكَ لهُ، لهُ المُـلكُ ولهُ الحَمْـد، وهُوَ على كلّ شَيءٍ قدير ، رَبِّ أسْـأَلُـكَ خَـيرَ ما في هـذهِ اللَّـيْلَةِ وَخَـيرَ ما بَعْـدَهـا ، وَأَعـوذُ بِكَ مِنْ شَـرِّ هـذهِ اللَّـيْلةِ وَشَرِّ ما بَعْـدَهـا ، رَبِّ أَعـوذُبِكَ مِنَ الْكَسَـلِ وَسـوءِ الْكِـبَر ، رَبِّ أَعـوذُبِكَ مِنْ عَـذابٍ في النّـارِ وَعَـذابٍ في القَـبْر

(77)

«Асбахьнa ва асбахьал мулку лиллaхIи вальхамду лиллaхIи, лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалa кулли шайъин къадuр. Робби асъалука хайра мa фu хIaзал йавми ва хайра мa баIдахI, ва аIyзу бика мин шарри мa фu хIaзал йавми ва шарри мa баIдахI. Робби аIyзу бика минал касали ва сyилкибар, робби аIyзу бика мин Iазaбин финнaри ва Iазaбин филкъабр».

 

  Суьйре тIееъча «Асбахьна ва асбахьа…»        бохучу дешнийн метта «Амсайна ва амсал мулку …» ала деза, иштта нохчийн маттахь а хийца деза, «вай суьйренга доьвли, хIокху суьйранна паччахьалла а …» аьлла. 

 

 

«Iуьйренга доьвли вай, хIокху Iуьйранна

паччахьалла а (Суьйранна иштта ала деза: «Суьйренга доьвли  вай, хIокху суьйранна паччахьалла а…». АллахIан ду, АллахIана хастам а бу, АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Сан Эла! Ас Хьоьга доьху хIокху дийнахь долу дика а, хIокхул тIаьхьа долу дика а, со Хьоьца лар а ло хIокху дийнахь долчу вонах, хIокхул тIаьхьа долчу вонах а. Сан Эла! Со Хьоьца ларло малонах, кураллин вонах. Сан Эла! Со Хьоьца ларло цIергахь долчу Iазапах а, каш чохь долчу Iазапах а». 

 

اللّهُـمَّ بِكَ أَصْـبَحْنا وَبِكَ أَمْسَـينا ، وَبِكَ نَحْـيا وَبِكَ نَمـوتُ وَإِلَـيْكَ النِّـشور اللّهُـمَّ بِكَ أَمْسَـينا، وَبِكَ أَصْـبَحْنا، وَبِكَ نَحْـيا، وَبِكَ نَمـوتُ وَإِلَـيْكَ المَصـير

(78)

«АллoхIумма бика асбахьнa, (Суьйранна олуш хилча доьххьара «Асбахьна» долчахь «Амсайна» а аьлла, «Амсайна» долчахь «Асбахьна» ала деза).  ва бика амсайнa, ва бика нахьйa, ва бика намyту, ва илайканнушyр». «Йа АллахI! Хьан пурбанца Iуьйренга доьвли тхо, Хьан пурбанца суьйренга а довлу тхо, Хьан пурбанца

даха а деха тхо, Хьан лаамца дала а ле тхо, Хьоьга дерзар а ду тхан».

 

اللّهـمَّ أَنْتَ رَبِّـي لا إلهَ إلاّ أَنْتَ ، خَلَقْتَنـي وَأَنا عَبْـدُك ، وَأَنا عَلـى عَهْـدِكَ وَوَعْـدِكَ ما اسْتَـطَعْـت ، أَعـوذُبِكَ مِنْ شَـرِّ ما صَنَـعْت ، أَبـوءُ لَـكَ بِنِعْـمَتِـكَ عَلَـيَّ وَأَبـوءُ بِذَنْـبي فَاغْفـِرْ لي فَإِنَّـهُ لا يَغْـفِرُ الذُّنـوبَ إِلاّ أَنْتَ

(79)

«АллoхIумма анта роббu, лa илaхIа иллa анта, халакътанu, ва ана Iабдука, ва ана Iалa IахIдика ва ваIдика мастатIаIту. АIyзу бика мин шарри мa санаIту, абyу лака биниIматика Iалаййа, ва абyу бизанбu, фагIфир лu, фаиннахIy лa йагIфируззунyба иллa анта»

«Йа АллахI! Хьо ву сан Эла, Хьо воцург кхин Дела вац, Ахь кхоьллина со, со Хьан лай ву, сайн ницкъ кхочучу кепара Хьан ваIд тIехь (Хьуна муьтIахь) ву со, со ларло Хьоьца айса динчун вонах, со къера ву Ахь суна динчу ниIматна, со къера ву сайн къиношна а, ткъа Ахь гечдехьа суна, баккъалла а къиношна гечдеш верг Хьо бен вац-кх».

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَصْبَـحْتُ أَُشْـهِدُك ، وَأُشْـهِدُ حَمَلَـةَ عَـرْشِـك ، وَمَلائِكَتِك ، وَجَمـيعَ خَلْـقِك ، أَنَّـكَ أَنْـتَ اللهُ لا إلهَ إلاّ أَنْـتَ وَحْـدَكَ لا شَريكَ لَـك ، وَأَنَّ ُمُحَمّـداً عَبْـدُكَ وَرَسـولُـك .(أربع مرات حينَ يصْبِح أوْ يمسي)

(80)

«АллoхIумма иннu асбахьту(Суьйранна цу дешан метта: «Амсайту» ала деза, цуьнан маьIна вай хьалха мааллара «Суьйренга вели со» бохург ду.)

 ушхIидука, ва ушхIиду хьамалата Iаршика, ва малaикатака, ва джамuIа халкъика, аннака анталлoхIу лa илaхIа иллa анта вахьдака лa шарuка лака, ва анна Мухьаммадан Iабдука ва расyлук».

«Йа АллахI! Со Iуьйренга ваьлла, Хьо а теш волуш, Хьан Iарш лелош долу малийкаш а теш долуш, ша долу Хьан халкъ а, малийкаш а теш долуш со тешалла деш хиларна: Хьо АллахI ву аьлла, Хьо воцург кхин Дела а вац аьлла, Хьо цхьаъ ву аьлла, Хьоьца накъост а вац аьлла, Мухьаммад Хьан лай а, Элча а ву аьлла». (Доьазза

эр ду иза).

 

اللّهُـمَّ ما أَصْبَـَحَ بي مِـنْ نِعْـمَةٍ أَو بِأَحَـدٍ مِـنْ خَلْـقِك ، فَمِـنْكَ وَحْـدَكَ لا شريكَ لَـك ، فَلَـكَ الْحَمْـدُ وَلَـكَ الشُّكْـر

(81)

«АллoхIумма мa асбахьа (Кхузахь а суьйранна «ма амса» ала деза.) бu мин ниIматин ав биахьадин мин халкъика, фаминка вахьдака лa шарuка лака, фалакалхьамду ва лакашшукр»

«Йа АллахI! ХIокху Iуьйранна соьца долу ниIмат а, я Ахь кхоьллина долчу Хьан халкъаца долу ниIмат а Хьоьгара цхьаьнгара ду, цхьа а накъост вац Хьоьца,  хастам бу-кх  Хьуна, шукр (баркалла) а ду-кх Хьуна».

 

اللّهُـمَّ عافِـني في بَدَنـي ، اللّهُـمَّ عافِـني في سَمْـعي ، اللّهُـمَّ عافِـني في بَصَـري ، لا إلهَ إلاّ اللّه أَنْـتَ . اللّهُـمَّ إِنّـي أَعـوذُبِكَ مِنَ الْكُـفر ، وَالفَـقْر ، وَأَعـوذُبِكَ مِنْ عَذابِ القَـبْر ، لا إلهَ إلاّ أَنْـتَ .(ثلاثاً)

(82)

«АллoхIумма Iaфинu фu баданu, аллoхIумма Iaфинu фu самIu, аллoхIумма Iaфинu фu басарu, лa илaхIа иллa анта. АллoхIумма иннu аIyзу бика миналкуфри валфакъри, ва аIyзу бика мин Iазaбилкъабри, лa илaхIа иллa анта».

«Йа АллахI! Суна сан дегIан могшалла ло Ахь, йа АллахI, суна сан хазаран могшалла ло Ахь, йа АллахI, суна са бIаьрсин могшалла ло Ахь, Хьо воцург кхин Дела вац. Йа АллахI! Со ларло Хьоьца керстаналлех а, мискаллех а, кхин а ларло со Хьоьца кошан Iазапах а; Хьо воцург кхин Дела вац». (кхозза эр ду).

 

حَسْبِـيَ اللّهُ لا إلهَ إلاّ هُوَ عَلَـيهِ تَوَكَّـلتُ وَهُوَ رَبُّ العَرْشِ العَظـيم . (سبع)

(83)

«ХьасбийаллoхIу, лa илaхIа иллa хIува, IалайхIи таваккалту, ва хIува роббул Iаршил Iазuм». «АллахI кхачаме ву суна, Иза воцург кхин Дела вац, болх Цунна тIе билли ас, Иза – доккхачу Iаршан Эла

ву». (7зза эр ду).

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أسْـأَلُـكَ العَـفْوَ وَالعـافِـيةَ في الدُّنْـيا وَالآخِـرَة ، اللّهُـمَّ إِنِّـي أسْـأَلُـكَ العَـفْوَ وَالعـافِـيةَ في ديني وَدُنْـيايَ وَأهْـلي وَمالـي ، اللّهُـمَّ اسْتُـرْ عـوْراتي وَآمِـنْ رَوْعاتـي ، اللّهُـمَّ احْفَظْـني مِن بَـينِ يَدَيَّ وَمِن خَلْفـي وَعَن يَمـيني وَعَن شِمـالي ، وَمِن فَوْقـي ، وَأَعـوذُ بِعَظَمَـتِكَ أَن أُغْـتالَ مِن تَحْتـي

(84)

«АллoхIумма иннu асъалукал Iафва валIaфийата фиддунйa вал aхирати, аллoхIумма иннu асъалукал Iафва валIaфийата фu дuнu ва дунйaйа, ва ахIлu, ва мaлu. АллoхIуммастур Iаврaтu, ва aмин равIaтu, аллoхIуммахьфазнu мин байни йадаййа, ва мин халфu, ва Iан йамuнu, ва Iан шимaлu ва мин фавкъu, ва аIyзу биIазаматика ан угIтaла мин тахьтu«.

«Йа АллахI! Ас гечдар доьху Хьоьга, ирс а (беркат а) доьху Хьоьга, дуьненахь а, эхартахь а. Йа АллахI! Ас гечдар доьху Хьоьга, сан динехь а, сан дахарехь а, сан охIлунна а, сан даьхнина а беркат а доьху Хьоьга. Йа АллахI! Сан (вон) къайленаш къайла яхийта Ахь, сан кхерамаш а суна кхерамаза бе Ахь. Йа АллахI! Со ларве Ахь хьалха а, тIехьа а, аьтту агIор а, аьрру агIор а, тIехула а. (Йа АллахI) Хьан воккхаллийца ларло со, Iехийна со цхьамма верах а».

 

اللّهُـمَّ عالِـمَ الغَـيْبِ وَالشّـهادَةِ فاطِـرَ السّماواتِ وَالأرْضِ رَبَّ كـلِّ شَـيءٍ وَمَليـكَه ، أَشْهَـدُ أَنْ لا إِلـهَ إِلاّ أَنْت ، أَعـوذُ بِكَ مِن شَـرِّ نَفْسـي وَمِن شَـرِّ الشَّيْـطانِ وَشِـرْكِه ، وَأَنْ أَقْتَـرِفَ عَلـى نَفْسـي سوءاً أَوْ أَجُـرَّهُ إِلـى مُسْـلِم

(85)

«АллoхIумма IaлималгIайби вашшахIaдати, фaтIирассамaвaти валъарди, робба кулли шайъин ва малuкахIy, ашхIаду аллa илaхIа иллa анта, аIyзу бика мин шарри нафсu, ва мин шарришшайтIoни ва ширкихIu, ва ан акътарифа Iалa нафсu сyан, ав ажуррахIy илa муслим».

«Йа АллахI! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш верг! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллина верг! ХIай массо хIуманан Эла, массо хIуманан паччахь! Ас тешалла до Хьо воцург кхин Дела цахиларца, сайн син вонах лар ло со Хьоьца, шайтIанан вонах а, цуьнан ширках а лар ло со Хьоьца, ас айса сайна вониг дарх а, йа и вониг кхечу бусалба стагана тIе дехьадаккхарх а лар ло со Хьоьца».

 

بِسـمِ اللهِ الذي لا يَضُـرُّ مَعَ اسمِـهِ شَيءٌ في الأرْضِ وَلا في السّمـاءِ وَهـوَ السّمـيعُ العَلـيم . (ثلاثا)

(86)

«БисмиллaхIиллазu лa йадурру маIасмихIu шайъун филъарди, ва лa фиссамaи, ва хIувассамuIул Iалuм«

«АллахIан цIарца, Шен цIарца хилча лаьттахь а, стиглахь а долчу цхьа а хIумано зен ца деш волчу (АллахIан цIарца), Иза Хезаш а, Хууш а ву». (кхоззаэрдуиза).

 

رَضيـتُ بِاللهِ رَبَّـاً وَبِالإسْلامِ ديـناً وَبِمُحَـمَّدٍ نَبِيّـاً .

(87)

«Родuту биллaхIи роббан, ва бил ислaми дuнан, ва бимухьаммадин соллаллoхIу IалайхIи ва саллама набиййан».

«АллахI сайн Дела хиларна реза хили со, Ислам сайн дин хиларна реза хили со, Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сайн Элча хиларна а реза хили со». (кхозза эр ду).

 

 

يا حَـيُّ يا قَيّـومُ بِـرَحْمَـتِكِ أَسْتَـغـيث ، أَصْلِـحْ لي شَـأْنـي كُلَّـه ، وَلا تَكِلـني إِلى نَفْـسي طَـرْفَةَ عَـين

(88)

«Й a хьаййу, йa къоййyму, бирохьматика астагIuсу, аслихь лu шаънu куллахIy, ва лa такилнu илa нафсu тIарфата Iайн».

«ХIай дийна верг, хIай даим верг! Хьан къинхетамца гIо лоьху ас, сан дерриг гIуллакхаш суна нисдей, туо де Ахь, со сайх цхьаннах воьзна Iадда а ма вита Ахь, бIаьрган негIар туххучул а».

 

أَصْبَـحْـنا وَأَصْبَـحْ المُـلكُ للهِ رَبِّ العـالَمـين ، اللّهُـمَّ إِنِّـي أسْـأَلُـكَ خَـيْرَ هـذا الـيَوْم ، فَـتْحَهُ ، وَنَصْـرَهُ ، وَنـورَهُ وَبَـرَكَتَـهُ ، وَهُـداهُ ، وَأَعـوذُ بِـكَ مِـنْ شَـرِّ ما فـيهِ وَشَـرِّ ما بَعْـدَه / أَمْسَيْـنا وَأَمْسـى المُـلكُ للهِ رَبِّ العـالَمـين ، اللّهُـمَّ إِنِّـي أسْـأَلُـكَ خَـيْرَ هـذهِ اللَّـيْلَة ، فَتْحَهـا ، وَنَصْـرَهـا ، وَنـورَهـا وَبَـرَكَتَـهـا ، وَهُـداهـا ، وَأَعـوذُ بِـكَ مِـنْ شَـرِّ ما فـيهـاِ وَشَـرِّ ما بَعْـدَهـا

(89)

«Асбахьнa ва асбахьалмулку лиллaхIи(Суьйранна иштта ала деза: «Амсайна ва амсал  мулку лиллахIи»  «Тхо суьйренга доьвли, хIокху суьйранна паччахьалла а…».)

 роббил Iaламuна. АллoхIумма иннu асъалука хайра хIaзал йавми, фатхьахIy, ва насрахIy, ва нyрахIy, ва баракатахIy, ва хIудaхIу, ва аIyзу бика мин шарри мa фuхIи ва шарри мa баIдахI«.

«Тхо Iуьйренга доьвлла, хIокху Iуьйранна паччахьалла а АллахIан ду, Iаламийн Эла волчу. Йа АллахI! Ас хIокху дийнан дика доьху Хьоьга: хIокхун толам а, хIокхун гIо а, хIокхун нур а, хIокхун беркат а, хIокхун нийсо а йоьху Хьоьга. Со Хьоьца лар а ло хIокхунна чохь долчу вонах а, хIокхул тIаьхьа долчу вонах а».

 

 

 

 

 

 

أَصْـبَحْنا[أَمْسَـينا] علـى فِطْـرَةِ الإسْلام ، وَعَلـى كَلِـمَةِ الإخْـلاص ، وَعلـى دينِ نَبِـيِّنا مُحَـمَّدٍ وَعَاـى مِلَّـةِ أبينـا إِبْـراهيـمَ حَنيـفاً مُسْلِـماً وَمـا كـانَ مِنَ المُشـرِكيـن

(90)

«Асбахьнa(Суьйранна «Амсайна»  «Суьйренга доьвлла  вай» ала деза.)

 Iалa фитIратил ислaми, ва Iалa калиматил ихлaси, ва Iалa дuни набиййинa Мухьаммадин, соллаллoхIу IалайхIи ва саллама, ва Iалa миллати абuнa ИбрoхIuма хьанuфан муслиман ва мa кaна минал мушрикuн».

«Вай Iуьйренга доьвлла Бусалба дин тIехь, Ихласан (Iамал Делан доьхьа хиларан) дош тIехь а, вайн Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дин тIехь а, вайн ден ИбрахIиман миллат тIехь а – цхьана АллахIана Iибадат деш волу хьаниф хилла волчу, бусалба хилла волчу, АллахIаца накъост вечарах а ца хилла волчу».

 

سُبْحـانَ اللهِ وَبِحَمْـدِهِ . مائة مرة

(91)

«СубхьaналлoхIи ва бихьамдихI«. «ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна».  (100зза эр ду иза).

 

 

لا إلهَ إلاّ اللّهُ وحْـدَهُ لا شَـريكَ لهُ، لهُ المُـلْكُ ولهُ الحَمْـد، وهُوَ على كُلّ شَيءٍ قَدير

(92)

«Лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалa кулли шайъин къадuр»

«АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву». (иттозза эр ду, а 1зза эр ду нагахь санна ша мало ахь).

 

 

 

 

 

لا إلهَ إلاّ اللّهُ وحْـدَهُ لا شَـريكَ لهُ، لهُ المُـلْكُ ولهُ الحَمْـد، وهُوَ على كُلّ شَيءٍ قَدير . مائة مرة

(93)

«Лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалa кулли шайъин къадuр».

«АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву». (100зза эр ду Iуьйранна).

 

سُبْحـانَ اللهِ وَبِحَمْـدِهِ عَدَدَ خَلْـقِه ، وَرِضـا نَفْسِـه ، وَزِنَـةَ عَـرْشِـه ، وَمِـدادَ كَلِمـاتِـه .

(94)

«СубхьaналлoхIи ва бихьамдихIu, Iадада халкъихIu, ва ридo нафсихIu, ва зината IаршихIu, ва мидaда калимaтихI«

«ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна: Цо кхоьллина мел долу хIума санна дукха, Иза Ша реза волччул, Цуьнан Iарш деза хилар санна, Цуьнан (чекхдоьвр доцу) дешнаш санна дукха».

 

 

(95)

«АллoхIумма иннu асъалука Iилман нaфиIан, ва ризкъан тIаййибан, ва Iамалан мутакъоббалан». «Йа АллахI! Ас пайдане долу Iилма доьху Хьоьга, цIена, дика рицкъ а доьху Хьоьга, къобал хир йолу Iамал а йоьху Хьоьга» (Iуьйранна эр ду иза).

 

أَسْتَغْفِرُ اللَّهَ وَأَتُوبُ إِلَيْهِ

(96)

«АстагIфируллoхIа ва атyбу илайхI«. «Ас АллахIе гечдар доьху, Цуьнга тоба а до ас». (100зза эр ду иза дийнахь).

 

أَعـوذُبِكَلِمـاتِ اللّهِ التّـامّـاتِ مِنْ شَـرِّ ما خَلَـق . ثلاثاً إِذا أمسى

(97)

«АI yзу бикалимaтиллaхIиттaммaти мин шарри мa халакъ». «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманийн вонах». (кхозза эр ду иза ша

суьйренга ваьллачо).

 

(98)

«АллoхIумма солли ва саллим Iалa набиййинa Мухьаммад». «Йа АллахI! Тхан Пайхамарх Мухьаммадах къинхетам бе Ахь, маршалла а ло ахь Цунна».

28. ДIавуьжуш деш долу зикр.

 

 

(99)

Шен ши куьг хьала а лаьцна, цаьршинна тIе хIупп олуш санна мох а тоьхна, оцу шина куьйга тIе хIара доьшур ду:

[ Сурат «Ал-ихлас» (КъулхIу) доьшур ду ша дерг. ]

[ Сурат «Ал-фалакъ» (Къул аIузу бироббил фалакъ…) доьшур ду ша дерг. ]

[Сурат «Ан-нас» (Къул аIузу бироббиннас) доьшур ду дерриг. ТIаккха и шен ши куьг шен дегIа тIехьокхур ду, и шиъ кхочу-кхочучу метте. Иштта кхозза дийр ду иза,

хIоразза и кхо сурат а доьшуш.

 

(100)  «Айатул – курсий доьшур  ду».

«АллoхIу лa илaхIа иллa хIувалхьаййул къоййyм, лa таъхузухIy синатувва лa навм, лахIy мa

фиссамaвaти ва мa фил ард, манзаллазu йашфаIу IиндахIy иллa биизнихI, йаIламу мa байна айдuхIим ва мa холфахIум, ва лa йухьuтIyна бишайъиммин IилмихIu иллa бимa шaа, васиIа курсиййухIуссамaвaти вал ард, ва лa йаyдухIy хьифзухIумa, ва хIувал Iалиййул Iазuм»

АллахI – Иза воцург кхин Дела вац, Дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна, Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг, мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр дерг Цуьнан пурбанца бен? царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна – Цунна лиъначунна бен, стигланаш а, латта а чулоцуш ду Цуьнан «курсийй», и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна, Лекха верг а, Воккха верг а ву Иза“.  

 

 

 

 

 

ءامَنَ الرَّسُولُ بِمَا أُنزِلَ إِلَيْهِ مِن رَّبِّهِ وَالْمُؤْمِنُونَ كُلٌّ ءامَنَ بِاللهِ وَمَلآئِكَتِهِ وَكُتُبِهِ وَرُسُلِهِ لاَ نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِّن رُّسُلِهِ وَقَالُواْ سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا غُفْرَانَكَ رَبَّنَا وَإِلَيْكَ الْمَصِيرُ {285} لاَ يُكَلِّفُ اللهُ نَفْسًا إِلاَّ وُسْعَهَا لَهَا مَا كَسَبَتْ وَعَلَيْهَا مَا اكْتَسَبَتْ رَبَّنَا لاَ تُؤَاخِذْنَا إِن نَّسِينَا أَوْ أَخْطَأْنَا رَبَّنَا وَلاَ تَحْمِلْ عَلَيْنَا إِصْرًا كَمَا حَمَلْتَهُ عَلَى الَّذِينَ مِن قَبْلِنَا رَبَّنَا وَلاَ تُحَمِّلْنَا مَا لاَ طَاقَةَ لَنَا بِهِ وَاعْفُ عَنَّا وَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَآ أَنتَ مَوْلاَنَا فَانصُرْنَا عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ 286

 

(101)

«Aманарросyлу бимa унзила илайхIи мирроббихIu вал муъминyна, куллун aмана биллaхIи ва

малaикатихIu ва кутубихIu ва русулихIu лa нуфаррикъу байна ахьадиммиррусулихI, ва къoлy самиIнa ва атIоIнa, гIуфрoнака роббанa ва илайкал масuр. Лa йукаллифуллoхIу нафсан иллa вусIахIa, лахIa мa касабат ва IалайхIa мактасабат, роббанa лa туaхизнa ин насuнa ав ахтIоънa, роббанa ва лa тахьмил Iалайнa исрон камa хьамалтахIy Iалаллазuна мин къоблинa, роббанa ва лa тухьаммилнa мa лa тIoкъата ланa бихI, ваIфу Iаннa вагIфир ланa вархьамнa, анта мавлaнa, фансурнa Iалал къовмил кaфирuн».

„Элча тешна шена шен Делера доссийначух, иштта Ийман диллинарш а, массо уьш тешна АллахIах а, Цуьнан малийкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а; (цара олу) оха къестам ца бо Цуьнан цхьа а элчанашна юккъахь, (кхин а) аьлла цара: тхуна хаза а хезна, тхо муьтIахь а хилла; хIай тхан Дела, Хьан гечдар доьху оха, дерзар Хьоьга а ду тхан. АллахIа адамана тIе ца дуьллу цуьнан ницкъ ца кхочург; цунна (пайденна) хир ду цо динарг (иза дика делахь), цунна доьхьал а хир ду цо динарг (иза вон делахь); хIай тхан Дела, тхоьгара бехк ма баккха Ахь тхо дицделлачунна, йа тхо галдоьвллачунна (тхоьгара даьллачунна); хIай тхан Дела, тхуна тIе ма яхка Ахь хала Iамалш, Айхьа тхол хьалха хиллачарна (Хьайна Iеса хиллачарна) тIе ма йахккара, тхан ницкъ кхочур боцург а ма дилла Ахь тхуна тIе, тхан къинош дIа а айде Ахь тхуна тIера, тхуна геч а де Ахь, тхох къинхетам а бе Ахь, Хьо тхан Эла ву, ткъа Ахь гIо де Ахь тхуна керста нахана доьхьал“ (Сурат «Албакъарат» 285-286 аяташ).

 

 

 

 

(102)

«Бисмика роббu вадоIту жанбu, ва бика арфаIухI, фа ин амсакта нафсu фархьамхIa, ва ин арсалтахIa фахьфазхIa бимa тахьфазу бихIu Iибaдакассoлихьuн».

«Хьан цIарца – хIай сан Дела – дIавуьжуш ву со, цуьнца хьала а гIотту со, ткъа нагахь санна Ахь сан са сацадахь (юха суна чу ца дерзош), цунах къинхетам бе Ахь, ткъа Ахь иза суна чу юхадерзадахь, иза лар де Ахь, Айхьа Хьайн дика лайш лар баре терра».

 

اللّهُـمَّ رَبَّ السّمـواتِ السَّبْـعِ وَرَبَّ العَـرْشِ العَظـيم ، رَبَّنـا وَرَبَّ كُـلِّ شَـيء ، فالِـقَ الحَـبِّ وَالنَّـوى ، وَمُـنَزِّلَ التَّـوْراةِ وَالإنْجـيل ، والفُـرْقان ، أَعـوذُ بِـكَ مِن شَـرِّ كُـلِّ شَـيءٍ أَنْـتَ آخِـذٌ بِنـاصِـيَتِه . اللّهُـمَّ أَنْـتَ الأوَّلُ فَلَـيسَ قَبْـلَكَ شَيء ، وَأَنْـتَ الآخِـرُفَلَـيسَ بَعْـدَكَ شَيء ، وَأَنْـتَ الظّـاهِـرُفَلَـيْسَ فَـوْقَـكَ شَيء ، وَأَنْـتَ الْبـاطِـنُ فَلَـيْسَ دونَـكَ شَيء ، اقـْضِ عَنّـا الـدَّيْـنَ وَأَغْـنِنـا مِنَ الفَـقْر

(103)

«АллoхIумма иннака халакъта нафсu ва анта таваффaхIa, лака мамaтухIa ва махьйaхIa. Ин ахьйайтахIa фахьфазхIa, ва ин аматтаха фагIфир лахIa. АллoхIумма иннu асъалукал IaфийахI«.

«Йа АллахI! Баккъалла а, Ахь кхоьллина сан са, Ахь хуьлуьйтур ду цуьнан далар а, Хьан керахь ду цуьнан дахар а, цуьнан далар а, ткъа нагахь санна Айхьа иза дийна дитахь лар де Ахь иза, ткъа Айхьа иза долуьйтуш хилахь цунна гечде Ахь. Йа АллахI! Ас дика могшалла йоьху Хьоьга».

 

(اللّهُـمَّ قِنـي عَذابَـكَ يَـوْمَ تَبْـعَثُ عِبـادَك . (ثلاثاً

(104)

«АллoхIумма къинu Iазaбака йавма табIасу Iибaдак». «Йа АллахI! Со Хьайн Iазапах лар ве Ахь, Айхьа Хьайн лайш гIовттор болчу дийнахь».

 

 

 

 

 

بِاسْـمِكَ اللّهُـمَّ أَمـوتُ وَأَحْـيا

(105)

«БисмикаллoхIумма амyту ва ахьйa«. «Хьан цIарца – йа АллахI –валар а хир ду сан, (Хьан цIарца) ваха а веха со».

 

 

(106)

«СубхьaналлaхI« «ЦIена ву АллахI» (ткъе кхойттозза эр ду).

 

 

«Алхьамду лиллaхI« «Хастам бу АллахIана» (ткъе кхойттозза эр ду). «АллaхIу акбар» «АллахI массо хIумнал воккха ву» (ткъе кхойттозза эр ду).

 

 

(107)

«АллoхIумма роббассамaвaтиссабIи, ва роббал Iаршил Iазuми, роббанa ва робба кулли шайъин, фaликъол хьабби ваннавa, ва мунзилаттаврoти валъинжuли валфуркъoни, аIyзу бика мин шарри кулли шайъин, анта aхизун бинaсийатихI. АллoхIумма антал аввалу фалайса къоблака шайъун, ва антал aхиру, фалайса баIдака шайъун, ва антаззoхIиру, фалайса фавкъака шайъун, ва антал бaтIину, фалайса дyнака шайъун, икъди Iаннаддайна, ва агIнинa миналфакър».

«Йа АллахI! ХIай ворхIе стигланийн Дела, лаьттан а Дела, доккхачу Iаршан а Дела, хIай тхан а, массо хIуманан а Дела, буьртиг а, хурманан лаг а кхиош волу Дела, хIай Таврат а, Инжил а, Къуръан а доссийна верг, со Хьоьца ларло массо хIуманан вонах, Хьо ву иза керахь долуш верг. Йа АллахI! Хьо ву Хьалхарниг, Хьол Хьалха хIумма а хилла дац, Хьо ву ТIаьххьарниг а (массо белча а вуьсур верг, Хьайн сифаташца), Хьол тIаьхьа хIумма а дац, Хьо ву толаме верг, Хьол лекха хIумма а дац, Хьо ву Къайлах верг (а, къайлах дерг хууш верг а), Хьол герга хIумма а дац, (йа АллахI), тхуна тIера декхар дIадаккха Ахь, тхо мискаллех хьалха а даха Ахь».

 

 

 

 

(108)

«Алхьамду лиллaхIиллазu атIIаманa, ва сакъoнa, ва кафaнa, ва aвaнa, факам мимман лa кaфийа лахIy ва лa муъвийа».

«Хастам бу АллахIана, вайна даар делла волчу, вайна хи а малийна волчу, вайна Шех тоъам бина волчу, вай Шена тIетовжийтина, тIелаьцна волчу, ткъа мел дукха бу, шайна кхачам бан цхьа а воцуш, тIетовжа а, тIелаца а цхьа а воцуш».

 

 

(109)

«АллoхIумма Iaлимал гIойби вашшахIaдати, фaтIироссамaвaти вал арди, робба кулли шайъин ва малuкахI, ашхIаду аллa илaхIа иллa анта, аIyзу бика мин шарри нафсu, ва мин шарришшайтIoни ва ширкихIи, ва ан акътарифа Iалa нафсu сyан, ав ажуррохIy илa муслим».

«Йа АллахI! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш верг, стигланаш а, латта а кхоьллина верг, массо хIума кхиош-кхобуш верг, массо хIума Хьайн долахь долуш верг, ас тешалла до Хьо воцург кхин Дела цахиларца, со ларло Хьоьца сайн син вонах, шайтIанан вонах а, цуьнан ширках а, ас айса сайна вониг дарх а, йа и вониг кхечу бусалба стагана тIе дехьадаккхарх а лар ло со Хьоьца».   (110) Къуръан тIера 32-гIа сурат «Ассаждат» а доьшур ду, 67-гIа сурат «Алмулк» (Табарак) а доьшур ду.

 

اللّهُـمَّ أَسْـلَمْتُ نَفْـسي إِلَـيْكَ، وَفَوَّضْـتُ أَمْـري إِلَـيْكَ، وَوَجَّـهْتُ وَجْـهي إِلَـيْكَ، وَأَلْـجَـاْتُ ظَهـري إِلَـيْكَ، رَغْبَـةً وَرَهْـبَةً إِلَـيْكَ، لا مَلْجَـأَ وَلا مَنْـجـا مِنْـكَ إِلاّ إِلَـيْكَ، آمَنْـتُ بِكِتـابِكَ الّـذي أَنْزَلْـتَ وَبِنَبِـيِّـكَ الّـذي أَرْسَلْـت

(111)

«АллoхIумма асламту нафсu илайка, ва фаввадту амрu илайка, ва ваджжахIту ваджхIu илайка, ва алжаъту зохIрu илайка, рогIбатан ва рохIбатан илайка. Лa малжаа ва лa манжa минка иллa илайка, aманту бикитaбикаллазu анзалта, ва бинабиййикаллазu арсалта».

«Йа АллахI! Ас сайн са Хьоьга дIадели, сайн болх а Хьоьга дIабели, сайн юьхь а Хьоьга ерзий, Хьоьга верза а вирзи со, Хьоьга дог а дохуш, Хьох кхера а кхоьруш. Верза меттиг а, кIелхьара вала меттиг а яц сан Хьоьгара йоцург, со тешна Ахь доссийначу жайнах а, Ахь ваийтинчу Пайхамарх а».

29.Буьйсанна вижинчара сама а ваьлла, ха хорцуш доьшуш долу зикр.

 

لا إِلـهَ إِلاّ اللهُ الـواحِدُ القَهّـار ، رَبُّ السَّـمواتِ وَالأرْضِ وَما بَيْـنَهـما ، العَزيـزُ الغَـفّار

(112)

«Лa илaхIа иллаллoхIул вaхьидул къоххIaру, роббуссамaвaти вал арди ва мa байнахIумал Iазuзул гIаффaр».

«АллахI воцург кхин Дела вац, Цхьаъ ву Иза, Толаме верг ву Иза, стигланийн а, лаьттан а, цаьршинна юккъахь долчун а  Эла ву Иза, Нуьцкъала а, Гечдеш а ву Иза».

30. Буьйсанна кхеравелла самаваьлча а, набарха кхералуш волчо а деш долу доIа.

 

أَعـوذُبِكَلِمـاتِ اللّهِ التّـامّـاتِ مِن غَضَـبِهِ وَعِـقابِهِ ، وَشَـرِّ عِبـادِهِ وَمِنْ هَمَـزاتِ الشَّـياطينِ وَأَنْ يَحْضـرون

(113)

«АIyзу бикалимaтиллахIиттaммaти мин гIодобихIu ва IикъoбихI, ва шарри IибaдихI, ва мин хIамазaтишшайaтIuни ва ан йахьдурyни»

«Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца Цуьнан оьгIазлонах а, Цуьнан Iазапах а, Цуьнан лайн вонах а, шайтIанийн вочу ойланех а, уьш сайна доьхьал дахкарх а».

31. Дика гIан гинчо, йа вон гIан гинчо дан дезарг.

 

(114)

Шен аьрру агIор кIеззиг туй кхуссуш санна хIупп эр ду кхозза. ТIаккха АллахIаца лар лур ву, шайтIанах а, шена гинчу гIенан вонах а. Масала: «Везан Дела! Со Хьоьца ларло шайтIанах а, сайна гинчу гIенан вонах а» аьлла эр ду кхозза. Вон гIан гинехь иза цхьаьнга дийцар дика дац.  Ша вижина Iаш хилла йолу шен агIо хийца еза, масала аьрру агIона тIехь вижина хиллехь аьтту агIон тIе вуьжур ву.

 

(115)

Шена лаахь хьала а гIаьттина ламаз дича а дика хир ду.

32. Витр ламазехь деш долу къунут-доIа.

 

اللّهُـمَّ اهْـدِنـي فـيمَنْ هَـدَيْـت، وَعـافِنـي فـيمَنْ عافَـيْت، وَتَوَلَّـني فـيمَنْ تَوَلَّـيْت ، وَبارِكْ لـي فـيما أَعْطَـيْت، وَقِـني شَرَّ ما قَضَـيْت، فَإِنَّـكَ تَقْـضي وَلا يُقْـضى عَلَـيْك ، إِنَّـهُ لا يَـذِلُّ مَنْ والَـيْت، [ وَلا يَعِـزُّ مَن عـادَيْت ]، تَبـارَكْـتَ رَبَّـنا وَتَعـالَـيْت

(116)

«АллoхIуммахIдинu фuман хIадайта, ва Iaфинu фuман Iaфайта, ва тавалланu фuман таваллайта, ва бaрик лu фuмa аIтIайта, ва къинu шарра мa къодойта, фаиннака такъдu ва лa йукъдo Iалайка, иннахIу лa йазиллу ман вaлайта, ва лa йаIиззу ман Iaдайта. Табaракта роббанa ва таIaлайта».

«Йа АллахI! Айхьа нисбинчарна юккъахь нисве Ахь со, Айхьа массо вочу хIумнах а, цамгарех а цIанбинчарна юкъахь цIанве Ахь со, Айхьа Хьайн бартхой бинчарна юккъахь Хьайн бартхо а ве Ахь сох, Айхьа суна деллачунна беркат а де Ахь суна, Айхьа йинчу кхелан вонах а лар ве Ахь со, баккъалла а Хьо кхел еш ву, Хьуна кхел яр хилалуш а дац, Ахь Хьайн бартхо винарг сийсаз валуш вац, Хьан мостагI хиллачун ницкъ а хир бац, беркате ву Хьо тхан Эла, лекха а ву Хьо».

 

اللّهُـمَّ إِنِّـي أَعـوذُ بِرِضـاكَ مِنْ سَخَطِـك، وَبِمُعـافاتِـكَ مِنْ عُقوبَـتِك، وَأَعـوذُ بِكَ مِنْـك، لا أُحْصـي ثَنـاءً عَلَـيْك، أَنْـتَ كَمـا أَثْنَـيْتَ عَلـى نَفْسـِك

(117)

«АллoхIумма иннu аIyзу биридoка мин сахатIика, ва бимуIaфaтика мин Iукъyбатика, ва аIyзу бика минка, лa ухьсu санaан Iалайка, анта камa аснайта Iалa нафсик».

«Йа АллахI! Баккъалла а, со ларло Хьо резахиларца Хьан оьгIазлонах, Ахь гечдарца Хьан Iазапах, Хьоьца Хьох а ларло со, соьга хеставалур вац Хьо тоъал, Хьо Ахь Айхьа Хьой хеста ма-варра ву».

 

اللّهُـمَّ إِيّـاكَ نعْـبُدْ، وَلَـكَ نُصَلّـي وَنَسْـجُد، وَإِلَـيْكَ نَسْـعى وَنَحْـفِد، نَـرْجو رَحْمَـتَك، وَنَخْشـى عَـذابَك، إِنَّ عَـذابَكَ بالكـافرين ملْحَـق. اللّهُـمَّ إِنّا نَسْتَعـينُكَ وَنَسْتَـغْفِرُك، وَنُثْـنـي عَلَـيْك الخَـيْرَ، وَلا نَكْـفُرُك، وَنُـؤْمِنُ بِك، وَنَخْـضَعُ لَكَ وَنَخْـلَعُ مَنْ يَكْـفرُك

(118)

«АллoхIумма иййaка наIбуду, ва лака нусоллu ва насжуду, ва илайка насIa ва нахьфиду, наржy рохьматака, ва нахшa Iазaбака, инна Iазaбака билкaфирuна мулхьакъ. АллoхIумма иннa настаIuнука, ва настагIфирука, ва нуснu Iалайкал хайра ва лa накфурука, ва нуъмину бика, ва нахIдау лака ва нахлаIу ман йакфурук».

«Йа АллахI! Хьуна цхьанна Iибадат до оха, Хьуна ламаз а, сужуд а до оха, Хьуна герга а гIерта тхо, Хьуна лолла а лела до Оха. Хьан къинхетаме дог  доху оха, Хьан Iазапах кхера а кхоьру тхо, баккъалла а, Хьан Iазап керста нахана тIекхочур долуш ду. Йа АллахI! Оха гIо доьху Хьоьгара, Оха гечдар доьху Хьоьгара, диканца Хьо хеста а во оха, Хьоьца керстаналла а ца до оха, Хьох теша а теша тхо, Хьуна муьтIахь а ду тхо, Хьоьца керстаналла деш берш буха а туху оха».

33. Витр ламазехь салам деллачул тIаьхьа деш долу доIа.

 

سُـبْحانَ المَلِكِ القُدّوس,ربِّ الملائكةِ والرّوح

(119)

«Субхьaнал маликил къуддyси». «ЦIена ву Паччахь, Сийлахь ЦIена верг».   (кхозза эр ду иза, кхоалгIа олучу хенахь шен аз дах а деш, хIокху тIаьхьадогIучуьнца хIотта а хIуттуш ).

» Роббил малaикати варрyхь» «Малийкин а, Жабраилан а Эла».

 

34. Сагатдаран а, гIайгIане хиларан а доIа.

 

اللّهُـمَّ إِنِّي عَبْـدُكَ ابْنُ عَبْـدِكَ ابْنُ أَمَتِـكَ نَاصِيَتِي بِيَـدِكَ، مَاضٍ فِيَّ حُكْمُكَ، عَدْلٌ فِيَّ قَضَاؤكَ أَسْأَلُـكَ بِكُلِّ اسْمٍ هُوَ لَكَ سَمَّـيْتَ بِهِ نَفْسَكَ أِوْ أَنْزَلْتَـهُ فِي كِتَابِكَ، أَوْ عَلَّمْـتَهُ أَحَداً مِنْ خَلْقِـكَ أَوِ اسْتَـأْثَرْتَ بِهِ فِي عِلْمِ الغَيْـبِ عِنْـدَكَ أَنْ تَجْـعَلَ القُرْآنَ رَبِيـعَ قَلْبِـي، وَنورَ صَـدْرِي وجَلَاءَ حُـزْنِي وذَهَابَ هَمِّـي

(120)

«АллoхIумма иннu Iабдука, ибну Iабдика, ибну аматика, нaсийатu бийадика, мaдин фиййа хьукмука, Iадлюн фиййа къодoука, асъалука бикуллисмин хIува лака, саммайта бихIu нафсака, ав анзалтахIy фu китaбика, ав IалламтахIy ахьадан мин халкъика, авистаъсарта бихIu фu IилмилгIойби Iиндака, ан тажIалал къуръaна рабuIа къалбu, ва нyра содрu, ва жалaа хьузнu ва захIaба хIаммu«.

«Йа АллахI! Баккъалла а, Хьан лай ву со, Хьан лайн кIант а ву со, Хьан лай йолчу (сайн ненан) кIант а ву со, сан болх Хьан керахь бу, Хьан хьукм суна тIехь чекхдолуш а ду, Ахь йина кхел суна нийса а ю. Ас Хьан массо цIарца доьху Хьоьга, Ахь Айхьа Хьайна яккхина йолчу, йа Ахь Хьайн Жайни тIехь йоссийна йолчу, йа Ахь Айхьа кхоьллинчу Хьайн халкъах цхьанна Iамийна йолчу, йа Ахь Хьайна гергахь Хьайн къайленехь сацийна йолчу, (ас доьху Хьоьга) Къуръан сан деган бIаьсте йар, сан кийран нур иза дар, сан сингаттам дIаойъуш дерг иза дар, сан сагатдалар а дIадоккхуш дерг иза дар».

 

 

اللّهُـمَّ إِنِّي أَعْوذُ بِكَ مِنَ الهَـمِّ وَ الْحُـزْنِ، والعًجْـزِ والكَسَلِ والبُخْـلِ والجُـبْنِ، وضَلْـعِ الـدَّيْنِ وغَلَبَـةِ الرِّجال

(121)

«АллoхIумма иннu аIyзу бика минал хIамми валхьазани, валIажзи валкасали, валбухли валжубни, ва долаIиддайни, ва гIолабатиррижaл».

«Йа АллахI! Со ларло Хьоьца сингаттамах а, сагатдаларх а, кIелвисарх а, малонах а, сутараллех а, осалаллех а, декхаро лацарх а, суна тIехь толам баккхарх а».

35. Шегахь гIайгIа-бала болчо деш долу доIа.

 

لَا إلَهَ إِلَّا اللَّهُ الْعَظـيمُ الْحَلِـيمْ، لَا إِلَهَ إِلَّا اللَّهُ رَبُّ العَـرْشِ العَظِيـمِ، لَا إِلَـهَ إِلَّا اللَّهْ رَبُّ السَّمَـوّاتِ ورّبُّ الأَرْضِ ورَبُّ العَرْشِ الكَـريم

(122)

«Лa илaхIа иллаллoхIул Iазuмул хьалuму, лa илaхIа иллаллoхIу, роббул Iаршил Iазuми, лa илaхIа иллаллoхIу, роббуссамaвaти, ва роббул арди, ва роббул Iаршил карuм».

«АллахI воцург кхин Дела вац, Воккха а, Эсала а ву Иза, АллахI воцург кхин Дела вац, доккхачу Iаршан да ву Иза, АллахI воцург кхин Дела вац, стигланийн Эла ву Иза, лаьттан а Эла ву Иза, сийлахьчу Iаршан да а ву Иза».

 

اللّهُـمَّ رَحْمَتَـكَ أَرْجـوفَلا تَكِلـني إِلى نَفْـسي طَـرْفَةَ عَـيْن، وَأَصْلِـحْ لي شَأْنـي كُلَّـه لَا إِلَهَ إِلَّا أنْـت

(123)

«АллoхIумма рохьматака арджy, фала такилнu илa нафсu тIарфата Iайнин, ва аслихь лu шаънu куллахIy, лa илaхIа иллa анта».

«Йа АллахI! Хьан къинхетаме дог доху ас, ткъа Ахь со ма вита сох сайх воьзна, бIаьрга негIар тухучу юкъана а, сан ша-долу гIуллакхаш то а де Ахь, Хьо воцург кхин Дела вац».

 

لَا إِلَهَ إِلَّا أنْـت سُـبْحانَكَ إِنِّي كُنْـتُ مِنَ الظّـالِميـن

(124)

«Лa илaхIа иллa анта, субхьaнака, иннu кунту миназзoлимuн». «Хьо воцург кхин Дела вац, ЦIена ву Хьо, баккъалла а, со зулам динчарах хилла-кх».

 

اللهُ اللهُ رَبِّ لا أُشْـرِكُ بِهِ شَيْـئاً

(125)

«АллoхIу, АллoхIу роббu, лa ушрику бихIu шайъан». «АллахI, АллахI ву сан Эла, ас Цуьнца накъост веш а вац».

 

36. МостагIчунна, а зуламе волчу паччахьана а доьхьал кхетча деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ إِنا نَجْـعَلُكَ في نُحـورِهِـم، وَنَعـوذُ بِكَ مِنْ شُرورِهـمْ

(126)

«АллoхIумма иннa нажIалука фu нухьyрихIим, ва наIyзу бика мин шурyрихIим». «Йа АллахI! Оха Хьо тхаьшна хьалха хилар доьху Хьоьга, тхол хьалха уьш хIаллакбеш, церан вонех Хьоьца

лар а ло тхо».

اللّهُـمَّ أَنْتَ عَضُـدي، وَأَنْتَ نَصـيري، بِكَ أَجـولُ وَبِكَ أَصـولُ وَبِكَ أُقـاتِل

(127)

«АллoхIумма анта Iадудu, ва анта нaсирu, бика ахьyлу, ва бика асyлу, ва бика укъoтилу». «Йа АллахI! Хьо ву со тIетоьвжаш верг, Хьо ву сан ГIоьнча, Хьоьца лар ло со цара со Iехаварх, Хьоьца

тIелатар а до ас, Хьо сайн накъост волуш тIом а бо ас».

 

حَسْبُـنا اللهُ وَنِعْـمَ الوَكـيل

(128)

«ХьасбуналлoхIу ва ниIмал вакuл». «АллахI кхачаме ву вайна, ма дика Доладархо  ву-кх Иза».

37. Паччахьан зуламах кхоьруш волчо деш долу доIа.

 

اللهُمَّ رَبَّ السَّماوَاتِ السَّبعِ, وَ رَبَّ العَرشِ العَظِيمِ, كُن لِي جَاراً مِن (اِسمُهُ) وَ أَحزَابِهِ مِن خَلائِقِكَ, أَن يَفرُطَ عَلَيَّ أَحَدٌ مِنهُم وَ يَطغَى عَزَّ جَارُكَ وَ جَلَّ ثَنَائُكَ, وَ لا إِلهَ إِلا أَنت

(129)

«АллoхIумма роббассамaвaтиссабIи ва роббал Iаршил Iазuми, кун лu жaран мин (ша кхоьруш волчун цIе йоккхур ю) ва ахьзaбихIu мин халaикъика, ан йафрутIа Iалаййа ахьадун минхIум ав

йатIгIo. Iазза жaрука, ва жалла санaука ва лa илaхIа иллa анта». «Йа АллахI! ХIай ворхIе стигланан Эла, хIай доккхачу Iаршан Эла, со – “хьенехах” (паччахьан цIе йоккхур

ю) – лар веш хила Хьо, Айхьа кхоьллинчу хIумнашна юкъара цуьнан тобанех а со лар веш хила Хьо, цаьрга суна зен ца дойтуш, я суна тIехь зулам а ца дайтуш. Хьан ларвар чIогIа нуьцкъала ду, Хьуна беш болу хастам сийлахь бу, Хьо воцург кхин Дела а вац».

 

(130)

«АллoхIу акбар, АллoхIу аIаззу мин халкъихIu жамuIан, АллoхIу аIаззу миммa ахoфу ва ахьзару. АIyзу биллaхIиллазu лa илaхIа иллa хIувал мумсикиссамaвaтиссабIи ан йакъоIна Iалал арди иллa биизнихI, мин шарри Iабдика (ша кхоьруш волчун цIе йоккхур ю) ва жунyдихIu, ва атбaIихIu ва ашйаIихIu, миналжинни валъинси. АллoхIумма кун лu жaран мин шаррихIим, жалла санaука, ва Iазза жaрука, ва табaракасмука, ва лa илaхIа гIойрук».

«АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI Ша кхоьллинчу массо хIумнал ницкъ болуш ву, со кхоьручу а, со шех ларлуш долчу а массо хIумнал ницкъ болуш ву АллахI, со лар ло АллахIаца, Ша воцург кхин Дела воцуш волчу, ворхI стигал – Шена лиъча бен – лаьтта тIе ца йожуьйтуш латтош волчу, (со ларло Хьоьца йа АллахI) Хьан лайн – хьенехан – вонах а, цуьнан эскарех а, цунна тIаьхьахIиттинчарах а, цуьнан тобанех а, жинех а, адамех а. Йа АллахI! Церан вонах со ларвеш хила Хьо, Хьуна беш болу хастам сийлахь бу, Хьан ларвар нуьцкъала чIогIа ду, Хьан цIе беркате ю, Хьо воцург кхин Дела а вац». Iара кхозза эр ду).

38. МостагIчунна доьхьал деш долу доIа.

 

اللَّهُمَّ مُنْزِلَ الْكِتَاب, سَرِيعَ الْحِسَاب, اللَّهُمَّ اهْزِمْهُمْ وَ زَلْزِلْهُم

(131) 

«АллoхIумма мунзилалкитaби сарuIалхьисaби, ихIзимил ахьзaба, аллoхуммахIзимхIум ва залзилхIум»

«Йа АллахI! ХIай Жайна доссийна верг, хьесап сиха деш верг, тобанаш иэша е Ахь, йа  АллахI, уьш иэша бе Ахь, уьш бега бе Ахь».

39. Шен цхьана адамех кхерам хилча деш долу доIа.

 

اللَّهُمَّ اكْفِلْنِيهِم بمَا شِئْت

(132)

«АллoхIуммакфинuхIим бимa шиъта» «Йа АллахI! Хьайна луъучуьнца со церах  лар ве Ахь».

40. Шен Ийманехь шеконаш кхоллалучо дан деза доIа.

 

 

أَعـوذُ بِاللهِ مِنَ الشَّيْـطانِ الرَّجيـم

(133)

«АллахIаца лар ло со шеконех а, шайтIанах а»  аьлла, йа шена лаахь кхечу дешнашца аьлла а, АллахIаца лар вала веза. ТIаккха шегахь кхоллаелла йолу шеко дIаяккха еза.

 

آمَنْـتُ بِاللهِ وَرُسُـلِه

(134)

«Aманту биллaхIи ва русулихI« «Со тешна АллахIах а, Цуьнан элчанех а».

 

(135)

Къуръан тIера хIара аят доьшур ду:

 

       هُوَ الأوَّلُ، وَالآخِـرُ، وَالظّـاهِـرُ، وَالْبـاطِـنُ، وَهُوَ بِكُلِّ شَيءٍ عَلـيم

“ХIувал аввалу вал aхиру, ваззoхIиру, валбaтIину, ва хIува бикулли шайъин Iалuм” „Иза ву Хьалхарниг а, ТIаьххьарниг а (массо белча а вуьссур верг, Шен сифаташца), Толаме верг а,

Къайлах верг а (а, къайлах дерг хууш верг а), Иза массо хIума хууш а ву“ [Сурат «Алхьадид» 3 аят].

41. Шена тIехь декхар долчо деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ اكْفِـني بِحَلالِـكَ عَنْ حَـرامِـك، وَأَغْنِـني بِفَضْـلِكِ عَمَّـنْ سِـواك

(136)

«АллoхIуммакфинu бихьалaлика Iан хьарoмика, вагIнинu бифадлика Iамман сивaка» «Йа АллахI! Айхьа хьанал динчунца суна тоам бе Ахь Айхьа хьарам динчунах, Хьайн къинхетамца Хьайх

цхьаннах суна тоам а бе Ахь, кхечаьрга сан хIумма а деха  ца дезаш».

 

اللّهُـمَّ إِنِّي أَعْوذُ بِكَ مِنَ الهَـمِّ وَ الْحُـزْنِ، والعًجْـزِ والكَسَلِ والبُخْـلِ والجُـبْنِ، وضَلْـعِ الـدَّيْنِ وغَلَبَـةِ الرِّجال

(137)

«АллoхIумма иннu аIyзу бика минал хIамми вал хьазани, валIажзи валкасали, валбухли валжубни, ва долаIиддайни ва гIалабатиррижaли»

«Йа АллахI! Со Хьоьца ларло гIайгIанах а, сингаттамах а, кIелвисарх а, малонах а, сутараллех а, осалаллех а, декхаро лацарх а, суна тIехь толам баккхарх а».

42. Ламаз тIехь а, Къуръан доьшуш волуш а вон ойланаш дагаяьхкинчо деш долу доIа.

 

أَعـوذُ بِاللهِ مِنَ الشَّيْـطانِ الرَّجيـم

(138)

«АIyзу биллaхIи минашшайтIoнирражuм»

 

«Со АллахIаца ларло Цо Шена генадаьккхинчу шайтIанах»  эр ду, тIаккха шен аьрру агIор туй кхуссуш санна хIупп эр ду кхозза.

43. Шена цхьа гIуллакх дазделлачо а, йа иза дар халахеташ волчо а деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ لا سَـهْلَ إِلاّ ما جَعَلـتَهُ سَهـلاً، وَأَنْتَ تَجْـعَلُ الْحَـزَنَ إِذا شِـئْتَ سَهـْلاً

(139)

«АллoхIумма лa сахIла иллa мa жаIалтахIy сахIлан, ва анта тажIалул хьазна изa шиъта сахIлан!» «Йа АллахI! Ахь атта динарг бен атта хIумма а дац, Ахь Хьайна лиъча сингаттам атта бой дIабоккху».

44. Къа латийначо дан дезарг а,  ала дезарг а.

 

 

(140)

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Цхьамма къа латийча, цо кхоччуш ламаз а эцна, тIаккха хьала а гIаьттина ши ракаIат ламаз а дина, тIаккха шена АллахIе гечдар дехахь, АллахIа цунна гечдийр ду».

45. ШайтIа а, цуьнан вон ойланаш а гена йохуш долу доIа.

 

أَعـوذُ بِاللهِ مِنَ الشَّيْـطانِ الرَّجيـم

 

(141)

АллахIаца ларлур ву Цо Шена генадаьккхинчу шайтIанах.

 

(142)

Азан дийр ду (молла кхойкхуш олуш долу дешнаш эр ду).

 

(143)

Къуръан доьшур ду, шортта Дела хьахор ву.

46. Ша реза воцу хIума хилча, йа шена луург ца хилча деш долу доIа.

 

قَدَّرَ اللهُ وَما شـاءَ فَعَـل

(144)

«КъадаруллoхIи ва мa шaа фаIал». «Делан кхел ю лелларг, Шена луург дина Цо».

47. Керла бер динчу дена деш долу доIа а, цо доьхьал олуш дерг а.

 

بَارَكَ اللهُ لَكَ فِالْمَوْهُوبِ, وَ شَكَرْتَ الْوَاهِب, وَ بَلَغَ أَشُدَّهُ, وَ رُزِقْتَ برَّه — بَارَكَ اللهُ لَكَ فِالْمَوْهُوبِ, وَ شَكَرْتَ الْوَاهِب, وَ بَلَغَ أَشُدَّهُ, وَ رُزِقْتَ برَّه

(145)

«БaрокаллoхIу лака филмавхIyби лака, ва шакартал вaхIиба, ва балагIа ашуддахIy ва рузикъта биррохI«

«Дала беркат дойла хьуна Дала деллачу берана, Хьайна иза деллачунна шукр а дойла Ахь, доккха хиллалц кхиа а кхуьийла иза, цуьнан дикалла а хуьлда хьуна».  ТIаккха бер долчо иштта жоп лур ду:

  

«БaрокаллoхIу лака, ва бaрака Iалайка, ва жазакаллoхIу хайран, ва разакъакаллoхIу мислахIy ва ажзала савaбак»

«Дала беркат дойла хьох а, хьуна а, Дала диканца бекхам а бойла хьуна, Дала и саннарг дала а лойла хьуна, Дала мел сов а боккхийла хьан».

48. Бераш лардар доьхуш деш долу доIа.

 

أُعيـذُكُمـا بِكَلِـماتِ اللهِ التّـامَّة، مِنْ كُلِّ شَيْـطانٍ وَهـامَّة، وَمِنْ كُـلِّ عَـيْنٍ لامَّـة

(146)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен йоьIа ши кIант Хьасан а, Хьусайн а ларвар доьхуш хIара олуш хилла:

 

«УIuзукумa бикалимaтиллaхIиттaммати мин кулли шайтIoнин ва хIaмматин, ва мин кулли Iайнин лaммахI«

«АллахIан кхачаме долчу дешнашца ларво  ас шуьшиъ массо шайтIанах а, вочу экханах а, массо вочу бIаьргах а».

49. Цомгаш верг волча ваханчо цунна деш долу доIа.

 

لا بأْسَ طَهـورٌ إِنْ شـاءَ الله

(147)

«Лa баъса, тIахIyрун иншaаллoхI« «Вон хIумма а дац, Дала мукъалахь хьо цIанлуш дIадоьрзур ду».

 

أَسْـأَلُ اللهَ العَـظيـم، رَبَّ العَـرْشِ العَـظيـم أَنْ يَشْفـيك . سبع مرات

(148)

«АсъалуллoхIал Iазuма, роббал Iаршил Iазuми, ан йашфийака» «Воккхачу АллахIе доьху ас, доккхачу Iаршан Деле доьху ас хьо то вар» (ворхIозза эр ду иза).

50. Цомгаш верг волча вахаран дозалла.

 

(149)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бусалба стаг шен цомгаш волу бусалба вешига хьажа вахча, и волча дIакхаччалц иза воьдуш хир ву ялсаманин бошмашна юккъехула, цомгаш верг волчахь иза охьахаъалц, тIаккха иза охьахиъча, цунна тIехь хир бу къинхетам; иза цига Iуьйранна вахнехь кхузткъе итт эзар малийк хир ду цунна къинхетам боьхуш суьйре кхаччалц, иза суьйранна вахнехь а кхузткъе итт эзар малийк хир ду цунна къинхетам боьхуш Iуьйре кхаччалц».

51. Ша дийна ца виса мега аьлла хеташ волчу цомгаш стага деш долу доIа.

 

أللّهُـمَّ اغْفِـرْ لي وَارْحَمْـني وَأَلْحِقْـني بِالرَّفـيقِ الأّعْلـى

(150)

«АллoхIуммагIфир лu, вархьамнu ва алхьикънu биррофuкъил аIлa« «Йа АллахI! Суна гечде Ахь, сох къинхетам а бе Ахь, лаккхарчу хIусамашкахь (ялсаманехь) болчарах дIа а

тоха Ахь со».

 

 

(151)

Iаишата дийцина – Дела реза хуьлда цунна: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша лечу хенахь шен ши куьг хи чу а Iуттий, юха и шиъ шен юьхь тIе хьакхара, “АллахI воцург кхин Дела вац, баккъалла а, валарца яккхий халонаш ю-кх” – олуш».

لَا إِلَهَ إِلَّا الله، إِنَّ للمَـوْتِ لَسَكَـرات

«Лa илaхIа иллаллoхIу, инна лилмавти ласакарoтин!»

 

 

لا إلهَ إلاّ اللّهُ وَاللّهُ أَكْبَـر، لا إلهَ إلاّ اللّهُ وحْـدَهُ لا شَريكَ لهُ، لا إلهَ إلاّ اللّهُ لهُ المُلكُ ولهُ الحَمْد، لا إلهَ إلاّ اللّهُ وَلا حَـوْلَ وَلا قُـوَّةَ إِلاّ بِالله

(152)

«Лa илaхIа иллаллoхIу валлoхIу акбар, лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахI, лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, лa илaхIа иллаллoхIу лахIулмулку ва лахIулхьамду, ла илaхIа иллаллoхIу ва лa хьавла ва лa къуввата иллa биллaхI«

«АллахI воцург кхин Дела вац, АллахI массо хIумнал воккха а ву, АллахI воцург кхин Дела вац, ша Цхьаъ ву Иза, цхьа АллахI воцург кхин Дела вац, Цуьнца накъост а вац, АллахI воцург кхин Дела вац, паччахьалла а, берриг хастам а Цуьнан бу, АллахI воцург кхин Дела вац, Цуьнгара бен гIора а дац, ницкъ а бац».

52. Леш волчо тIаьххьара ала деза дош.

 

لا إلهَ إلاّ اللّه

(153)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шен тIаьххьара дешнаш –АллахI воцург кхин дела вац – аьлла хилларг ялсамане вахна».

 

53. Цхьа бала, я бохам тIебеанчо дан деза доIа.

 

إِنّا للهِ وَإِنَا إِلَـيْهِ راجِعـون ، اللهُـمِّ اْجُـرْني في مُصـيبَتي، وَاخْلُـفْ لي خَيْـراً مِنْـها

(154)

«Иннa лиллaхIи ва иннa илайхIи рoжиIyн. АллoхIуммаъжурнu фu мусuбати ва ахлиф лu хайран минхIa«

«Бакъдолуш вай АллахIан (лайш) ду, вай Цуьнга доьрзур долуш а ду. Йа АллахI! ХIокху бохамах суна ял ло Ахь, хIокхул диканиг дала а ло Ахь суна».

54. Веллачу стеган ши бIаьрг дIакъовлуш деш долу доIа.

 

اللهُـمِّ اغْفِـرْ لِـ-فلان باسـمه- وَارْفَعْ دَرَجَتَـهُ في المَهْـدِييـن ، وَاخْـلُفْـهُ في عَقِـبِهِ في الغابِـرين، وَاغْفِـرْ لَنـا وَلَـهُ يا رَبَّ العـالَمـين، وَافْسَـحْ لَهُ في قَبْـرِهِ وَنَـوِّرْ لَهُ فيه

(155)

«АллoхIуммагIфир ли (веллачун цIе йоккхур ю шена хаахь) варфаI даражатахIy филмахIдиййuна, вахлуфхIу фu IакъибихIu фил гIoбирuна, вагIфир ланa ва лахIy йа роббал Iaламuна, вафсахь лахIу фu къабрихIu ва наввир лахIy фuхIи!»

«Йа АллахI! Гечде Ахь (хьенехана – веллачун цIе йоккхур ю), нисбелла хиллачарна юкъахь цуьнан дарж сов а даккха Ахь, цуьнан тIаьхьенна гIоьнча а хила Хьо, тхуна а, цунна а геч а де Ахь, хIай Iаламийн Эла, цунна каш чохь меттиг а шор йе Ахь, цуьнан каш нуьре а де Ахь».

55. Докъа ламаз деш дан деза доIа.

 

اللهُـمِّ اغْفِـرْ لَهُ وَارْحَمْـه ، وَعافِهِ وَاعْفُ عَنْـه ، وَأَكْـرِمْ نُزُلَـه ، وَوَسِّـعْ مُدْخَـلَه ، وَاغْسِلْـهُ بِالْمـاءِ وَالثَّـلْجِ وَالْبَـرَدْ ، وَنَقِّـهِ مِنَ الْخطـايا كَما نَـقّيْتَ الـثَّوْبُ الأَبْيَـضُ مِنَ الدَّنَـسْ ، وَأَبْـدِلْهُ داراً خَـيْراً مِنْ دارِه ، وَأَهْلاً خَـيْراً مِنْ أَهْلِـه ، وَزَوْجَـاً خَـيْراً مِنْ زَوْجِه ، وَأَدْخِـلْهُ الْجَـنَّة ، وَأَعِـذْهُ مِنْ عَذابِ القَـبْر وَعَذابِ النّـار

(156)

«АллoхIуммагIфир лахIy ( зуда елахь иштта эр ду: лахIa), вархьамхIуIa), ва IaфихIuIa), ваIфу IанхIуIa), ва акрим нузулахIyIa), ва вассиI мудхалахIyIa), вагIсилхIуIa) бил мaи, вассалжи валбаради, ва наккъихIuIa) минал хотIoйa камa наккъайтассавбал абйада минадданас, ва абдилхIу(хIa) дaран хайран мин дaрихIиIa), ва ахIлан хайран мин ахIлихIuIa), ва завжан хайран мин завжихIuIa), ва адхилхIулжанната ва аIизхIуIa) мин Iазaбилкъабри ва Iазaбиннaр»

«Йа АллахI! Гечде Ахь цунна, къинхетам а бе Ахь цунах, цунах къахете, къинтIера вала Хьо цунна, иза воьрзу меттиг сийлахь а йе Ахь, иза чохь хир волу меттиг шор а йе Ахь, догIунца а, лайца а, шаца а лийчийча санна къинош дIадаха Ахь цуьнан, цIена йоцучу хIумнах кIайн духар дIацIанлуш санна шен къинойх дIацIанве Ахь иза, цуьнан хиллачу хIусамал дика хIусам а ло Ахь цунна, цуьнан охIлунал дика охIлу а ло Ахь цунна, цуьнан хиллачу хIусамненал (зуда елахь: хIусамдел – эр ду) дика хIусамнана а ло Ахь цунна, ялсамане чу а вахийта Ахь иза, кошан Iазапах а, цIеран Iазапах а лар ве Ахь иза».

 

 

 

 

اللهُـمِّ اغْفِـرْ لِحَيِّـنا وَمَيِّتِـنا وَشـاهِدِنا ، وَغائِبِـنا ، وَصَغيـرِنا وَكَبيـرِنا ، وَذَكَـرِنا وَأُنْثـانا . اللهُـمِّ مَنْ أَحْيَيْـتَهُ مِنّا فَأَحْيِـهِ عَلى الإِسْلام ،وَمَنْ تَوَفَّـيْتَهُ مِنّا فَتَوَفَّـهُ عَلى الإِيـمان ، اللهُـمِّ لا تَحْـرِمْنـا أَجْـرَه ، وَلا تُضِـلَّنا بَعْـدَه

(157)

«АллoхIуммагIфир лихьаййинa, ва маййитинa, ва шaхIидинa, ва гIoибинa, ва сагIuринa, ва кабuринa, ва закаринa ва унсaнa! АллoхIумма ман ахьйайтахIy миннa, фаахьйихIu Iалал ислaми, ва ман таваффайтахIy миннa, фатаваффахIy Iалал имaни. АллoхIумма ла тахьримнa ажрахIy ва лa тудилланa баIдахI«

«Йа АллахI! Тхан дийначарна а гечде Ахь, тхан беллачарна а гечде Ахь, кхузахь болчарна а гечде Ахь, кхузахь боцучарна а гечде Ахь, тхан кегийчарна а, баккхийчарна а гечде Ахь, божаршна а, зударшна а гечде Ахь. Йа АллахI! Айхьа тхох дийна вуьтуш верг, я керла дуьнен чу воккхуш верг Ислам-дин тIехь хилийта Ахь, Айхьа тхох волуьйтуш верг — Ийманна тIехь валар нисде Ахь цуьнан. Йа АллахI!     ХIокхунна хилларг санна болчу мелах тхо ма даха Ахь, хIокхул тIаьхьа тхо тиларчу а ма дахийта Ахь».

 

اللهُـمِّ إِنَّ فُلانَ بْنَ فُلانٍ في ذِمَّـتِك ، وَحَبْـلِ جِـوارِك ، فَقِـهِ مِنْ فِتْـنَةِ الْقَـبْرِ وَعَذابِ النّـار ، وَأَنْتَ أَهْلُ الْوَفـاءِ وَالْـحَقِّ ، فَاغْفِـرْ لَهُ وَارْحَمْـهُ ، إِنَّكَ أَنْتَ الغَـفورُ الـرَّحيم

(158)

«АллoхIумма инна (веллачун цIе йоккхур ю) фu зимматика ва хьабли живaрика, факъихIu мин фитнатил къабри ва Iазaбиннaри, ва анта ахIлулвафaи валхьаккъи, фагIфир лахIy вархьамхIу, иннака антал гIофyруррохьuм»

«Йа АллахI! “Хьенехан кIант Хьенех” (веллачуьнан цIе йоккхур ю, стаг велахь а, я зуда елахь а) Хьан керахь а ву, Ахь ларвеш а ву, иза ларве Ахь кошан питанах а, цIеран Iазапах а. Бакъдолуш, Хьо тешаман да а, нийсонан да а ву,  гечде Ахь цунна, къинхетам а бе Ахь цунах, баккъалла а Хьо ву Гечдеш верг а, Къинхетам беш верг а».

 

 

 

اللهُـمِّ عَبْـدُكَ وَابْنُ أَمَـتِك، احْتـاجَ إِلى رَحْمَـتِك، وَأَنْتَ غَنِـيٌّ عَنْ عَذابِـه، إِنْ كانَ مُحْـسِناً فَزِدْ في حَسَـناتِه، وَإِنْ كانَ مُسـيئاً فَتَـجاوَزْ عَنْـه

(159)

«АллoхIумма Iабдука вабну аматика, ихьтaжа илa рохьматика, ва анта гIаниййун Iан IазaбихI. Ин кaна мухьсинан фазид фu хьасанaтихI, ва ин кaна мусuан фатажaваз IанхIу»

«Йа АллахI! Хьан лай а, Хьан лай йолчу зудчун кIант а Хьан къинхетам оьшуш ву, ткъа Хьо цунна Iазап ца дича а зен хуьлуш вац, нагахь санна иза дика стаг хиллехь цуьнан дика гIуллакхаш сов даха Ахь, нагахь санна иза вон стаг хиллехь цуьнан вон гIуллакхаш тидаме ма лаца Ахь».

56. Берана тIехь докъу ламаз деш дан деза доIа.

 

(160)

«АллoхIумма аIизхIу мин Iазaбил къабри!» «Йа АллахI! Кошан Iазапах лар де Ахь иза».

 

اللهُـمِّ اجْعَلْـهُ فَرَطـاً وَذُخْـراً لِوالِـدَيه، وَشَفـيعاً مُجـاباً، اللهُـمِّ ثَـقِّلْ بِهِ مَوازيـنَهُما، وَأَعْـظِمْ بِهِ أُجـورَهُـما، وَأَلْـحِقْـهُ بِصالِـحِ الـمؤْمِنـين، وَاجْعَلْـهُ في كَفـالَةِ إِبْـراهـيم، وَقِهِ بِرَحْمَـتِكَ عَذابَ الْجَـحيم

 

 

«АллoхIуммажIалхIу фаратIан ва зухран ливaлидайхIи ва шафuIан мужaбан, аллoхIумма саккъил бихIu мавaзuнахIумa, ва аIзим бихIu ужyрахIумa, ва алхьикъхIу бисoлихьил муъминuна, важIалхIу фu кафалати ИбрoхIuма, ва къихIu бирохьматика Iазaбал жахьuми, ва абдилхIу дaран хайран мин дaрихIи, ва ахIлан хайран мин ахлихIu. АллoхIуммагIфир лиаслaфинa, ва афрoтIинa ва ман сабакъонa бил uмaн»

«Йа АллахI! Цунах цуьнан дена-нанна тIейогIучу хенахь цаьршинна карор йолу ял а, дIайиллина хазна а йе Ахь, шена жоп лур долу шафаIат дийр дерг а де Ахь цаьршинна цунах. Йа АллахI! Цаьршинан терзанаш цуьнца дазде Ахь, цаьршинан ял цуьнца йоккха йе Ахь, Хьайх тешаш хиллачу дикчу нахах дIа а тоха Ахь иза, ИбрахIим-пайхамара дола деш а хилийта Ахь иза, Хьайн къинхетамца жоьжахатин Iазапах лар а де Ахь иза, цуьнан хьалха хилла хIусам кхин а дикчуьнца хийца Ахь, цуьнан охIлу кхин а дикчу охIлунца хийца Ахь. Йа АллахI! Тхан хьалхалерачарна а гечде Ахь, тхан тIаьхьарчарна а гечде Ахь, Хьох тешарехь тхол хьалха боьвллачарна а гечде Ахь».

 

اللهُـمِّ اجْعَلْـهُ لَنا فَرَطـاً، وَسَلَـفاً وَأَجْـراً

(161)

«АллoхIуммажIалхIу ланa фаратIан, ва салафан ва ажран» «Йа АллахI! Тхуна цунах ял йе Ахь, хьалха карор долу дика а де Ахь, мел а бе Ахь».

 

57. Тезетахь деш долу доIа.

 

إِنَّ للهِ ما أَخَذ، وَلَهُ ما أَعْـطـى، وَكُـلُّ شَيءٍ عِنْـدَهُ بِأَجَلٍ مُسَـمَّى.فَلْتَصْـبِر وَلْتَحْـتَسِب. أَعْظَـمَ اللهُ أَجْـرَك، وَأَحْسَـنَ عَـزاءَ ك، وَغَفَـرَ لِمَـيِّتِك

(162)

«Инна лиллaхIи мa ахаза, ва лахIy мa аIтIo, ва куллу шайъин IиндахIy биажалин мусамман.., фалтасбир валтахьтасиб»

«Бакъдолуш, Дала Шена дIаэцнарг Цуьнан ду, Цо делларг а Цуьнан ду, массо хIума Цунна гергахь хан тоьхна а ду. Собаре хила хьо, хьайна мел хиларга дог дохуш а хила хьо».

 

» А I замаллoхIу ажрака, ва ахьсана Iазaака, ва гIафара лимаййитик» «Дала хьан ял сов йоккхийла, хьан синтем хаз а бойла, хьан веллачунна геч а дойла».

58. Велларг каш чу вуьллуш деш долу доIа.

 

بِسْـمِ اللهِ وَعَلـى سُـنَّةِ رَسـولِ الله

(163)

«БисмиллaхI, ва Iалa суннати расyлиллaхI«. «АллахIан цIарца, АллахIан Элчан суннат тIехь».

59. Велларг дIавоьллинчул тIаьхьа деш долу доIа.

 

اللَّهُمَّ اغْفِرْ لَهُ, اللَّهُمَّ ثَبِّتْهُ

(164)

«АллoхIуммагIфир лахIу, аллoхIумма саббитхIу» «Йа АллахI! Гечде Ахь цунна. Йа АллахI! Хьайгара ницкъаца чIагIве Ахь иза».

 

60. Кешнашка зерате вахча деш долу доIа.

 

السَّلامُ عَلَـيْكُمْ أَهْلَ الدِّيارِ مِنَ المؤْمِنيـنَ وَالْمُسْلِمين، وَإِنّا إِنْ شاءَ اللهُ بِكُـمْ لاحِقـون، نَسْـاَلُ اللهَ لنـا وَلَكُـمْ العـافِيَة

(165)

«Ассалaму Iалайкум, ахIладдийaри минал муъминuна валмуслимuна, ва иннa иншaаллoхIу бикум лaхьикъyна, ва йархьамуллoхIул мустакъдимuна миннa валмустаъхирuна, асъалуллoхIа ланa ва лакумул Iaфийата»

«Делера маршалла хуьлда шуна, хIокху хIусамийн охIлу, АллахIах тешаш хиллачарах берш а, бусалба хиллачарах берш а. Дала мукъалахь, тхо а шух дIакхетар долуш ду. Дала вайх хьалхабоьвллачарна а, тIаьхьабогIурболчарна а гечдойла. Ас Деле тхайна а, шуна а къинхетам боьху».

61. Мох баьлча деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ إِنَّـي أَسْـأَلُـكَ خَيْـرَها، وَأَعـوذُ بِكَ مِنْ شَـرِّها

(166)

«АллoхIумма иннu асъалука хайрахIa ва аIyзу бика мин шаррихIa« «Йа АллахI! Ас Хьоьга доьху цуьнан дика, со Хьоьца лар а ло цуьнан вонах».

 

 

اللّهُـمَّ إِنَّـي أَسْـأَلُـكَ خَيْـرَها، وَخَيْـرَ ما فيهـا، وَخَيْـرَ ما اُرْسِلَـتْ بِه، وَأَعـوذُ بِكَ مِنْ شَـرِّها، وَشَـرِّ ما فيهـا، وَشَـرِّ ما اُرْسِلَـتْ بِه

(167)

«АллoхIумма иннu асъалука хайрахIa, ва хайра мa фuхIa, ва хайра мa урсилат бихIи, ва аIyзу бика мин шаррихIa, ва шарри ма фuхIa, ва шарри ма урсилат бихI«

«Йа АллахI! Ас Хьоьга доьху цуьнан дика а, цуьнца долу дика а, и мох балийтина долчу бахьанин дика а, со Хьоьца лар а ло цуьнан вонах, цуьнца долчу вонах а, цуьнан бахьанин вонах а».

62. Стигал къевкъича деш долу доIа.

 

سُبْـحانَ الّذي يُسَبِّـحُ الـرَّعْدُ بِحَمْـدِهِ، وَالملائِكـةُ مِنْ خيـفَته

(168)

«Субхьaналлази йусаббихьурраIду бихьамдихI, валмалaикату мин хuфатихI« «Сийлахь ЦIена ву, Ша хестош тасбихь деш стигал къекъаш верг, малийкаш а Шех кхоьруш Шена тасбихь

деш верг».

 

63. ДогIа дехаран доIанаш.

 

اللّهُمَّ اسْقِـنا غَيْـثاً مُغيـثاً مَريئاً مُريـعاً، نافِعـاً غَيْـرَ ضار، عاجِـلاً غَـيْرَ آجِل

(169)

«АллoхIуммаскъинa гIайсан мугIuсан, марuан, марuIан, нaфиIан гIайра дoррин, Iaжилан гIайра aжил»

«Йа АллахI! Ахь тхуна догIа даийта Ахь, тхуна гIо деш долу, тхуна дика деш долу, ораматаш кхиош долу, тхуна зене доцуш пайдане долу, сихонца  даийта Ахь иза, тIаьхьа ца тоттуш».

 

اللّهُمَّ أغِثْنـا، اللّهُمَّ أغِثْنـا، اللّهُمَّ أغِثْنـا

(170)

«АллoхIумма агIиснa, аллoхIумма агIиснa, аллoхIумма агIиснa« «Йа АллахI! ГIо де ахь тхуна (догIа даийтарца), йа АллахI, гIо де Ахь тхуна, йа АллахI, гIо де Ахь тхуна».

 

اللّهُمَّ اسْقِ عِبادَكَ وَبَهـائِمَك، وَانْشُـرْ رَحْمَـتَكَ وَأَحْيِي بَلَـدَكَ المَيِّـت

(171)

«АллoхIуммаскъи Iибaдака ва бахIaимака, ваншур рахьматака, ва ахьйи баладакал маййит» «Йа АллахI! Хьайн лайшна а, Хьайн дийнаташна а догIа ло Ахь, Хьайн къинхетам баржа а бе Ахь, делла

долу хIара Хьайн латта ден а де Ахь».

64. ДогIа догIуш гича деш долу доIа.

 

اللّهُمَّ صَيِّـباً نافِـعاً

(172)

«АллoхIумма соййибан нaфиIан» «Йа АллахI! Пайдане дика догIа де Ахь цунах».

65. ДогIа деанчул тIаьхьа деш долу зикр.

 

مُطِـرْنا بِفَضْـلِ اللهِ وَرَحْمَـتِه

(173)

«МутIирнa бифадлиллaхIи, ва рахьматихI« «АллахIан комаьршаллийца а, Цуьнан къинхетамца а догIа деана вайна».

66. Стигал мархех цIан яр доьхуш деш долу доIа.

 

اللّهُمَّ حَوالَيْنا وَلا عَلَيْـنا، اللّهُمَّ عَلى الآكـامِ وَالظِّـراب، وَبُطـونِ الأوْدِية، وَمَنـابِتِ الشَّجـر

(174)

«АллoхIумма хьавaлайна ва лa Iалайнa, аллoхIумма Iалал aкaми ваззирoби, ва бутIyнил авдийати ва манaбитишшажар»

«Йа АллахI! Тхуна гонахьа даийта Ахь догIа, тхуна тIе ма даийта Ахь, (тхуна тIера дIа а дерза дей) гунаш тIе а, лаьмнийн баххьаш тIе а, тогIенаш чу а, диттийн орамаш тIе а даийта Ахь иза».

67. Бутт гича деш долу доIа.

 

اللهُ أَكْـبَر، اللّهُمَّ أَهِلَّـهُ عَلَيْـنا بِالأمْـنِ وَالإيمـان، والسَّلامَـةِ والإسْلام، وَالتَّـوْفيـقِ لِما تُحِـبُّ رَبَّنـا وَتَـرْضـى، رَبُّنـا وَرَبُّكَ الله

(175)

«АллoхIу акбар! АллoхIумма ахIиллахIy Iалайнa бил амни, вал uмaни, вассалaмати вал ислами, ваттавфuкъи лимa тухьиббу роббанa ва тардo. Роббунa ва роббукаллoхIу!»

«АллахI воккха ву массо хIумнал. Йа АллахI! Иза кхетар тхуна маршо а, Ийман а долуш де Ахь, паргIато а, Ислам а долуш де Ахь, Хьайна дезарг дан тхуна ницкъ луш – хIай тхан Эла – Хьой реза верг дан тавфикъ а луш. Тхан Дела а, хьан Дела а АллахI ву».

68. Суьйранна марха достуш деш долу доIа.

 

ذَهَـبَ الظَّمَـأُ، وَابْتَلَّـتِ العُـروق، وَثَبَـتَ الأجْـرُ إِنْ شـاءَ الله

(176)

«3ахIабаззамау, вабталлатилIурyкъу ва сабатал ажру, иншaаллoхI« «Хьогалла а дIа ели, пхенаш а тIун дели, Дала мукъалахь мел а хили».

 

اللّهُـمَّ إِنَّـي أَسْـأَلُـكَ بِرَحْمَـتِكَ الّتي وَسِـعَت كُلَّ شيء، أَنْ تَغْـفِرَ لي

(177)

«АллoхIумма иннu асъалука бирахьматикаллатu васиIат кулла шайъин, ан тагIфира лu« «Йа АллахI! Ас Хьан массо хIума чулоцуш болчу къинхетамца доьху Хьоьга, гечде Ахь суна».

69. Яа хIума яале деш долу доIа.

 

بِسْمِ الله

(178) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:  «Шух цхьаъ яа хIума яа волалуш хилахь цо олийла: “АллахIан цIарца”                                                                                                                                   ткъа нагахь санна иза доьххьара ала вицлахь, цо олийла:

 

  بِسْمِ اللهِ في أَوَّلِهِ وَآخِـرِه

 

«БисмиллaхIи фu аввалихIu ва aхирихI« “АллахIан цIарца, доьххьара дуьйна схьа а, тIаьххьара хIара чекхйолуш а”».

 

 

اللّهُـمَّ بارِكْ لَنا فيهِ وَأَطْـعِمْنا خَـيْراً مِنْـه

(179)

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух цхьанна Дала рицкъа а дина яа хIума яайахь, цо олийла:

«АллoхIумма бaрик ланa фuхIи, ва атIимнa хайран минхIу» “Йа АллахI! Беркат де Ахь тхуна цунах, цул диканиг а ло Ахь тхуна”».

 

Шура мелчо олийла:

 

اللّهُـمَّ بارِكْ لَنا فيهِ وَزِدْنا مِنْه

«АллoхIумма бaрик ланa фuхIи, ва зиднa минхIу» «Йа АллахI! Беркат де Ахь тхуна цунах, кхин а сов а яккха Ахь тхуна иза».

70. Яа хIума йиъна ваьлча деш долу доIа.

 

الْحَمْـدُ للهِ الَّذي أَطْعَمَنـي هـذا وَرَزَقَنـيهِ مِنْ غَـيْرِ حَوْلٍ مِنِّي وَلا قُوَّة

(180)

«Алхьамду лиллaхIиллазu атIIаманu хIaза, ва разакъанuхIи мин гIайри хьавлин миннu ва лa къуввахI« «Хастам бу АллахIана, суна хIара яийна волчу, суна цунах рицкъ дина волчу, сан цу тIехь гIора а дацара, ницкъ а бацара».

 

الْحَمْـدُ للهِ حَمْـداً كَثـيراً طَيِّـباً مُبـارَكاً فيه، غَيْرَ مَكْفِيٍّ وَلا مُوَدَّعٍ وَلا مُسْتَغْـنىً عَنْـهُ رَبُّـنا

(181)

«Алхьамду лиллaхIи хьамдан касuран, тIаййибан, мубaракан фuхIи, гIайра макфиййин, ва ла муваддаIин, ва лa мустагIнан IанхIу, роббанa« «Хастам бу АллахIана дуккха а, дика а, беркате а болу, даим бан беза хастам бу Цунна, чекх бер боцу хастам бу Цунна, вай бан безаш болу, оьшуш болу хастам бу Цунна, хIай тхан Эла (доIина жоп ло Ахь)».

71. Хьешо, шена яа хIума елла волчу хIусамдена деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ بارِكْ لَهُمْ فيما رَزَقْـتَهُم، وَاغْفِـرْ لَهُـمْ وَارْحَمْهُمْ

(182)

«АллoхIумма бaрик лахIум фuмa разакътахIум, вагIфир лахIум, вархьамхIум» «Йа АллахI! ХIокхарна Айхьа деллачу рицкъанах беркат де Ахь, хIокхарна геч а де Ахь, кхерах къинхетам а

бе Ахь».

72.Шена хи деллачунна деш долу доIа, я шега хи дехначо деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ أَطْعِمْ مَن أَطْعَمَني، وَاسْقِ مَن سقاني

(183)

«АллoхIумма атIIим ман атIIаманu, васкъи ман сакъoнu« «Йа АллахI! Суна яа хIума еллачунна яа хIума ло Ахь, суна хи малийначунна хи а мала де Ахь».

73. Шега марха дастийтинчарна деш долу доIа.

 

أَفْطَـرَ عِنْدَكُم الصّـائِمونَ وَأَكَلَ طَعامَـكُمُ الأبْـرار، وَصَلَّـتْ عَلَـيْكُمُ الملائِكَـة

(184)

«АфтIара Iиндакумуссoимyна, ва акала тIоIaмакумулабрoру, ва соллат  IалайкумулмалaикахI«

«Марханаш кхобучара марха достийла шуьгахь, шун даар дикчу наха а дуийла, малийкаша къинхетам а, дика а доьхийла шуна».

74. Шена хьалха яа хIума йиллича, марха долчо дан дезарг.

 

(185)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух цхьаъ тойне кхайкхича жоп дала деза аш. Ткъа нагахь санна шен марха делахь, царна доIа дан деза, шен марха дацахь яа хIума яа еза».

75. Марха долчо, шега цхьамма вониг аьлча ала дезаш дерг.

 

إِنِّي صَائِمٌ، إِنِّي صَائِمٌ

(186)

«Иннu сoим, иннu сoим» «Бакъдолуш, сан марха ду, бакъдолуш, сан марха ду».

76. Доьххьара стом кхоллалучу хенахь шена стом гинчо деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ بارِكْ لَنا في ثَمَـرِنا، وَبارِكْ لَنا في مَدينَتِنـا، وَبارِكْ لَنا في صاعِنـا، وَبارِكْ لَنا في مُدِّنا

(187)

«АллoхIумма барик ланa фu самаринa, ва бaрик ланa фu мадuнатинa, ва бaрик ланa фu сoIинa, ва бaрик ланa фu муддинa«

«Йа АллахI! Тхуна тхан стоьмашца беркат де Ахь, тхуна тхан шахьарехь беркат де Ахь, тхуна тхан саьхьашца беркат де Ахь, тхуна тхан кенашца беркат де Ахь».

77. Хьоршам тоьхча дан деза доIа.

 

 

(188)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:  «Шух цхьамма хьоршам тохахь,  цо олийла:

الْحَمْـدُ للهِ

«Алхьамду лиллaхI«                                                                                                                                      

“Хастам бу АллахIана”

тI аккха цо и аьлча, цуьнан вешо, я накъосто цуьнга олийла:

-يَرْحَمُـكَ الله

» ЙархьамукаллoхI!»                                                                                                                       

“Дала къинхетам бойла хьох”

тIаккха шега “Дала къинхетам бойла хьох” аьлча, цо олийла: يَهْـديكُـمُ اللهُ وَيُصْـلِحُ بالَـكُم

«ЙахIдuкумуллoхIу ва йуслихьу бaлакум» “Дала нийсачу некъа тIе нисдойла шу, шун хьал а то дойла Цо”».

 

78. Нагахь санна керста стага хьоршам а тоьхна, Далла хастам бахь, цуьнга ала дезаш дерг.

 

يَهْـديكُـمُ اللهُ وَيُصْـلِحُ بالَـكُم

(189)

«ЙахIдuкумуллoхIу ва йуслихьу бaлакум» «Дала нийсачу некъа тIе нисдойла шу, шун хьал а нисдойла Цо».

 

79. Зуда ялийначунна деш долу доIа.

 

بارَكَ اللّهُ لَك، وَبارَكَ عَلَـيْك، وَجَمَعَ بَيْـنَكُما في خَـيْر

(190)

«БaракаллoхIу лака, ва бaрака Iалайка ва жамаIа байнакумa фu хайр» «Дала беркат дойла хьох, Дала беркат дойла хьуна, Дала диканна тIехь цхьана а тохийла шуьшиъ».

 

80. Зуда ялийначо, йа говр, йа эмкал эцначо деш долу доIа.

 

 

(191)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:  «Нагахь санна шух цхьамма зуда яла яхь, я шена ялхо яла яхь, цо олийла:

 

اللّهُـمَّ إِنَّـي أَسْـأَلُـكَ خَيْـرَها، وَخَيْـرَ ما جَبَلْـتَهـا عَلَـيْه، وَأَعـوذُ بِكَ مِنْ شَـرِّها، وَشَـرِّ ما جَبَلْـتَهـا عَلَـيْه

«АллoхIумма иннu асъалука хайрахIa ва хайра мa жабалтахIa IалайхIи, ва аIyзу бика мин шаррихIa ва шарри мa жабалтахIa IалайхI«

“Йа АллахI! Ас хIокхун дика доьху Хьоьга, хIара Ахь кхуллучу хенахь Ахь кхуьнца кхоьллина долу дика а доьху Хьоьга. Со Хьоьца ларло хIокхун вонах,  хIара Ахь кхуллучу хенахь Ахь кхуьнца кхоьллина долчу вонах а”. Нагахь санна шух цхьамма шена тIе хаа хIума эцахь  а  и санна доIа дойла цо».

 

81. Шен  хIусамненаца  гIулкх хилале хьалха дан деза доIа.

 

بِسْمِ الله اللّهُـمَّ جَنِّبْنا الشَّيْـطانَ، وَجَنِّبِ الشَّـيْطانَ ما رَزَقْـتَنا

(192)

«БисмиллaхI, аллoхIумма джаннибнa ашшайтIoна, ва джаннибишшайтIoна мa  разакътанa«

«АллахIан цIарца. Йа АллахI! Тхойшиъ шайтIанах лар де Ахь, Айхьа тхойшинна лур долчу берах а шайтIа генадаккхе, иза а шайтIанах лар де Ахь».

82. ОьгIаз вахча дан деза доIа.

 

أَعـوذُ بِاللهِ مِنَ الشَّيْـطانِ الرَّجيـم

(193)

«АIyзу биллaхIи минашшайтIoниррожuм» «АллахIаца ларло со, Цо шена генадаьккхинчу шайтIанах».

83. Цхьа бала болуш верг шена гинчо деш долу доIа.

 

الْحَمْـدُ للهِ الّذي عافاني مِمّا ابْتَـلاكَ بِهِ، وَفَضَّلَـني عَلى كَثيـرٍ مِمَّنْ خَلَـقَ تَفْضـيلا

(194)

«Алхьамду лиллaхIиллазu Iaфaнu миммабталaка бихI, ва фаддалани Iалa касuрин мимман халакъа тафдuлан»

«Хастам бу АллахIана, хьуна белла болчу баланах со хьалха витина волчу, Ша кхоьллинчу хIуманашна тIехь дуккха а хIуманца со гIоли вина волчу».

84. Цхьанхьа ша хиина Iаш велахь дан деза доIа.

 

(195)

Iумара кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина: «Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана “мажлисехь” хиъна Iаш волуш, оха дагар дора цо ша хьалагIаттале 100-зза олуш:

 

رَبِّ اغْفِـرْ لي، وَتُبْ عَلَـيَّ، إِنَّكَ أَنْـتَ التَّـوّابُ الغَـفور

«РоббигIфир лu ва туб Iалаййа, иннака антаттаввaбул гIафyр» “Сан Дела, суна гечде Ахь, сан тоба къобал а де Ахь, бакъдолуш, Хьо ву тоба къобал деш верг а, гечдеш

верг а”».

 

85. Мажлисехь дийлинчу хIуманашна долу каффарат.

 

سُبْحـانَكَ اللّهُـمَّ وَبِحَمدِك، أَشْهَـدُ أَنْ لا إِلهَ إِلاّ أَنْتَ أَسْتَغْفِرُكَ وَأَتوبُ إِلَـيْك

(196)

«СубхьaнакаллoхIумма ва бихьамдика, ашхIаду аллa илaхIа иллa анта, астагIфирука ва атyбу илайк»

«ЦIена ву Хьо йа АллахI, хастам а бу Хьуна. Ас тешалла до Хьо воцург кхин Дела вац аьлла, Хьоьгара гечдар а доьху ас, Хьоьга тоба а до ас».

86. Шега «Дала гечдойла хьуна» аьллачунна деш долу доIа.

 

وَلَكَ

(197)

» Ва лака!»                                                                                                                                                 

«Дала гечдойла Хьуна а».

87. Хьайна цхьа дика динчунна дан деза доIа.

 

جَزاكَ اللهُ خَـيْراً

(198)

«ЖазaкаллoхIу хайран» «Дала диканца бекхам бойла хьуна».

 

88. Дала шайца Даджалах лар веш долу хIумнаш.

 

(199)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Сурат “АлкахIф” тIера хьалхара итт аят Iамийнарг Даджалах лар вийр ву». Кхин а, ламаз дIадерзадале, аттахьиййат дешначул тIаьхьа Даджалан питанах лар ве аьлла Деле доIа дан деза.

 

89. Шега цхьамма «Суна Дела доьхьа дукха веза хьо» аьллачунна деш долу доIа.

 

أَحَبَّـكَ الّذي أَحْبَبْـتَني لَه

(200)

«Ахьаббакаллазu ахьбабтанu лахI« «Шен доьхьа хьуна со везаш волчу АллахIана везийла хьо».

 

90. Шена даьхни кховдийначунна, а шена ахча кховдийначунна деш долу доIа.

 

بارَكَ اللهُ لَكَ في أَهْلِكَ وَمالِك

(201)

«БаракаллoхIу лака фи ахIлика ва малика!» «Дала беркат дойла хьуна хьан доьзалах а, хьан даьхнех а».

91. Ша декхар духадерзош, шега декхар деллачунна деш долу доIа.

 

بارَكَ اللهُ لَكَ في أَهْلِكَ وَمالِك، إِنَّما جَـزاءُ السَّلَفِ الْحَمْدُ والأَداء

(202)

«БаракаллoхIу лака фu ахIлика ва мaлик, иннамa жазaуссалафил хьамду вал адaу» «Дала беркат дойла хьуна хьан доьзалах а, хьан даьхнах а. Декхар деллачун бекхам хастам а, иза юхадерзор

а бу-кх».

92. АллахIаца накъост варх кхоьруш волчо дан деза доIа.

 

اللّهُـمَّ إِنّـي أَعـوذُبِكَ أَنْ أُشْـرِكَ بِكَ وَأَنا أَعْـلَمْ، وَأَسْتَـغْفِرُكَ لِما لا أَعْـلَم

(203)

«АллoхIумма иннu аIyзу бика ан ушрика бика ва ана аIламу, ва астагIфирука лимa лa аIлам» «Йа АллахI! Со Хьоьца ларло Хьоьца накъост варх, сой хууш а волуш, сайна ца хуучунна гечдар а доьху ас

Хьоьга».

 

93. Шега «Дала беркат дойла хьох» аьллачунна деш долу доIа.

 

وَفيكَ بارَكَ الله

(204)

«Ва фuка бaракаллoхI« «Хьох а, хьуна а Дала беркат дойла».

 

94. ХIара вон билгало ю, йа хIара дика ю бохуш долу хIума шена гича, я дага деъча, иза цадезаш деш долу доIа.

 

اللّهُـمَّ لا طَيْـرَ إِلاّ طَيْـرُك، وَلا خَـيْرَ إِلاّ خَـيْرُك، وَلا إِلهَ غَيْـرُك

(205)

«АллoхIумма лa тIайра иллa тIайрука, ва лa хайра иллa хайрука, ва лa илaхIа гIайрук» «Йа АллахI! Цхьа а вон дац билгалонца хуьлуш, муххале а Хьох доьзна ду ша-дерг, Хьоьгара доцург дика а

дац, Хьо воцург кхин Дела а вац».

95. Ша цхьана хIуманна (машенна, кеманна) тIехууш деш долу доIа.

 

بِسْـمِ اللهِ وَالْحَمْـدُ لله، سُـبْحانَ الّذي سَخَّـرَ لَنا هذا وَما كُنّا لَهُ مُقْـرِنين، وَإِنّا إِلى رَبِّنا لَمُنـقَلِبون، الحَمْـدُ لله، الحَمْـدُ لله، الحَمْـدُ لله، اللهُ أكْـبَر، اللهُ أكْـبَر، اللهُ أكْـبَر، سُـبْحانَكَ اللّهُـمَّ إِنّي ظَلَـمْتُ نَفْسي فَاغْـفِرْ لي، فَإِنَّهُ لا يَغْفِـرُ الذُّنوبَ إِلاّ أَنْـت

(206)

«БисмиллaхIи,  алхьамду лиллaхIи, „Субхьaналлазu саххара ланa хIaза ва мa куннa лахIy мукъринuна, ва иннa илa роббинa ламункъолибyн“ Алхьамду лиллaхIи, Алхьамду лиллaхIи, Алхьамду лиллaхIи, АллoхIу акбару, АллoхIу акбару, АллoхIу акбару, СубхьaнакаллoхIумма, иннu заламту нафсu фагIфир лu, фаиннахIy лa йагIфируззунyба иллa анта»

«АллахIан цIарца! Хастам бу АллахIана.“ЦIена ву вайна хIара муьтIахь дина верг, вай и дан ницкъ болуш а дацара. Бакъдолуш вай вешан Деле доьрзур долуш а ду“. Хастам бу АллахIана, Хастам бу АллахIана, Хастам бу АллахIана, воккха ву АллахI массо хIумнал, воккха ву АллахI массо хIумнал, воккха ву АллахI массо хIумнал. ЦIена ву Хьо, йа АллахI, ас айса сайна зулам дина йа АллахI (къинош леторца), ткъа Ахь гечдехьа суна, бакъдолуш Ахь бен къиношна геч ца до-кх цхьамма а».

96. Новкъа волуш деш долу доIа.

 

اللهُ أكبَر ، اللهُ أكبَر ، اللهُ أكبَر، سُـبْحانَ الَّذي سَخَّـرَ لَنا هذا وَما كُنّا لَهُ مُقْـرِنين، وَإِنّا إِلى رَبِّنـا لَمُنْقَـلِبون، اللّهُـمَّ إِنّا نَسْـأَلُكَ في سَفَـرِنا هذا البِـرَّ وَالتَّـقْوى، وَمِنَ الْعَمَـلِ ما تَـرْضى، اللّهُـمَّ هَوِّنْ عَلَـينا سَفَرَنا هذا وَاطْوِ عَنّا بُعْـدَه، اللّهُـمَّ أَنْـتَ الصّـاحِبُ في السَّـفَر، وَالْخَلـيفَةُ في الأهـلِ، اللّهُـمَّ إِنّـي أَعـوذُبِكَ مِنْ وَعْـثاءِ السَّـفَر، وَكَآبَةِ الْمَنْـظَر، وَسوءِ الْمُنْـقَلَبِ في المـالِ وَالأَهْـل + آيِبـونَ تائِبـونَ عابِـدونَ لِرَبِّـنا حـامِـدون

(207)

«АллoхIу акбару, АллoхIу акбару, АллoхIу акбару, „Субхьaналлазu саххара ланa хIaза ва мa куннa лахIy мукъринuна, ва иннa илa роббинa ламункъолибyн“ АллoхIумма иннa насъалука фu сафаринa хIaзалбирра ваттакъвa, ва миналIамали мa тардo. АллoхIумма хIаввин Iалайнa сафаранa хIaзa, ватIви Iаннa буIдахI. АллoхIумма антассoхьибу фиссафари, вал халuфату фил ахIли, аллoхIумма иннu аIyзу бика мин ваIсaиссафари, ва каaбатил манзари, ва сyилмункъалаби фил мaли вал ахIл»

«АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву.“ЦIена ву вайна хIара муьтIахь дина верг, вай и дан ницкъ болуш а дацара. Бакъдолуш, вай вешан Деле доьрзур долуш а ду“. Йа АллахI! Оха доьху Хьоьга хIокху тхайн новкъа дахарехь дикалла а, Хьох кхерар а, Хьо реза волу Iамал а. Йа АллахI! ХIара тхан новкъа дахар тхуна атта де Ахь, хIара некъ тхуна бац а бе Ахь. Йа АллахI! Хьо ву тхан накъост хIокху новкъахь, оха тхешан охIлунца буха вуьтуш верг а. Йа АллахI! Со Хьоьца ларло новкъа вахаран халонех, дегнаш вочу агIор хийцадаларх а, вон хало тIехIоттарх а, сан даьхнина а, охIлунна а зен хиларх а».    Ша шен цIентIе юхавирзича, и лакхахь дерг а аьлла, кхин а хIара тIетухур ду:

 

«Aйибyна тaибyна, Iaбидyна лироббинa хьaмидyн» «Вай юха доьрзуш ду, Деле тоба деш долуш, Цунна Iибадат деш долуш, вешан Далла хастам беш а долуш».

97. Юьрта чу воьдуш, я шахьар чу воьдуш деш долу доIа.

 

أللّـهُمَّ رَبَّ السَّـمواتِ السّـبْعِ وَما أَظْلَلَـن، وَرَبَّ الأَراضيـنَ السّـبْعِ وَما أقْلَلْـن، وَرَبَّ الشَّيـاطينِ وَما أَضْلَلْـن، وَرَبَّ الرِّياحِ وَما ذَرَيْـن، أَسْـأَلُـكَ خَيْـرَ هذهِ الْقَـرْيَةِ وَخَيْـرَ أَهْلِـها، وَخَيْـرَ ما فيها، وَأَعـوذُ بِكَ مِنْ شَـرِّها وَشَـرِّ أَهْلِـها، وَشَـرِّ ما فيها

(208)

«АллoхIумма роббассамaвaтиссабIи ва мa азлална, ва роббал арадuнассабIи ва мa акълална, ва роббашшайaтIuна ва мa адлална, ва роббаррийaхьи ва мa зарайна, асъалука хайра хIaзихIил къарйати, ва хайра ахIлихIa, ва хайра мa фuхIa, ва аIyзу бика мин шаррихIa, ва шарри ахIлихIa, ва шарри мa фuхIa«

«Йа АллахI! ХIай ворхIе стигланийн а, церан IиндагI тIедужучу хIуманийн а Дела, ворхIе латтанан а, цара шайна тIехь лелош йолчу хIуманийн а Дела, шайтIанийн а, цара галбаьхначеран а Дела, механ а, цара дIасадаржийначун а Дела, ас доьху Хьоьга хIокху юьртан дика, цуьнан охIлунан дика, цунна чохь долчун а дика, со ларло Хьоьца цуьнан вонах, цуьнан охIлунан вонах, цунна чохь долчун вонах».

98. Базар юкъа воьдуш деш долу доIа.

 

لا إلهَ إلاّ اللّه وحدَهُ لا شريكَ لهُ، لهُ المُلْـكُ ولهُ الحَمْـد، يُحْيـي وَيُميـتُ وَهُوَ حَيٌّ لا يَمـوت، بِيَـدِهِ الْخَـيْرُ وَهوَ على كلّ شيءٍ قدير

(209)

«Ла илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду, йухьйu ва йумuту ва хIува хьаййун лa йамyту, бийадихIил хайру ва хIува Iалa кулли шайъин къадuр»

«АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, (Шена луъург) ден во Цо, вала а волуьйту. Иза ша дийна ву, лийр волуш а вац, Цуьнан керахь ду ша-долу дика, массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву Иза».

99. Ша тIехь дIавоьдуш долчу дийнато хьоршам тоьхча олуш дерг.

 

بِسْـمِ اللهِ

(210)

«БисмиллaхI« «АллахIан цIарца!»

100. Новкъа волучо буха вуьссучунна деш долу доIа.

 

أَسْتَـوْدِعُكُـمُ اللَّهَ الَّذي لا تَضـيعُ وَدائِعُـه

(211)

«АставдиIукумуллoхIаллазu лa тадuIу вадaиIухI« «Ас Дела кера дIаделла Iад дуьту шу, Шен кера делла цхьа а хIума дан ца дайтуш волчу».

101. ЦIахь вуьссуш волчо новкъа волучунна деш долу доIа.

 

أَسْتَـوْدِعُ اللَّهَ ديـنَكَ وَأَمانَتَـكَ، وَخَـواتيـمَ عَمَـلِك

(212)

«АставдиIуллoхIа дuнака, ва амaнатака ва хавaтuма Iамалик» «Ас Дела керахь дуьту хьан дин а, хьо ларвар а, хьан Iамалийн чаккхенаш а».

 

زَوَّدَكَ اللَّهُ التقْوى، وَغَفَـرَذَنْـبَكَ، وَيَسَّـرَ لَكَ الخَـيْرَ حَيْـثُما كُنْـت

(213)

«ЗаввадакаллoхIуттакъвa, ва гIафара занбака, ва йассара лакалхайра хьайсумa кунта» «АллахIа Шех кхерар сов доккхийла хьан, хьан къиношна геч а дойла Цо, хьо стенггахь велахь а, дика дар

атта а дойла Цо хьуна».

 

102. Новкъа воьдуш волуш тасбихь дар а, такбир дар а.

 

 

(214)

Жабира дийцина –Дела реза хуьлда цунна: «Оха тхаьш новкъа доьлхуш долуш, лекхачу метте хьаладовлуш хилча:

اللهُ أَكْـبَر

» АллoхIу акбар»                                                                                                             

“АллахI массо хIумнал воккха ву” алара, тхаьш лохчу метте охьадуьссуш хилча:

سُبْـحانَ الله

   «СубхьaналлoхI»                                                                                                      

“АллахI цIена ву массо эшамах” алара».

103. Новкъа воьдуш волчо Iуьйкъанна деш долу доIа.

 

سَمِـعَ سـامِعُ بِحَمْـدِ اللهِ وَحُسْـنِ بَلائِـهِ عَلَيْـنا. رَبَّنـا صـاحِبْـنا وَأَفْـضِل عَلَيْـنا عائِذاً باللهِ مِنَ النّـار

(215)

«СаммаIа сaмиIун бихьамдиллaхIи ва хьусни балaихIu Iалайнa. Роббанa сoхьибнa, ва афдил Iалайнa, Iaизан биллaхIи минаннaр»

«Хезаш волчунна хези (шена хезначо дIа а кхача дойла) оха АллахIана беш болу хастам, Цо тхуна динчу ниIматашна а, цо тхоьга еллачу халонна а. ХIай тхан Эла! Тхуна некъан накъост хила Хьо, тхо цIарах лардай, тхох къинхетам а бе Ахь».

104. Цхьана хIусаме воьссинчо дан деза доIа, ша новкъа ваьлла волуш делахь а, я вуьшта делахь а.

 

أَعـوذُ بِكَلِـماتِ اللّهِ التّـامّاتِ مِنْ شَـرِّ ما خَلَـق

(216)

«АIyзу бикалимaтиллaхIиттaммaти мин шарри мa халакъ» «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманийн вонах».

105. Цхьанхьа ваханчара цIавеанчо деш долу доIа.

 

ا للهُ أَكْـبَر، ا للهُ أَكْـبَر، ا للهُ أَكْـبَر لا إلهَ إلاّ اللّهُ وَحْـدَهُ لا شريكَ لهُ، لهُ الملكُ ولهُ الحَمْد، وهُوَ على كُلّ شَيءٍ قَـدير، آيِبـونَ تائِبـونَ عابِـدونَ لِرَبِّـنا حـامِـدون، صَدَقَ اللهُ وَعْـدَه، وَنَصَـرَ عَبْـدَه، وَهَزَمَ الأَحْـزابَ وَحْـدَه

(217)

«Л a илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалa кулли шайъин къодuр. Aйибyна, тaибyна, Iaбидyна лироббинa хьaмидyн. СадакъаллoхIу ваIдахIу, ва  насара IабдахIу ва хIазамал ахьзaба вахьдахI«

«АллахI воцург кхин Дела вац, Цхьаъ ву Иза, Цуьнан накъост а вац. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу.  Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву. Вай юха доьрзуш ду, Деле тоба деш долуш, Цунна Iибадат деш долуш, вайн Далла хастам беш а долуш. АллахIа Шен ваIд кхочуш йина, Шен лайна гIо а дина, Ша цхьамма тобанаш эша а йина».

106. Шена хазахеташ долу хIума, я шена халахеташ долу хIума шега кхаьчначо ала дезарг.

 

(218)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена хазахеташ долу  хIума шега кхаьчча олуш хилла:

 

الْحَمْـدُ للهِ الَّذي بِنِـعْمَتِهِ تَتِـمُّ الصّـالِحات

«Алхьамду лиллaхIиллазu биниIматихIu татиммуссoлихьaт» «Хастам бу АллахIана, Шен ниIматца дика хIумнаш кхочуш хуьлуш волчу».

Ткъа шена халахеташ долу хIума шега кхьачча цо олуш хилла:

 

الْحَمْـدُ للهِ على كُـلِّ حال

«Алхьамду лиллaхIи Iалa кулли хьaл» «АллахIана хастам бу  муьлхха хьолехь а».

 

 

107. Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дилларан дозалла.

 

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد، كَمـا صَلَّيـتَ عَلـىإبْراهـيمَ وَعَلـى آلِ إبْراهـيم، إِنَّكَ حَمـيدٌ مَجـيد ، اللّهُـمَّ بارِكْ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّـد، كَمـا بارِكْتَ عَلـىإبْراهـيمَ وَعَلـى آلِ إبْراهيم، إِنَّكَ حَمـيدٌ مَجـيد

(219)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна, АллахIа цунна итт салават дуьллур ду».

 

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد، كَمـا صَلَّيـتَ عَلـىإبْراهـيمَ وَعَلـى آلِ إبْراهـيم، إِنَّكَ حَمـيدٌ مَجـيد ، اللّهُـمَّ بارِكْ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّـد، كَمـا بارِكْتَ عَلـىإبْراهـيمَ وَعَلـى آلِ إبْراهيم، إِنَّكَ حَمـيدٌ مَجـيد

(220) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Сан кошах шаьш цхьа хIума даздеш йолу меттиг ма елаш, суна салават а диллалаш, бакъдолуш, шу миччахь делахь а, аш суна салават диллича иза соьга схьакхочу шуна».

 

 

(221)

Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «БIаьрмециг стаг ву, со шена гергахь хьахош хезча суна салават ца диллинарг».  ‏صَلى اللهُ عَليْهِ وَسَلمَ

 

 

(222) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Баккъалла а, Делан малийкаш ду дуьнен тIехь дIасалелаш, сан уммато соьга делла салам соьга схьакхачош».

 

(223)

Кхин а дош ду Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Соьга цхьамма а салам лур дац, АллахIа сан са суна юхаделла бен, соьга цунна салам юхадалийта».

108. Салам далар даржо дезар.

 

 

(224)

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шу ялсамане гIур дац аш Ийман диллалц, шу кхоччуш Ийман долуш а хир дац, шу вовший деззалц. Ас шу вовший дезар долу хIума дийца шуна? Шайна юкъахь салам далар даржа де!»

 

السَّلامُ عَلَيْكُم

(225)

Iаммара аьлла – Дела реза хуьлда цунна : «Шеца кхо хIума гулдинчо шеца Ийман гулдина: нийсонна тIехь хилар, массаьрга а салам далар, ша миска велахь а сагIа луш хилар».

 

 

(226)

Iумара кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина, цхьана стага Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттира аьлла: «Муьлха агIор лелийча хир ду Ислам уггар гIоли?» Цо тIаккха цунна жоп делира: «Нахана яа хIума яош сагIа а даккха ахь, хьайна воьвзачуьнга а, ца воьвзачуьнга а салам а ло ахь».

109. Керста стага шега салам делча, цунна юха дала дезан жоп.

 

(227)

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шуьга Жайнин охIлуно салам лахь аш ала:

 

 وَ عَلَيْكُم

 «Ва Iалайкум»                                                                                                                                    «Шуна а хуьлда».

 

110. НIаьна (боргIал) кхойкхуш хезча, я вир Iехаш хезча деш долу доIа.

 

أَعـوذُ بِاللهِ مِنَ الشَّيْـطانِ الرَّجيـم

(228)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шайна нIаьнеш кхойкхуш хазахь, АллахIе къинхетам а, комаьршалла а еха, бакъдолуш, царна малийк гина шуна. Ткъа нагахь санна шайна вир Iехаш хазахь, шайтIанах ларло АллахIаца, бакъдолуш цунна шайтIа гина шуна».

 

111. Буьйсанна жIаьлеш уьгIча, я летча дан деза доIа.

 

أَعـوذُ بِاللهِ مِنَ الشَّيْـطانِ الرَّجيـم

(229)

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шайна буьйсанна жIаьла леташ хазахь, я вир Iехаш хазахь, АллахIе шаьш царах лардар деха, бакъдолуш, царна шуна ца гуш дерг го шуна».

112. Айхьа цхьанна вониг аьллехь, цунна дан деза доIа.

 

اللهُمَّ فأَيُّمَا مُؤْمِنٍ سَبَبْتُهُ فَاجْعَلْ ذَلِكَ لهُ قُرْبةً إليكَ يَوْمَ القِيَامةِ

(230)

«АллoхIумма фааййумa муъминин сабабтухIу, фажIал зaлика лахIy къурбатан илайка йавмал къийaмати»

«Йа АллахI! Ас шена вониг аьлла волчу, Хьох тешаш волчу стагана иза къемат дийнахь Хьайна герга вуьгу бахьана де Ахь цунах».

113. Бусалба стаг хастош хилча ала дезарг.

 

(231)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шух цхьаъ бусалба стаг ца хастийча ца волуш хилахь, цо олийла: “Суна иштта хета Хьенех (цIе яккха еза кхузахь), ткъа иза дика вевзаш верг АллахI ву, ас АллахIана хьалха цхьа а цIан ца во, суна иза иштта а, вуьшта а вуй хаьа” – ала деза цо, нагахь санна иза шена хууш делахь».

114. Шена цхьамма диканиг олуш хезначо ала дезаш дерг.

 

اللَّهُمَّ لاَ تُؤَاخِذْنِي بِمَا يَقُولُونَ, وَ اغْفِرْ لِي مَا لاَ يَعْلَمُونَ (وَ اجْعَلْنِي خَيْرًا مِمَّا يَضُنُّون)

(232)

«АллoхIумма лa туaхизнu бимa йакъyлyна, вагIфир лu мa лa йаIламyна, важIалнu хайран миммa йазуннyн»

«Йа АллахI! Цара суна олуш долчунца соьгара бехк ма баккха Ахь, царна ца хууш дерг суна геч а де Ахь, со царна моьттучал гIоли а ве Ахь».

115. Хьаж деш а, Iумрат деш а дан дезаш долу «Талбийат» (Лаббайк).

 

لَبَّيْكَ اللَّهُمَّ لَبَّيْكَ، لَبَّيْكَ لاَ شَرِيكَ لَكَ لَبَّيْكَ، إِنَّ الْحَمْدَ والنِّعْمَةِ، لَكَ والمُلْكُ، لَا شَرِيكَ لَكَ

(233)

«ЛаббайкаллoхIумма лаббайк, лаббайка лa шарuка лака лаббайк, инналхьамда, ванниIмата, лака валмулк, лa шарuка лак»

«Со муьтIахь волуш ладугIуш ву Хьоьга йа АллахI, Со муьтIахь волуш ладугIуш ву Хьоьга, Хьуна  муьтIахь волуш Хьоьга ладугIуш ву со, цхьа а накъост вац Хьоьца,  Со муьтIахь волуш ладугIуш ву Хьоьга. Баккъалла а, хастам а, ниIмат а Хьан ду, паччахьалла а Хьан ду, цхьа а накъост вац Хьоьца».

 

116. ТIаваф деш волуш, Iаьржа тIулг болчу агIон тIе кхаьчча такбир дан дезар.

 

اللهُ أَكْـبَر

(234)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана дийнахь тIаваф дина эмкална тIехь а волуш, ткъа ша оцу агIон тIе кхаьчча, шегара цхьа хIума цунна тIе а хьажа йой, «АллахIу акбар» олуш хилла цо.

117. Йамaний цIе йолчу агIонна а, Iаьржа тIулг болчу агIонна а юккъахь деша дезаш дерг.

 

رَبَّنَا آتِنَا في الدُّنْيَا حسَنَةً وفي الآخِرَةِ حسَنةً وقِنَا عذَابَ النَّارِ

(235)

Роббанa aтинa фиддунйa хьасанатан ва фил aхироти хьасанатан, ва къинa Iазaбаннaр“.“Тхан Дела! Тхуна дуьненахь а дика ло Ахь, эхартахь а дика ло Ахь, цIаран Iазапах тхо лар а де Ахь“

118. Сафа а, Марва а цIе йолчу шина лома тIехь деш долу доIа.

 

 

(236)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша Сафа-ломана герга кхаьчча хIара аят а доьший, олуш хилла:

 

إِنَّ الصَّفَا والمَرْوَةَ مِنْ شَعائرِ الله.

 

Иннассофa валмарвата мин шаIaириллaхI „Баккъалла а, Сафа а, Марват а АллахIан билгалонех бу“ «Ас доладо Дала долийначунна тIера».

ТIаккха Сафа тIе хьалаваьлла иза, шена Хьаьжин цIа гуче кхаччалц, тIаккха къилбехьа цIентIе а вирзина цо аьлла:

 

 

اللهُ أَكْـبَر, اللهُ أَكْـبَر, اللهُ أَكْـبَر,  لَا إِلهَ إِلَّا اللهُ وَ اللهُ أَكْـبَر لَا إِلهَ إِلَّا اللهُ وَحْدَهُ لَا شَرِيكَ لَهُ، لَهُ المُلْكُ وَلَهُ الحَمْدُ وهُوَ عَلى كُلِّ شَيءٍ قَديرٌ، لَا إِلَهَ إِلَّا اللهُ وَحْدَهُ أَنْجَزَ وَعْدَهُ، وَنَصَرَ عَبْدَهُ وَهَزَمَ الأَحْزَابَ وَحْدَهُ

» АллoхIу акбару, АллoхIу акбару, АллoхIу акбару. Лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, лахIулмулку, ва лахIулхьамду ва хIува Iалa кулли шайъин къодuр. Лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахI, анжаза ваIдахI, ва насара IабдахI, ва хIазамал ахьзaба вахьдахI«

«АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву. АллахI воцург кхин Дела вац, Цхьаъ ву Иза, Цуьнан накъост а вац. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу,  Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву. Цхьа АллахI воцург кхин Дела вац,  АллахIа Шен ваIд чекх а яьккхина, Шен лайна гIо а дина, Ша цхьамма тобанаш иэша а йина».

ТIаккха доIа дина цо. Иштта иза кхозза дина цо. ТIаккха Марват тIе ваьлча а изза дина цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна .

119. Iарафатехь деш долу доIа. ( 9 Зул-ХьиджжахI).

 

(237)

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Уггар дика доIа Iарафатехь дина доIа ду, ткъа ас а, сол хьалха хиллачу пайхамарша а аьлла уггар диканиг хIара ду:

لا إلهَ إلاّ اللّهُ وَحْـدَهُ لا شَـريكَ له، لهُ المُلـكُ ولهُ الحَمـد، وهوَ على كلّ شيءٍ قدير

» Л a илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалa кулли шайъин къодuр»

«АллахI воцург кхин Дела вац, Цхьаъ ву Иза, Цуьнан накъост а вац. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу,  Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву»

 

 

120. Муздалифатехь МашIарул-Хьарам олучу меттехь деш долу зикр.

 

(238)

Вайн Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша хьаж дечу хенахь,  ша Iарафатера араволуш, шен эмкална Къасвaана тIе а хиъна охьаволавелла. МашIарул-Хьараме кхаччалц охьа а веана, къилбехьа а вирзина доIа дина цо, тIаккха «АллахIу акбар» а, «ЛаилахIа иллаллахIу вахьдахIу ла шарийка лахI» а олуш, Iуьйра хан тIекхаччалц лаьттина иза, тIаккха малх хьалабала герга бахча, иза хьалабалале цигара араваьлла иза.

121. ТIулгаш кхуьйсучу хенахь, хIора тIулг кхуссуш дан деза такбир.

 

اللهُ أكْبَر

(239)

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «…тIаккха ша хIора тIулг мел кхуссу такбир дийр ду кхаа меттехь, тIаккха хьалха а ваьлла, къилбехьа а вирзина доIа дийр ду, ши куьг хьала а айдина, доьххьара а, шолгIа тIулгаш кхуьйсучу меттехь. КхоалгIа меттехь тIулгаш кхуьйсуш а такбир дийр ду, хIора тIулг мел кхуссу, ткъа ша ваьлча латта а ца лаьтташ дIагIур ву».

122. Цецваьлча, а хазахетча деш долу доIа.

 

سُـبْحانَ الله

(240)

«СубхьaналлoхI« «Сийлахь цIена ву АллахI».

 

 اللهُ أَكْـبَر

(241)

«АллaхIу акбар» «АллахI массо хIумнал воккха ву».

 

 

123. Шена хазахеташ долу хIума шега кхаьчначо дан дезарг.

 

(242)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шега шена хазахеташ долу хIума кхаьчча, сужуд деш хилла, Беркате а, Лекха а волчу АллахIана шукр деш».

124. Шен дегIехь цхьа лазар хааделлачо деш долу доIа.

 

(243)

Хьайн лозуш йолчу метте хьайн куьг а дилле, кхозза хIара ала:

«БисмиллaхI« «АллахIан цIарца». ТIаккха ворхIазза хIара ала:

 

بِسْمِ اللهِ (ثَلاثاً) أَعُوذُ باللهِ وَقُدْرَتِهِ مَنْ شَرِّ مَا أَجِدُ وَأُحَاذِرُ. سبع مرات

«АIyзу биллaхIи ва къудратихI, мин шарри мa ажиду ва ухьaзир» «Со ларло АллахIаца а, Цуьнан ницкъаца а, сайна сайн дегIехь карош долчун вонах а, со шех кхоьруш долчу

вонах а».

 

125. Ша цхьанна бIаьрг хилийтарх кхоьруш волчо дан деза доIа.

 

اللّهُـمَّ بارِك عَلَـيه

(244)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шух цхьанна ша цецвоккхуш долу хаза хIума гахь шен вешина тIехь, йа цуьнан дегIаца, йа цуьнан даьхнийца, цо цунна беркат  хилар доьхуш доIа дойла, бакъдолуш, бIаьрг хилар бакъ ду шуна».

126. ЧIогIа кхерам болчу хенахь олуш дерг.

 

لا إلهَ إلاّ اللّهُ

(245)

«Лa илaхIа иллаллoхI»                                                                                                                

«АллахI воцург кхин Дела вац».

127. ГIурба дуьйш, я вуьшта дийнатана урс хьокхуш а деш долу доIа.

 

بِسْمِ اللهِ واللهُ أَكْبَرُ اللَّهُمَّ مِنْكَ ولَكَ اللَّهُمَّ تَقَبَّلْ مِنِّي

(246)

«БисмиллaхIи валлoхIу акбару, аллoхIумма минка ва лака, аллoхIумма такъаббал миннu« «АллахIан цIарца хьокху ас, АллахI массо хIумнал воккха ву. Йа АллахI! Хьоьгара ду хIара, хIинца Хьан

доьхьа а ду хIара. Йа АллахI! Къобал де Ахь соьгара».

128. Вочу жинийн мекарло юха тохар доьхуш дан деза доIа.

 

أَعُوذُ بكَلِمَاتِ اللهِ التَّامَّاتِ الَّتِي لَا يُجَاوِزُهُنَّ بَرٌّ ولَا فَاجرٌ مِنْ شّرِّ مَا خَلقَ، وبَرَأَ وذَرَأَ، ومِنْ شَرِّ مَا يَنْزِلُ مِنَ السَّمَاءِ وِمنْ شَرِّ مَا يَعْرُجُ فيهَا، ومِن شَرِّ مَا ذَرَأَ في الأَرْضِ ومِنْ شَرِّ مَا يَخْرُجُ مِنْهَا، وِمنْ شَرِّ فِتَنِ اللَّيْلِ والنَّهارِ، ومِنْ شَرِّ كُلِّ طارِقٍ إِلَّا طَارِقاً يَطْرُقُ بخَيْرٍ يَا رَحْمَنُ

(247)

» А I y зу бикалимaтиллaхIиттaммaтиллатu лa йужaвизухIунна баррун ва лa фaжирун мин шарри мa халакъ, ва бараа ва зараа, ва мин шарри мa йанзилу минассамaи, ва мин шарри мa йаIружу фuхIa, ва мин шарри ма зараа фил арди, ва мин шарри мa йахружу минхIa, ва мин шарри фитаниллайли ваннахIaри, ва мин шарри кулли тIoрикъин иллa тIoрикъан йатIрукъу бихайрин, йa рохьмaн»

«Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, дика стаг а, вон стаг а шайл тIех валалур воцуш долчу, Цо кхоьллинчу а, динчу а массо хIуманийн вонах, стиглара охьадуссучу массо хIуманан вонах, стигала хьаладолучу массо хIуманан вонах, лаьтта тIехь дIасадаьржина долчу массо хIуманан вонах, лаьтта тIера хьаладолуш долчу массо хIуманан вонах, буьйсанан а, дийнан а питанийн вонах, буьйсанна адамашна тIеоьхуш долчеран а вонах, диканца тIедогIуш дерг  доцург. ХIай Къинхетаме верг (ас доьху Хьоьга)».

129. Гечдар дехар а, тоба дар а.

 

(248)

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «АллахIаца дуй буу ас, ас АллахIе гечдар а  ма доьху, тоба а ма до хIора дийнахь кхузткъе иттаннал сов».

 

(249)

Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ХIай нах! Тоба де Деле, баккъалла а ас Деле тоба до шуна хIора дийнахь бIозза».

 

(250)

Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:

 

أَسْتَغْفِرُ اللهَ الَّذِي لَا إِلَهَ إلَّا هُوَ الحَيُّ القَيّوُمُ وأَتُوبُ إِلَيهِ

«АстагIфируллoхIал Iазuмаллазu лa илaхIа иллa хIувал хьаййул къаййyму, ва атyбу илайхI« «Воккхачу АллахIе гечдар доьху ас, Ша воцург кхин Дела воцуш волчу, Дийна волчу, даим волуш волчу,

Цуьнга тоба а до ас» — и аьлла доIа динчунна АллахIа гечдийр ду, боьдучу тIама юкъара и аьлларг ведда хиллехь а».

 

(251)

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Дела Шен лайна уггар герга хуьлу хан буьйса юкъал тIехъяллачул тIаьхьа йолу хан ю, ткъа нагахь санна хьой цу хенахь Дела хьахош  болчерах хилалахь, хила хьажа хьо».

 

(252)

Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Лай шен Далла герга хуьлуш йолу хан иза Цунна сужуд деш волу хан ю, цу меттехь доIа дар сов даккха аш».

 

(253)

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Бакъдолуш сан даг тIе вицвалар дуссу, бакъдолуш ас АллахIе хIора дийнахь бIозза гечдар а доьху».

 

130.Тасбихь дар а, Далла хастам бар а, «ЛаилахIа иллаллахI» алар а, такбир дар а.

 

 

(254)

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «ХIора дий нахь бIозза  хIара  аьллачунна:

 

 سُبْحَانَ اللهِ وَبِحَمْدِهِ

«СубхьaналлoхIи ва бихьамдихI« «ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна» аьлла, цуьнан гIалатлонаш дIайохур ю, уьш хIурдан чопа санна елахь а».

 

(255)

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Иттозза хIара аьлларг:

 

لَا إِلهَ إِلَّا اللهُ وَحْدَهُ لَا شَرِيكَ لَهُ، لَهُ المُلْكُ وَلَهُ الحَمْدُ وهُوَ عَلى كُلِّ شَيءٍ قَديرٌ

» Лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалa кулли шайъин къодuр»

“АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву” – аьлла, цунна мел хир бу, ИсмаIилан кIентех виъ стаг лай волчара кIелхьара ваьккхинчунна санна».

 

(256)

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Ши дош ду маттана ала атта а долуш, терзан тIехь деза а долуш, Къинхетаме волчунна дезаш а долуш:

 

سُبْحانَ اللهِ وَبِحَمْدِهِ وسُبْحَانَ اللهِ العَظِيمِ

» СубхьaналлoхIи ва бихьамдихIu, субхьaналлoхIил Iазuм» “ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна, цIена ву Воккха АллахI”»

 

(257)

Кхин а аьлла вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ХIара дешнаш алар дукха деза суна, шена тIе малх мел кхеташ долчу массо хIумнал:

 

سُبْحَانَ اللهِ، والحَمْدُ للهِ، لَا إِلَهَ إلَّا اللهُ واللهُ أَكْبَرُ

«СубхьaналлoхIи, валхьамду лиллaхIи, ва лa илaхIа иллаллoхIу валлoхIу акбар» «ЦIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин Дела а вац, АллахI массо хIумнал воккха а

ву».

 

(258)

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух хьаьнга ца хилийтало шена хIора дийнахь эзар дика?» ТIаккха цуьнга ладугIуш болчарах цхьамма хаьттина: «Муха хилийталур ду тхоьга хIора дийнахь эзар дика?» Цо жоп делла тIаккха: «БIозза “СубхьаналлахI”   سُبْحَانَ اللهِ  аьллачунна, эзар дика яздо цунна, я эзар къа дIадойъу цуьнан».

 

(259)

Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:

 

» СубхьaналлoхIил Iазuми ва бихьамдихI«

 سُبْحَانَ اللهِ العَظِيمِ وبِحَمْدِهِ

 “ЦIена ву воккха АллахI, хастам а бу цунна” – аьллачунна, ялсамани чохь хурман дитт дугIур ду цунна».

 

(260)

Кхин а аьлла вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ХIай Къайса кIант IабдуллахI! Ялсаманин хазнашха цхьа хазна йовзийта ас хьуна?» Цо жоп делла: «Йовзийтахьа хIай Делан Элча». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:  «Ахь ала«Лa хьавла ва лa къуввата иллa биллaхI«

 

  لَا حَوٍلَ وَلَا قُوَّةَ إِلَّا باللهِ

 “ГIора а дац, ницкъ а бац АллахIера бен”»

 

(261) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «АллахIана уггар дукха дезаш долу дешнаш хIара диъ ду:

«СубхьaналлoхIи, валхьамду лиллaхIи, ва лa илaхIа иллаллoхIу валлoхIу акбар»

 سُبْحَانَ اللهِ، والحَمْدُ للهِ، ولَا إِلَهَ إِلاَّ اللهُ واللهُ أَكْبَرُ

 “ЦIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин Дела а вац, АллахI массо хIумнал воккха а ву”

Церах ахь муьлххарчуьнца долийча а башхула яц хьуна».

 

(262)

Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIевеана хилла цхьа стаг, тIаккха цо аьлла Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Суна дика дешнаш Iамадехьа, эр дара ас уьш даим». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

 

لَا إِلهَ إِلَّا اللهُ وَحْدَهُ لَا شَرِيكَ لَهُ، اللهُ أَكْبَرُ كَبيراَ والْحَمْدُ للهِ كَثيراً، سُبْحَانَ اللهِ رَبِّ العَالَمينَ، لَا حَوْلَ وَلَا قُوَّةَ إِلّا باللهِ العَزيزِ الْحَكِيمِ.اللَّهُمَّ اغْفِرْ لِي، وارْحَمْنِي، واهْدِنِي، وارْزُقْنِي

«Лa илaхIа иллаллoхIу вахьдахIy лa шарuка лахI, аллoхIу акбару кабuран, валхьамду лиллaхIи касuран, субхьaналлoхIи роббилIалaмuна, лa хьавла ва лa къуввата иллa биллaхIил Iазuзил хьакuм»

«АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац. АллахI массо хIумнал сов воккха ву, АллахIана дуккха а хастам а бу. ЦIена ву АллахI, Iаламийн Эла верг. ГIора а дац, ницкъ а бац, Нуьцкъала а, Хьекъале а волчу АллахIера бен».    ТIаккха оцу стага аьлла: «И дешнаш сан Дела хестош ду, ткъа суна хIун ду?» ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – жоп делла цунна: «Ахь ала:

 

«АллoхIуммагIфир лu, вархьамнu, вахIдинu варзукънu« “Йа АллахI! Гечде Ахь суна, къинхетам а бе Ахь сох, нисве Ахь со, рицкъ а ло Ахь суна”».

 

(263)

Цхьана стага бусалба дин тIелаьцча, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ламаз Iамош хилла цунна, тIаккха хIара доIа де оле тIедуьллуш хилла:

 

 اللَّهُمَّ اغْفِرِ لِي، وارْحَمْنِي، واهْدِنِي، وعَافِنِي وارْزُقْنِي

«АллoхIуммагIфир лu, вархьамнu, вахIдинu, ва Iaфинu варзукънu« «Йа АллахI! Гечде Ахь суна, къинхетам а бе Ахь сох, нисве Ахь со, могшалла а ло Ахь суна, рицкъ а ло Ахь

суна».

 

(264)

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –  аьлла: «Бакъдолуш, уггар деза доIа хIара ду:

 

الْحَمْدُ للهِ.

“Хастам бу АллахIана”                                                                   

ткъа уггар деза зикр хIара ду:

لَا إِلَه إِلَّا اللهُ

“АллахI воцург кхин Дела вац ”

 

(265)

Кхин а аьлла Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Дуьсур долуш долу дика дешнаш хIорш ду:

 

سُبْحَانَ اللهِ، والْحَمْدُ للهِ، لَا إِلَهَ إَلَّا اللهُ واللهُ أَكْبَرُ وَلَا حَوْلَ وَلَا قُوَّةَ إلَّا باللهِ

» СубхьaналлoхIи, валхьамду лиллaхIи, ва лaилaхIа иллаллoхIу валлoхIу акбар, ва лa хьавла ва лa къуввата иллa биллaхIи»

«ЦIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин Дела а вац, АллахI массо хIумнал воккха а ву, АллахIера доцург гIора а дац, ницкъ а бац».

131. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – муха деш хилла тасбихь?

 

(266)

Iамра кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлла: «Суна Пайхамар гира – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тасбихь доккхуш, шен аьтту куьйгаца».

 

(267)

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Буьйса йоьллачул тIаьхьа – йа шаьш суьйренга доьвлча – шайн бераш чу а дерзадей, шайна уллохь совцаде аш, бакъдолуш, шайтIанаш дIасадаьржа шуна цу хенахь. ТIаккха и хан дIаяьллачул тIаьхьа, шайн чохь паргIат дита аш уьш, шайн неIарш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, бакъдолуш, шайтIано ца йоьлла шуна дIакъоьвлина неI. Шайн хи чудутту пхьегIаш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, шайн кхечу пхьегIашна тIе  цхьа хIума йилле а,  уьш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, шайн тогарш а дIадайъа аш».

 

132. Шортта диканаш а, дика гIиллакхаш а дуьйцуш долу хьадис.

(267)

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Буьйса йоьллачул тIаьхьа – йа шаьш

суьйренга доьвлча – шайн бераш чу а дерзадей, шайна уллохь совцаде аш, бакъдолуш, шайтIанаш

дIасадаьржа шуна цу хенахь. ТIаккха и хан дIаяьллачул тIаьхьа, шайн чохь паргIат дита аш уьш, шайн

неIарш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, бакъдолуш, шайтIано ца йоьлла шуна дIакъоьвлина неI. Шайн

хи чудутту пхьегIаш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, шайн кхечу пхьегIашна тIе цхьа хIума йилле а,

уьш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, шайн тогарш а дIадайъа аш».

 

 



Добавить комментарий

Заполните поля или щелкните по значку, чтобы оставить свой комментарий:

Логотип WordPress.com

Для комментария используется ваша учётная запись WordPress.com. Выход /  Изменить )

Google photo

Для комментария используется ваша учётная запись Google. Выход /  Изменить )

Фотография Twitter

Для комментария используется ваша учётная запись Twitter. Выход /  Изменить )

Фотография Facebook

Для комментария используется ваша учётная запись Facebook. Выход /  Изменить )

Connecting to %s

%d такие блоггеры, как: